ца кхийтира.
— ХIа! БIаьрзе Рашид а вара базархула лелаш, жима кIант хьалха а ваьккхина. ЧIогIа хазахийтира со дуьхьалкхетта. Шайга йола а элира… Амма Эскинойра-м ца гира суна цхьа а.
— Дика ду… Ахь деънарг-м доккха беркат ду… Кхана Каташна тIаьхьа a гIyp ду вайша. Болх лаха а беза…
* * *
Амма и «беркат» кIиранга бен ца делира.
Шайна бегIийла хета болх кхин карориг а ца хилла, ший къар а делла, колхозе куьйгабечу балха дахара.
Каташ, ангинех жаннашна Iаткъам а хилла, кхин а больницехь висира.
Кесира кхин цкъа а йахара базара, шайн тIаьххьара, йохка мега хIуманаш а эцна. Царех хилла напгIа а кхин цхьа кIиранна бен ца тоьира. Мацаллин мур схьахIоьттира КеримгIеран чу а!
«Ма дика ду Каташ хIинца а больницехь Iуьллуш», — элира Кесирас. Иза йукъ-кара ТавсолтагIаьрга йоьдура: Селитас шайн йерг кхалла лора: церан ахьар хIинца а кхачоза дара, тIе, Шакен-агIара жим-тIам гIo а дора царна.
Ткъа Керим, цкъа ПолатагIаьргахь чай молуш, йуха Каташна тIаьхьаваханчохь Эзаус чорпин кад луш, кIелхьараволура. Оцу мецачу чоьнна тIе денна колхозан балха эха а дезара шиннен а. Цхьадика колхозан кхаш тIехь йукъ-кара стохкалера бухайисна картол йа бурак карайора.
* * *
Тахана Iуьйранна дуьйна а, йуучух кхеттане а кхетаза, колхозан кхаш тIехь доллура Кесирий, Кериммий, вовшашна гена доцуш, шайн-шайн дакъош тIехь.
— Хьажал! — цхьа гIорза хьалаайира Кесирас, йуьхь серлайаьлла. ТIевахара Керим:
— Ах йахкаелла-м йу… Делахь а, и ах дIа а йаьккхина, кхехкийча мегар йу.
Шимма а леррина кхин а аьхкира циггахь: кхин ши картол а карийра, вукхунах тера. ТIетаьIIина саьнгаран йистера латта а аьхкира: халла кхин цхьа бурак а карийра, жимо йелахь а, йахкайалаза.
Цхьа картол, цIан а йина, буьйда йоллушехь йиира шимма а кхуззахь.
— Тоьар ду цкъачунна… Чу гIой xIopш кхехка а йеш, жимма садаIа. Со а, хьан латта, ах мукъна, чекх а даьккхина, дIавогIy, хье ца луш.
Кесира чуйахара, куча йисте хьарчийна и рицкъа а эцна. ДIайоьдуш и, мохехь маргIал санна, йай лесташ гинчу Кериман дог Iовжийра…
Малх гIушлакхе белира. Цо дохдора белшаш а, букъ а. Делахь а корта хьийзара: хьалха — жимма, тIаьхь-тIаьхьа алсамо. Ге чохь саццанза гIyp дора. КIеззиг лазайевллера настарш а. Вортанах, йуьхьах дуьйлучу хьацарна йовлакх а хьокхуш, са а доIий, йуха а дIаволалора иза бел Iитта. Болх хIинца а дуккха а биснера: вукху саьнгарна тIекхача ткъех сов гIулч йара. Малх нийсса коьрта тIе хьоьжура. Де дохделира. Хотторашкахь а, пхьаьрсашкахь а, цхьа тамашена тамехь йолу малолла йаьржира. Долла дегI а тамашена дайделира, пелаг санна. Кериман ойла а, ша а цецволуш, цIеххьана дуьненан массо гIайгIанех цIанйелла, шен гурара цIеххьана хецаделла олхазар санна, аре ма-ййу, тIомайаьлла дIахьаьдира, цхьанххьа а шена дуьхьало йоцуш.
Кериман лергаш чохь цаьпцалгийн цхьа зов делира. Бага йакъайелира. Вахана, йуххерчу арык чуьра хи мелира канахь. Жимма чу са а деана, йуха а шен балха дIахIоьттира, малхехьа букъ берзош.
Ге чохь ден гIyp, хIинца кхин а совдаьлла, лергашна а схьахезира цIенна.
