Ази! ХIунда хоьттура ахь, дада?
— Дукха зама хьалха, со жима волуш, дуьйцу хезнера суна: цхьанхьа-м, сов генахь, цхьа пана бовха мохк бу бохуш… И хир бу-кх xIapa, — элира Тавсолтас. — Боккха a xIapa бу, малх а кхузахь бовхха богу… Амма… цкъа а вайн къам иштта кхуза доуьйтур ду бохург-м ца хезнера суна… йа жайнашкахь а, йа Iеламнаха олуш а… ХIун ду-техьа xIapa? Цхьа Делан гIyда ду-те вайх хьаьрчина?.. Цкъа а, кхул хьалха, xIapa саннарг хилла а дуй-техьа кху дуьнен чохь? Книжканашна тIехь доьшуш а хааделлий хьуна а, йоI, xIapa санна дерг? — хаьттира цо Селите.
Селитас корта ластийра. ТIаккха, мелла а ден даг тIера бала байбархьама, элира:
— Дада! Хьажахьа, кху хIусамерчу оцу зудчо Джейрана лайнарг а ма доккха вон ду: дукха хан йоццуш фронтехь, цхьана баттахь, байинийца цуьнан майрий, кхо кIанттий!
Тавсолта цкъа вогIавелира ша волччохь, тIаккха схьахьаьжира:
— Доккха вон ду! Инзаре доккха!
Йуха а, соцунгIа а хилла, элира:
— ТIех доккха вон ду: доьзалера тIамехь цхьаьний виъ стаг дIавахьар! ТIех доккха! Амма, хIетте а и вайчул доккха ду ала а, йа и вайчуьнга нийсса ду ала а бакъо йац: виъ стаг цхьаьна доьзалера Даймахкехьа болчу тIамехь цхьаьний вер, мел боккха лазам и белахь а, — доккха сий а ду доьзална! Ткъа вайгара тахана дIадаьккхина вахарал а дезах дерг: сий! Вайн орамаш буххера схьадаьхна, вайн хиндолчух а цIенна дIахадош, дерриге вайн къоме доккха эхь доуьйтуш, дийна доллушехь хIаллакдина вай. Амма вай хIаллакьхир дац: халкъ хIаллакьхила йиш а йац. ХIан-хIа! Вайн доь дайалур дац цхьаьнгге а! Вай кхоьллинчу Дала ша а дуьтур дац вай, шен бераш, Шен орца доцуш. Сан йоI, йохий ма хилалахь: мел боккхачу баланах вай чекхдовла дезахь а, вай довр дац хьуна! — элира Тавсолтас.
Селитас, хих дуьзинчу бIаьргашца, тIе а йахана, йист ца хуьлуш, меллаша маракъевлира шен да.
***
Вукху дийнахь, колхозан правленера кхайкха стаг а веана, Тавсолта бешлелорхочун балха дIавахара. Селита а Кульджанан гIоьнца детъясле цIанончин балха дIанисйелира. ХIетте а, хала токхура xIapa бIаьсте: тIебазбеллера мацаллин мухь. Колхозо кIезиг гIo дора. Кхиберш а бацара токхо совйаьлла. Массо а санна, xIара шиъ а азлуш догIура.
— ХIуммаъ дац, могуш дисичхьана… Дилха-м йуха а тIедер дара!.. Барзо шен кIеза дуу бутт бу xIapa, — олура Тавсолтас. Набаран тар тесинчохь Тавсолтина цкъацца бIарлагIашца дуьхьалтуьйсура йуххехь а йоцурш: ов тIехь деттина жижиг, кIоберамца курзанаш, воьта, кхаьрзина хIоаш, йовхачу сискалца кIалдаьттий, гIалмакхан чай. Амма, сиха меттавогIий, шашех вела а лой, цо лохкура и эрна сатийсамаш. Йуха олура:
— Хьажахьа! Цхьаверг «со!» олий, курра дIахIуттийца цкъа вуьзча, ша цхьаъ ву моьттуш! Хуур дара-кх, цхьана кIиранах и мацвича, цуьнан «со» мича доьду… «Сой, сискал!» — ала деза-кх стага, ша нийса лехь… Сискал хаьдча, «со» а!.. дIадолу…
Мацаллел дазделлера Нурседех, Расулах дерг цахаар.
Селитега йаз а дайтина, коменданте дIаделира Нурседа схьалахар доьху кехат: и кехат новкъа а далале, Нурседера кехат кхечира:
«Сан хьоме дада а, Селита а!
ТIаьххьара а шун адрес карий суна. Ас хоуьйту тхо могуш-маьрша, Карагандана йуххехь — Шахтин поселкехь Iаш хилар. Тхо шул кIеззиг тIаьхьа дехира новкъа. Расул шахтехь вагонетчикан балхахь ву. Тхуна, ши цIа а долуш, дика хIусам йелла. Со шахтан подхозехь хьелий детташ йу. Тхуна са ма гатде. Сиха жоп даийта. Оьшург йазде. Шун Нурседа».
