Читать интересную книгу Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 39 40 41 42 43 44 45 46 47 ... 122
а йолуш, оьрсийн йурт ма йу. Паччахьан заманахь, цхьацца бахьаница Iедало човхийна, схьакхелхинчу гIалагIазкхаший, украинцаший йиллина. Йуха, вайн заманахь, I930-чу шерашкахь, кулакаш бина Iедало бохийний, мацалло лаьхкиний, схьакхелхинчу украинцаша тIейуьзна а йу xIapa.

— Ойй!.. XIapa а йу-кх, делахь, йерриг а мухIажарийн йурт!

— Дера, йу. Делахь а, тIаьххьарчу шерашкахь тхоьга комендатурехь куьйгаш ца теIадойту. Тхан кIентий тIаме а бигна. Кестта тхаьш ДегIастана духа цIадахийтаре са а туьйсура оха. Амма хIинца шу а, дохийна, схьакхалхийча, дуьне а доьхча санна, массо хIуманах а дог диллина оха.

Баркалла а аьлла, хьалагIаьттина Керим, Кесирий новкъа даккха тIаьхьавелира хIусамда Насруддин:

— Хьуьлларнаш а, дIогарниг а ду, кулакаш а бина, бохийна, кхуза хIетахь лаьхкинчу шина аварцан, гIалагIазакхичуьнан цIенош, — гайтира цо, тIе пIелг хьажош.

Керима, и тидаме лоцуш, тамаш бира: уьш а дара, хIокхуьннаш санна, кхечарел дикка къаьсташ, товш а, бIаьрла а цIенош.

Цунах къаьстина, шаьшшиъ Жал-тюбехьа йуха схьадогIуш, Керима, соцунгIа а хилла, элира Кесире:

— Тидам бирий ахьа цо схьагайтинчу цIенойн? Кулакаш бу аьлла, бохийна бахкийтинчеран — уьш, йуха а, цIахь санна, кхузахь а, кхечерачул тоьлаш ду-кх. Кхузахь-м ма ца хилла уьш «кулакаш». ХIетте а!.. Схьагарехь, уьш «кулакаш» хиларца а доцуш, цара болх дикаха барца ду-кх, хьуна, церан цIахь а, кхузахь а бахамца толар…

Луьйш-олуш чукхечира. Каташ чохь воцуш десо хетара. Ойлане делира: йисна йуург, мел ларйеш хьаьжча а, кIиране йер йоцуш, кIезиг йара.

Вукху Iуьйранна Керим болх карабой хьажа райисполкоме вахара.

Райисполкомна хьалха шина грузовикна уллохь лаьттара цхьацца районан белхахой а, комендант а, шортта спецпереселенцаш а: нохчий, йукъ-кара кхарачайш, наггахь — немцой, кхиберш. Керима, тIевахана, хаьттира уггаре шена пекъар хетачуьнга:

— ХIун ду?

— Луург шаьш долчу балха бига баьхкина векалш бу. Чулактау бохучу меттера. Кхузара бIе километр сов… Фосфат йоккхучу заводе… Алапаш а, Iен йукъара хIусамаш а, столовеш а йу боху… Шайн машенашца дIа а буьгу… Спецпереселенцашна цига дIайазбалан бакъо а ло коменданта.

— Ткъа хьо?

— Ойла йер-кха… Лама уьш кхин цкъа а богIур бу, боху. ХIинца дIайазбелларш, къона берш, цхьалханаш, шайн бераш доцуршший бу… Хьовсур-кха…

Комендантана хьалха, чIогIо луьйш, жимачу йоьIиган куьг а лаьцна, лаьттара, къолам санна дуТкъа тайна дегI долу къона кхарачай. Керим гергавахара.

— Кхетахь, накъост комендант: со хIинцца бен армера кхарна тIе а ца кхаьчна. Кху йоьIан нана — сан йиша йара. Иза а, цуьнан майра а — ший а мацалла делла, со тIе а кхачале. Хьажахь кху кехаташка: со Узденов Ниязби Наибович ву, Ткъа йоьIиган нана Наибовна, хьовха, сан йиша йу. XIapa бухайита кхуьнан сол гергара стаг вац. ДIайигийтахь xIapa соьца. Со-х тIеман летчик а ву! Тешахь сох. Ас доьху хьоьга! — бохура кхарачайс.

— ХIан-хIа! ЙоьIиг хьан фамилехь йац. И хьоьца дIаязйан бакъо йац. Хьайна лаахь, хьуо дIагIо, иза гергарчийн Iуналлехь йитий. Вало, сихха, xIapa чу а йигий, хьайн ларча а йахьаш, схьавола. Кхуьур ву хьо.

Ниязби, йоIиг а эцна, дIавахара. Керим лаьттара, наха лелочуьнга хьоьжуш.

Цхьа грузовик йоьттира. Важа а йотта йолийнера. Ниязби а сиха схьакхечира, шеца йоIиг йоцуш, кара чамда а лаьцна. Чамда йоккхо йара, шина a aгlop даьхна Iуьргаш а долуш: «Гарехь, чохь цхьа йуухIума хир йу цуьнан» тидам бира Керима. Коменданта шен кехат тIе хIинца куьг а таIийна, Ниязби а грузовика тIевелира, шен чамда а эцна. Керима, грузовикна тIе а хилла:

— Некъ дика хуьлда! — элира, шена и хIинца вевзаш а лерина. Грузовикаш дIайахара. Керим а вухавахара, райисполкома чу а ца воьдуш: эрна дара.