Ге мацалло Iийжадора. «Делхьа, наха а ма йоура и… ХIун дара-те со а хьаьжча… Ахка а ца дезара»… — дагадеъна, волавелла, йуун буц-татиш лехира Керима гонах. Карийра. Iаьвшира. Чаьмза йара. Делахь а, Iаьвшина-Iаьвшина, чуйахийтира. Ге лозачуьра тийра. Йуха а дIаболийра болх. Болх меллаша боьдура дIа. Лергашкара зов совдуьйлура. ЦIеххьана ге чохь лазар иккхира: «Схьагарехь, татиш ца тайна суна», — Iетто гIоьртира. Ге чуьра гIyp карладелира, хьалха а ца хиллачу кепара чIогIа. ЦIеххьана чоьно хьовзийна дIахьаьдира Керим арыкехьа, аккаци кIел. ДIакхоччуш охьавуьйжира арык чу, кхетамчуьра а ваьлла. Делахь а, шийлачу хино меттавалийна, сихха, хьала- айавелира. Ма-хуьллу тIе хи а муьйлуш, Iеттийна, цIанвелира иза йиинчу бецах. Жимма Iийна, йуьхь-куьг а дилина, тIера бедар а цIанйина, йуха а малхе дIахIоьттира: дуьнен тIехь цхьанхьа а цхьа а бала боцуш санна, самукъане чу хьоьжура малх. Лергаш чуьра зов а, дегIера малолла а дIа ца йолуш, лаьттара. Тамаш бора: хIумма а мацалла ца хаалора, йа йуург йелара аьлла а ца хетара хIинца. ДегI а, чуьра са дIадоьдуш санна, тIеттIа дайлуш, догIура. «Леш воллу-кх со кхузахь хIинца!» — цIеххьашха дагатесира Керимна. ДIасахьаьжира шена гонаха дуьненан Iодика йечух, а цхьаьнга-м орца доьхучух тера. ДIо, геннахь, урамехь меллаша дIатекхаш гира, месала куйнаш коьртахь, адамийн жIуга — дехийра бармашца «цхьаъ… шиъ… кхоъ»… — дагахь багарбора Керима: «Со а… кестта»… — ойла хилира. Вукху aгIop тIехь цхьанхьа а цхьа бала боцуш санна, ша цкъа а духур доцуш санна, къегина лепара дуьне. Генна Iаьршашкахула ловзуш дIаоьхура, маьлхан зIаьнаршлахь дешин баса йахна, пелагех тера йай мархаш. Стигалан сийналла, беран ойланел цIена, детин суйнашца къегара. Малхбузехьарчу анайистехь, хIурдан кеманаш санна, кIайн мархаш лаьттара, меттах ца хьовш, вовшашна тIе а таьIна, вовшашца цхьа къамел дан шаьш севцича санна. И сурт а шена тIаьххьара гуш санна хетта, цу хазаллина тIера бIаьрг ца баккхалуш, цигахьа леррина хьоьжура Керим: «Со-м велча а хIума дацара… Хьо хазалла мича гIyp йу-те тIаьххьара?» — ойла хилира. — Оцу хазаллин кхоам бу-кх… Массо адамаш даларх а, дуьсур ду-кх латта а, и стигал а… Амма и хазалла, шега хьежа, шех цецдийла уллохь адамаш ца хилахь, иза а дIайовр йу-кх дуьнен чуьра… Цуьнан бу-кх кхоам!.. Адамийн чул а чIогIа!.. Иза кхин гур йац-кха суна а кестта. Делахь а хIун до кху дуьненах а, адам ца хилча?..»
ДегIера ницкъ тIеттIа бешаш лаьттара, бIагор оьхура, лергашкахь зов совделира.
Йуххехь йекаш кхин цхьа керла хIума тIекхетча санна хийтира. Лергаш чу пIелгаш дехкича, лахлора и, амма дIа ца йовра. Керим шена хьалха охьахьаьжира: йуткъачу лекхачу хелига тIехь, цуьнан буьххье а хиъна, шен чекх са гун дуткъий, дехий тIемаш а даржийна, йайн дIасатехкара цаьпцалг. Хаза йара.
«Меца хир йац… Цунна йуург массанхьа а йу»… — ойла хилира Кериман.
ТIаккха: «Со тахана лахь а, и-м лелар йу кхана а, лама а… ХIумма а дац! лелийта!»… — элира цо дагахь ша-шега. ХIинца цунна инзаре а ца хетара, сахьт хьалха дIадаьхьначу барамех шен бIаьрг кхетча санна, кху минотехь шена гергадеъна валар. Кериман ойла хIинца, дуьненан гIайгIанех буххец цIанйелла, хецна дIаоьхура гуш доцчу тIемаш тIехь, дуьне ма-дду, цхьанхьа а шена доза доцуш. Цунна дагатесира: «ХIун бен ду и?… ХIинца йа тIаккха… Ирх-пурх а лийр ма ду вай кестта… Дерриш а… хIун йу бIе шо?.. Ткъа… Кесира?.. Иза а лийр йу… Каташ а вехар вац ур-атталла бIе шарахь а… Ткъа бIе шо хIун йу абаденна гергахь?.. Массо а адам лийр ду, цхьа а буха ца дуьсуш… И латтий, и стигал