Читать интересную книгу Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 43 44 45 46 47 48 49 50 51 ... 122
заместитель вара, спецпереселенцашлахь, кхин лакхара хила йиш а йоцуш, уггаре а лакхарчу гIуллакхехь.

Кериман дахар цIеххьана диканехьа дирзира: Каташ, та а велла, цIа валийра. Кесира а Эзаус поваран гIоьнчин балха ийцира. TIe, цо кхарна кха тIера дакъа а дира.

Iуьйрре вахара Керим цунах бIаьрг тоха. Массерачул а тIехьа дара иза. Йуххе дIакхаьчча, ши жIаьла гира Керимна саьнгаран йистехь, цхьа даьIахк къуьйсуш, леташ. Цара къуьйсург, генара хьаьжча, котаман тIомах терахийтира. КхоалгIа жIаьла, йуьстахо, лерг таIIийна, цхьа горга йеха даьIахк йожуш доллура.

ГIорзалгаш тоьхна, дIалаьхкира уьш Керима. Дехьа а ваьлла, гергавахна хьаьжча: кхунна котаман тIомах терахеттарг адаман тIара дара. Горга даьIахк адаман бунастарх терахийтира. ДIасахьаьжира: гонаха кхин а адамийн даьIахкаш Iохкура, жIаьлеша йаьшна. ДIогахь, цара коган мIарашца аьхкина, схьадиллина ши-кхоъ адамийн каш а гора. Вагийча санна хьаьдда, больнице вухавеара Керим — Эзау чохь вацара. Юлега, гинарг а дийцина, хаьттира:

— И хIун ду?

— Дела ве и Дала хIаллак! Боьха хIума! Къаьркъанча! Мел бахарх а гIуллакх ца хуьлу-кх! Бехк ма биллалахь — хIун ду хаьий, хьуна?.. Кху больницехь — кхузткъаннал а сов лазархой Iохку, шовзткъа маьнгина бен xIapa лерина йоццушехь. Дукхахберш мацаллина кIелбиснарш бу. Денна а ле цхьацца-шишша. Йуьхьанца шайн наха дIабухкура уьш. ХIинца уьш дIабохка а стаг вац, дийна берш а мацаллина шайн цIахь боьжна Iохку. Эзаус вайн ворданчина Штольцана тIедиллина xIop велларг, хьуьлла дехьа а воккхуш, кIоргге, волла ма-веззара, дIаволлар. Хьалха а гучуваьлла Штольц, ор гомха а доккхий, дай-й тIе латта а тосий, дуьтуш. Цу тIехула Эзаус выговор а дина, бага а лейина цуьнга. ХIетте а, кхета ца туьгу и сий доцу хIума!

— Муьлш бу мацаллех лийраш?

— Спецпереселенцаш. Дукхахберш — нохчий.

«Чамм», — аьлла, бос баьхьира Кериман.

— Палаташ чу хьажа мегар дарий?

— Завхозан белхан хьашташна хьуо хьожучуха мегар ду.

Цунна тIе халат а кхоьллина, Юлияс палаташ чухула чекхваьккхира Керим. Керимна гира: балдаш а сийна, дистина, сийна геш а долуш, беснеш чу а кхетта, бIаьргаш кIоргга хьеле а дахана, Iохку нах а, бераш а. Керима цхьаьнге хаьттира:

— ГIоле йуй?.. — кхин ала хIума а ца хилла.

— Хир йу-кх гIоле а, Дала йоьгIнехь… Сатуху-ш ду хIинца-м хьал…

Цунна йуххерчу вукхо элира, ор чуьра схьахезачу озаца:

— Хьо-м нохчо ма хилла!.. Ма далийтахьа тхо… Даккхахьа орца! Тхан чохь биснарш а бу иштта бала эгна…

Берашка-м дIа а ца хьажалуш, сихха аравелира Керим. Шен чу а веъна, куьйга корта а лаьцна, ойлане вуьйжира

— «Баккъалла а кхин стаг вац-те со?.. Сан миска къомахой, мозий санна, мацалла леш лаьтта, ткъа со, сайн зудчуьнца, хаза йуучунна йуххе а нисвелла, паргIатваьлла»…

Колхозан председательна тIевахара маса.

Буьрканаш санна горгий, даккхий деза буйнаш оьгIазе стоьл тIе а дехкина, ойла йеш Iapa Федунько Петро Макарович. КIелдIахула Кериме хьалахьаьжира вон:

— Дийцал! — цабезаме хьалакхоьссира.

— Петр Макарович! Нах мацалла леш бу. Больницехь а Iохку, геш а дистина. Шайн хIусамашкахь Iохкуш бу а, боху, дуккха а, хьалагIатта де доцуш. Уьш спецпереселенцаш белахь а, хьан колхозана тIейазбина бара-кх! ГIодехьа! Ма балийтахьа уьш кхин мацаллех! ХIинцале а мацаллех беллачеран циггахь хIиттина кешнаш ду, жIаьлеша а охкуш. Ца тешахь, хьажа вола соьца! — дийхира Керима.

