Шрифт:
Интервал:
Закладка:
— Йуург а, витаминаш а ца тоьъча, дегI аз а лой, ге йесташ цамгар йу. ТIаккха ле. Палаташкахь шортта бу уьш… Лаахь, гойтур бара ас…
— Дика ду, — хьалагIаьттира тIаьрсиган курткица верг.
Юляс сихха кхаанна а тIе халаташ а оьхкина, уьш, Эзау хьалха а волуш, палаташ чухула чекхбевлира. Йуха Эзаун кабинета чу а баьхкина, бист а ца хуьлуш Iapa уьш цхьана ханна.
— Ледара хьал ду!.. — элира кхоьлино тIаьрсиган курткица волчо.
Майраваьллачу Керима, цуьнгахьа а вирзина, иза царалахь лакхарниг хетта, къорра элира:
— Кхузахь… Гена доцуш… Шайн хIусамашкахь Iохкуш а бу ишттаниш. Гайтий? ХIумма а гена дац шуна?
— Мегар ду! — хьалагIаьттира курткица верг а, цунна тIаьххье вуьйш а. Капитана Кериме кхоьссира:
— Хьо тхоьца вола…
Керим а «виллис» тIе хиира, неIаран йистехьа. ХIинцца, цхьа сахьт хьалха, шена гинчу цу массо цIеношкахула чекхбехира цо уьш… ТIаьххьара а шаьш МеригIаз йолчу кхаьчча, цIенкъахь йух-йуххехь, доккхаллица дIанисдина, делла Iуьллу цуьнан диъ бер а шайна дайча, тап-аьлла гIap йайра церан. Макинтош йуьйхначо бIаьргех йовлакх хьаькхира.
— Тоьар ду!.. — аьлла, неIарехьа волавелира тIаьрсиган курткица верг, шена тIаьхьа вуьйш а хIуьттуш.
«Виллис» тIе шаьш охьахевшича, цо Кериме элира:
— Жоп хир ду хьан арзана, жимма хан йаьлча.
«Виллис» дIаиккхира.
Керим сихачу боларехь больнице вухавеара. Эзаун кабинетехь Эзау а, Юля а, хIинцца схьахьаьдда Кесира а йара. Керим цара, лаьцна, шайца дIа-х ца вигний-те аьлла, сагатдеш.
— Гайтин ахь? — хаьттира Эзаус.
— Берриш-м гайти!.. Цхьаннийн бIаьргех хи а ма делира… жоп хир ду элира…
— И дика ду. И дика ду! — серлайелира Эзаун йуьхь. — ХIинца, гIой, колхозера хIургон а йаккхий, малх чубузале, сихонца больнице схьабалабе айхьа и билгал мел бина лазархой!.. Берриш а!.. И геш дистина шиъ а тIехь, — элира Эзаус.
БУХАРИНАН ТОМИК
Цхьа кIира даьлча, Кериме кхеран комендантехула райцентре дIакхайкхира — районан комендантана капитанна Ануфриенкона тIе! «Лаца бохку-те?» — дагатесира, тохара Эзаус дийцинарг даг чуьра ца долура. — «ХIун хаьа, сан арз цара харцахьара тиданий?»
Шеконаш нуьцкъаша дIатеттина, «Хиндерг — хиндай!» — аьлла, цига вахара Керим.
Капитан Ануфриенкон кабинетан неIарехь, стоьла хьалха, секретаран меттехь Iаш гира полковникан хормица, хьалха шортта орденаш а йохкуш, даккхий Iаьржа мекхаш а долуш («Буденныйнаш санна» — дагатесира Керимна) цхьа къонаха. «ГIалара хьаькам хир ву… — йуха — суна-х ца веъний те?» — шеквелира Керим.
Чохь гIанташ тIехь Iаш кхин цхьа-ши стаг а вара. Полковнико меллаша, сапаргIата хаьттира оьрсийн маттахь:
— Албастов Керим?.. Эцца охьахаа. Ас хьо веънийла хоуьйту! — аьлла, иза комендантан кабинета чу вахара, меллашчу боларца. «Мила ву-те и?» — Керим ца кхетара. — Леларан амалца а, шен хормица а баккхийчу хьаькамех а ма ву, ткъа… цо кхочушдийриг, гарехь, секретаран декхар а ма ду?» — ойла йора Керима.
— И мила вара? — хаьттира цо чохь Iачу цхьаьнга.
— Дукха хан йоццуш Джамбул-гIалара кхуза балха ваьккхина вайн комендантан гIоьнча, — Кериман хьаьрса цIоцкъамаш цеце хьаладахара
— Нохчо ву, — тIетуьйхира цо, Керим кхетош. Керимна хIинца дагадеара шен лулахочо Азрета, ша тамаш а беш, шега дийцинарг, Джамбул-гIалахь, гIалин комендантан капитанан гIоьнча нохчо-полковник ву бохуш. «Билггала иза ву-кх xIapa гIалара кхуза ваьккхина», — сацийра Керима. Керим ойлане вахара: полковник Идрисов Абубакар цIахь — Керимна хезнера и цIе йоккхуш — воккха хьаьким вара, Нохч-ГIалгIайн республикин НКВД-хь, наркоман заместителе кхаччалц, даккхийрачу гIуллакхашкахь а лелла. Нохчий, гIалгIай махкахбаха гергабахча, иза Соьлжа-гIалара генарчу Чуваше хьажийнера, цкъачунна новкъара дIаваккха! ЦIахь а цуьнан хиллачул лакхарчу гIуллакхе.