Тавсолтас шеха корта хьовзийра:
— ШайтIа йаI! Къарлур йоцуш йу!
Селита йоккхайера йиша, мукъна, дIанисйаларх.
— Дада, йазде ас, вай а цига дIадахийта алий?
— Ма йазде!.. Эшац!.. Вайн дай а ца лелла цкъа а невцана тIеоьхуш…
ЭЗАУ
Оццу Жал-тюбехь дIанисбелира Кериман доьзал а, (ТавсолтагIарна гена доцуш), цхьа куьг бен доцчу, тIеман заьIапхочун Жумсаитов Полатан хIусамашкахь. Полат колхозан бухгалтер вара. Цуьнан цIенош а, керт а дуккха а шорто йолуш дара Шакен-агачул. КеримгIарна ши цIа къастийра Полата, жима делахь а, аннийн цIенкъеш а, урамехьа неI а йолуш. Ишттанаш кхузахь спецпереселенцех цхьанна а кхаьчна дацара.
Кериман цу сохьтта Полатца дегайовхо кхоллайелира: ший а, фронтовикаш хилла ца Iаш, цхьаьна меттигашкахь, лулахь, тIемаш беш лелла а хиллера.
Кесирий, Каташший чохь а дитина, Керим йуьрте хьажа вахара — «рекогносцировка йаккха», цо шен дагахь забаре ма-аллара. Жал-тюба-Юрт йа хаза а, йа йоккха а йацара: эха сохьтехь цуьнан йохалла чекхвелира иза, дуьхьала кхеттачу цхьаццанга хеттарш а деш. ЖагIа боьхкинчу некъан йистехула нилха хьалаоьхура лекха йоцу гIаргIанаш. Бошмаш а, соьналла а кIезиг хаалора. ЦIенош а, чIапа тхевнаш а долуш, буьйдачу кибарчигех доьттина дара дукхахдерш. ХIинцца кхуза схьакхалхийначу нохчел совнаха, йуьртахь йукъ-кара хаалора, кхо бутт хьалха махкахбаьхна, балийна кхарачайш а, дуккха а хьалха схьакхалхийна Волгехьара немцой а. Кхин а хаьттина, хьаьжча, xIapa йурт, кхузахь даима а бехачу казахел совнаха, йерриге а йоьттинера спецпереселенцех, хьовха, нуьцкъаша кхуза схьакхалхийначу къаьмнех: кхузахь бара, дуккха а хьалха Дальний Востокера, Китайн дозанашкара схьакхалхийна, бусалбанех болу дунганаш а, уйгураш а, буддизман динехь болу корейцаш а. Цхьабакъду, уьш хIинца дIасалеларна паргIато йаьлла бара, амма Iен меттиг хийца бакъо церан а йацара.
Оьрсий а бара кхузахь, дукха хьолахь, кху йуьртан къилбседан маьIIехь, «райцентрехь» дIанисбелла, цхьацца пачхьалкхан маьхькамашкахь казахашца цхьаьна балхахь а болуш. Жал-тюбена къилбехьа, кхо километр гена, кхуьнца цхьана сельсоветехь а лоруш, оьрсийн йурт — Гредеково йу бохуш а, дуьйцура, кхузарчу Джамбулан цIарахчу колхозан дакъош цигахь а долуш. Керимна хууш, дуккха а нохчий цу йуьрта дIабигна а бара. Жал-тюбера къилбседехьа йалх километр гена, йерриге а кху Джамбулски областан а центр йолу — Джамбул-гIала а йу бохура, мел йуххехь и йелахь а — цига баха спецпереселенцийн бакъо а йоцуш.
Йуьртах бIаьргтоьхна а ваьлла, Керим йуха шен лулахо Полат волчу хIоьттира.
— Охьахаал. Чай а молуш дийцал, муха хийти хьуна йурт? — хаьттира Полата.
— Дика хийтира. Областан центр Джамбул а генахь йац, йуххехь Гродеково — Юрт а йу боху… Нах беха меттигаш иштта вовшашна гергахь хилар дика ду.
— Цу тIехь гIалатваьлла хьо: иштта кхузахь бен дац хьуна. Вай къилбехьа Iаш ду: кхузахьа латта комаьрша стоьмаш а, йалта а дика хуьлуш, Iа башха шийла а доцуш. Амма кхул дехьа, тхан гIамаран аренашкахь а, шийлачу къилбаседехьа а, йарташна а, шахьаршна а йуккъехь шовзткъа а сов чаккхармаш нисло. Тхан-м xIapa цхьа район а йу шун республикал а йоккха, ткъа область-м Францега а дIакхоччуш йу. Дика ду шу кхуза нисделла. Къаьсттина аьтто хилла гIалгIайн кхин а къилбехьа — Фрунзехьа, гIиргIизойн махка нисбеллачу. Амма шун дуккха а нохчий, Iа шийла хуьлучу, тхан къилбаседехьарчу генарчу областашка хьажийна: Аягуз, Актюбинск, Акмолинск, Лениногорск, Семипалатинск цIерш йолчу гIаланашкахьа. Царна къаьсттина хала хир