— Цуьнан сан бала бац. Сан колхозехь мацалла оьгуш лаьтта даьхни! Сийсара, — цхьана буса! — кхин бархI йетт белла! Тахана обкомера йан йезаш комисси йу. Сан корта баккха санна, хьийзор ву со цара… Цуьнан ойла йо ас.

— Ткъа дика ду: ирх-пурх а леш лаьттачу оцу бежнех цхьанна-шинна, мукъна, урс хьакхийтахьа… цу нехан гурахь хин йолчу чоьтана чуларий. Ца мега ишта дан?

— Айхьа хIун дуьйцу хаьий хьуна?! — ирхкхоссавелира Федунько. — Тхан колхозникийн дуьхьа а цамагориг, шун дуьхьа хьан магор дара! Ца мега! ТIаккха-м, и бахьана а xIиттош, хецца дойур дарийца пачхьалкхан бежнаш!.. Делларш-м ца мега нахана жижигна дIадала: цамгарш йаржа тарло! Ахь хIун дей? Шайн комендантана тIе гlo: и цуьнан бала бу. — Федунько охьахиира.

Керим, ара а ваьлла, комендантана тIе вахара. Дийцира, спецпереселенцаш таппашца мацаллех леш бу аьлла!

— Ткъа шуна шаьш кхуза курорте дахкийтина моьттура? Шу-х велларг список тIера дIавайар доцург, сан кхин декхар дац. Райисполкоме гIo! — аьлла, шен къацахетачу бIаьргаш чуьра цIе туьйхира Керимна коменданта.

Керим ца вахара райисполкоме. Шайн чу веъна, буьйса йуккъе йаххалц, йух-йуха та а деш, кехат йаздира цо Джамбулски областан кхаа а куьйгалхочуьнга: обком партин хьалхарчу секретаре, облисполкоман председателе, НКВД-н хьаькаме. Iуьйранна Эзаух дагавелира. Эзаус, шен кабинетан неI дика дIа а чIаьгIна, леринчу тидамца деша а дешна Кериман кехат, элира цуьнга, къолам кара а лаьцна:

— Ахь хIун дей: хIоккхузахь… кху могIанехь: «мацаллех ле» боху дешнаш дIа а дахий, «йуург цатоарна, дистрофия а хуьлий ле» алий, кIадде. Советан махкахь адам мацаллех ле бохург политически нийса лорур дац хьан. ХIокху могIанашкахь — хIоккхузахь — меттигерчу Iедалан бехк а ца беш, и бехк меттигерчу колхозан куьйгалхошна тIе хьажабе: «цара кхачам цабарна, кху халчу тIеман заманахь, колхозан балхана а, пачхьалкхана а сов оьшу и белхан ницкъ эрна бовш лаьтта» — алий, йазде… TIe… кхуза… кIел цхьа бен а йоцу кхин цIе а йазъе, хьайн куьг а ца таIош. Суна дагадогIу, тхан цхьа немцо, хIокху тайпана кехат йаздича, таIIийна чувоьллира, итт шо хан а тоьхна, Советан Iедална дуьхьал аьшпе пропаганда йарна.

Керима шен кехаташ, Эзаун хьехамца та а дина, дIахьажийра кхаа а адресе. Амма кIел шен бакъ куьг таIийра цо: «Итт шо башха йоккха хан а йац, кху тайпана долчу гIуллакхан дуьхьа, и хьан йаздина царна ца хууш а дуьсур дац», — хьесап дира Керима…

* * *

Мацаллина тIе тифаш а кхетта, белларш дIабохка а ца кхиабора. Гродековон йистехь а, больницин кхашна тIехьа а нохчийн кешнаш денна шорлуш догIура.

Йуьртахой а дарбеллера — массарна а ца тоьура йуург. Колхозан фермашкара а, колхозхойн керташкара а бежнаш а, уьстагIий а лечкъор алсамделира. Цуьнан бехке Iедалхоша а, кхузарчу бахархоша а шайлахь гуттар нохчий лорура: уьш кхечарел тIаьхьа тIебаьхкина а, дукхаха а бара. Жал-тюбехь а изза хьал дара. Цигахьара хабарш денна а Азрета дахьара Керимна.

Тахана сарахь а КеримгIера чу хIоьттира Азрет:

— Тхо долчу шун больницина а хIумнаш кхаьчна. ДIайахьа вола, — йуха тIетуьйхира. — Сийсара Шакен-агIагIеран а йетт бигина.

Iуьйррана Керим больницин керта веъча, Штольце хIургон кечйайта дагахь, цкъа хьалха Эзаун кабинета чу хIоьттира иза, цуьнга кехаташ тIе куьг таIадайта. ЦIаста санна цIийвелла Эзау вара, мара а бусийна, чIениг а йегош, маьхьарца тIечехаш, неIарехь вегош лаьттачу Штольцна — немцойн а, оьрсийн а маттахь:

— Хьажахь цу эхь доцчу тодакхе: ша божална йуххехь буьйса йоккхуш воллушехь, сийсара

1 ... 43 44 45 46 47 48 49 50 51 ... 122
На этом сайте Вы можете читать книги онлайн бесплатно русская версия Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев.
Книги, аналогичгные Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Оставить комментарий