Ткъа нохчий-гIалгIай махкахбахар кхочушхилла даьллачул тIаьхьа, иза Чувашера, шен лакхарчу гIуллакхах а воккхуш, Джамбул-гIала схьавалийнера, комендантан-капитанан гIоьнча а вина. Нохчо хиларна. «ХIинца, гарехь, цигахь а сов хетта, кхузахьа ваьккхина и», — ойла хилира Кериман. Амма Керимна новкъа деара нохчийн маттахь и вист цахилар: «Оццул чIогIа кхеравелла-те и?» — дагатесира Керимна.
Полковник Идрисов, комендантан кабинета чуьра ара а ваьлла, чохь болчаьрга дIаса ца хьожуш, оццу меллашчу боларца вахана, шен стоьла тIехьа а хиъна, сих а ца луш, цхьа кехаташ херцо вуьйлира.
Царех цхьаъ схьа а къастийна, иза эцна, шен оццу меллашчу, Керимна куро хеттачу, боларца, ша хIинца а тохарлеррачу хьаькамаллехь волуш санна, сапаргIат комендантан кабинета чу вахара. Керима, лерина тидам бора цуьнан леларан: Керима лоьхура, цунна тIеIиттайеллачу йаккхийчу киртигаша цуьнан леларехь бина хила беза хийцамаш. Уьш бIаьрго схьалаца бацара. «Барзана хаьа шен хьалхалерра кура кеп хIинца а дIакхехьа, кийрахь зу керчахь а», — сацийра Керима.
Комендантан кабинета чуьра араваьлла полковник Идрисов, вела а къежна, Керимна тIевеара:
— Хьо-м нохчо хилла!.. Суна ца хаьара. Кхузахь кавказхой кхин а бу… Бехк ма биллалахь!.. ХIинца хьо цига чугIо. Со цхьана гIуллакхе хьажийна! — аьлла, Iодика йеш, Кериме куьг а делла, Идрисов дIавахара…
Ша комендантан кабинета чу ма-велли, Керимна вевзира стоьла тIехьа Iа, тохара больнице баьхкинчаьрца хилла стомма капитан.
— Марша вогIийла, накъост Албастов. Охьахаа эцца! — корта ластийра капитана, тIаккха тIетуьйхира:
— Муха ду вахар?.. Болх балой?..
Керим кIедачу гIанта тIехь ма-хуьллу къийлалуш Iapa, капитана шеца хIинца дийца кечдинарг хIун ду ца хууш.
— Реза вуй хьо хIинца балхана?.. — йуха а хаьттира коменданта, Кериман болх лехарца хилла халонаш шена хаар къадош.
— Болх а хала бац, дIабоьду шен новкъа.
— Спецпереселенцашна гергахь жоьпаллин болх лоруш бу больницин завхозан болх а. Тхоьга хаьттира. Оха пурба делира хьо цига дIаэца: хьо майор, фронтовик хиларна.
— Баркалла! — элира Керима доцца, чуьра а ца волуш, хIинца а, цуьнан къамелан йуьхьиг муьлхачу aгlop йоьрзу-те ладоьгIуш.
Капитанан лер а, аз а эсала, маьрша дара. Капитан, ойлане соцунгIа а хилла, йуха а кIедо волавелира…
— Гой, хьуна… накъост Албастов, хьо тешаме коммунист, фронтовик ву, хьо санна бехкебоцчарна а доккха зулам даьлла шуна йуккъехь цхьацца йамартхой хилар бахьана долуш. Тахана а цхьаберш царех кхузахь а паргIат лелаш бу, шайн дагахь дерг дIалачкъийна. Уьш гучубаьхча, шун къам а, хьо санна берш а, цIанлур бара совнах тIекхийдочу бехках. Ахь, хьуо реза велахь, гIo дан дезара тхуна цу тIехь — хьох теша тхо!.. — оцу дешнашца комендант, йуха а соцунгIа хилла, Керимна тIе нисса шен ши бIаьрг а боьгIна, велакъежира.
Керим кхийтира. Цо цу сохьтта жоп делира:
— Реза ву, аша, сан хилла майоран чин а, хорма а йуха а луш, шайн могIаре балха дIаэцахь. Болх тешаме а, дика а бан тIе а лоцу.
— ХIан-хIа!.. Иштта ца боху ас…
— Муха боху?
— Къайлаха нехан дагара толлуш, тхуна гIo деш хила веза хьо, шайн къомана йуккъехь хIинца а левчкъина лела вайн мостагIий гучубохуш.
— И ахь буьйцу левчкъина лела мостагIий сох а, дагара дийца тешар бац, хьохчул башха: со массарна коммунист а, советан патриот а вуйла хууш, вевзина стаг ву.
— Дика ду,
- Очень узкий мост - Арие Бен-Цель - Историческая проза
- Пропажа государственной важности [litres] - Алекс Монт - Историческая проза / Исторический детектив / Прочее
- Кавалер дю Ландро - Жорж Бордонов - Историческая проза