Вукху дийнахь колхозан правлени вахара Керим йуха а болх лаха. Полат а вара гIоьнна йуххеваьлла. Амма, Полата мел гloдарх а, кхуьнга кхийдориг колхозхочун болх бен, кхин болх бацара. Ткъа Керима оцунах дегабаам бойла а дацара: дукха бара кхузахь, Керимна а хууш, цIахь нефтяникаш, техникаш, юристаш, хьехархой лелла нах, хIинца колхозехь куьйгабечу белхашкахь.

Лама Iуьйранна Керим йуха а райцентре вахара, райисполкомехь болх беха. Йуха а гира цунна циггахь лаьтташ спецпереселенцийн пхьоьха а, комендант а, районан цхьацца белхахой а. Пхьоьханахь тохарлеррачуьнга, и йуха а кхузахь нисвелла, хаьттира Керима:

— ХIун ду?

— Чулактаура машен а, векалш а бу йуха а хIинцца схьакхача безаш… Кхин а белхалой бига: гой хьуна, мел гулбелла?..

Шаьш болччохь уьш а битна, Керим райисполкома чувахара. Председатело тIе а ца витира. Ответсекретаро элира:

— Шуна кхузахь белхаш бац… Лаахь, Чулактау гlyo.

Керим пхьоьханна йуха тIевеара. Кестта цхьа грузовик а, цуьнца шиъ векал а схьакхечира Чулактаун заводера, тIехь хьалха дIабаханчех, реза а ца хилла, вухавеана пхи-йалх стаг а волуш. Массо охьабиссира. Цаьрца охьавоьссина, йуьстах а ваьлла, ойлане лаьтта Ниязби а гина, цунна тIевахара Керим:

— Ассалам Iалайкум, Ниязби! Тохара вайша вистхила ца кхиънехь а, суна хьастагIа гира хьо кхузахь. Со а, хьо санна, фронтовик а, хIинца, хьо санна, спецпереселенец а ву. Нохчо. Сан цIе Керим ю.

— Алейкум салам, Керим. Со-м вухавеа: алапа а кIиранна тоъал дацара… Столовера йуург а, киса дассош, бошхепан бух гуш йара. Баракашна чухула хецца мох а, тIе сыпной тиф а лелара, мезашца цхьа барт бина. Цхьаберш-м севцира цигахь, кхин дан амал а ца хилла. Со схьавеа-кх.

— Хьан чамда? — велакъежира Керим, цо иза цигахь йоьхкиний-те аьлла, дагадеъна. Наязбин йуьхь кхоьлира, бIаьргех, суй санна, сирла тIадам тесира. Керим цецваьлла висира, вист ца хилалуш. Ниязби а цхьана ханна иштта лаьттира, вист ца хуьлуш.

— Бехк ма биллалахь, Керим, — элира эххар Ниязбис. — Хьуна ма хезира сан комендантаца хилла къамел… Ас чамди чохь дIайаьхьнарг и сан йишех йисна йоIиг йара, цхьаьнцца а и кхузахь бухайита таро а ца хилла. Тхо цига дIакхаьчча, ас чамда схьайиллича, и чохь йелла карийра суна, чамдина ас Iуьргаш даьхннашехь… Цигахь и дIа а йоьллина, каш даьккхинчарна и чамда а йелла, кхин йала хIума ца хилла, вухавеа-кх со… Иштта ду-кх вайн гIуллакх хIинца, сан ваша фронтовик.

Комендант тIевеара:

— Накъост Узденов! Ахь цIахь йитина боху и йоIиг суна хаалуш ма йац. И суна схьагайта йеза ахь кхана. Кхочуш ца дахь, ас жоьпе озор ву хьо, — аьлла, комендант йуьстахвелира.

— Гуш ду-кх хьуна вайн гIуллакх, фронтовик! — Кериман Iодика а йина, дIавахара Ниязби.

* * *

Чувеъна, Керима шена дайнарг дийцира Кесире. ТIаккха, Каташе хьажа дагахь, Гродеково ваха аравелира. Жал-тюбех араволлуш гира кешнашкахьа барма эцна боьлху нах. ДIакхийтира царах — гIo дан. Нохчий бара. Веллачун гуш йуьхь йара: айрин басахь… KIopггe чуэгна хьабдина бIаьргаш… ТIейевлла беснийн даьIахкаш… Буц йиъна сийна, лилхина балдаш…

Хетта а ца оьшура стенах велла. ТIаьхьахIиттинарш а бацара дилхана дукха тоьлла. Жал-тюбена тIехьа, уйгурийн кешнашкахь дIавоьллира и. Къамелаш кIезга дора. Массо дог

1 ... 39 40 41 42 43 44 45 46 47 ... 122
На этом сайте Вы можете читать книги онлайн бесплатно русская версия Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев.
Книги, аналогичгные Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Оставить комментарий