Читать интересную книгу Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 38 39 40 41 42 43 44 45 46 ... 122
ду цигахь.

Ойла йеш соцунгIа а хилла, Полата тIетуьйхира:

— Амма суна хезна… цига хьажийнарш, дукхахберш, Советан Iедална дуьхьал гIаттамаш бинчу, шун ломан районашкарнаш бу бохуш.

— Баккъаллий? Амма, хьуна хаан лаахь, тхан цхьана а районехь Советан Iедална дуьхьал цхьа а гIаттам ца хилла цкъа а!

— Хьажахь!.. Тхуна-м дийцира, шу схьа а даладале, шун къомахоша Советан Iедална дуьхьал дуккха а гIаттамаш бина, кху тIамехь ЦIечу эскарна букъа тIехьахула йамартлонаш а йина 6oxyш.

— Бакъ-м дац и цхьа-а! Со гой хьуна!

— Ой-й?.. Ткъа шун наха Гитлерна совгIатна, дешица а кхелина, дин бахьийтар!

— Тхан мохк гитлерхойн карахь а ца хилла, тхан наха Гитлерна цхьа а совгIат а ца дина!

— Ой-й!.. И ма тамаш бу сел бакъдоцург, сел чIогIа бакъдина, тхуна дийцар! — лаьттах туйнаш туьйхира Полата.

— Бакъ ас хьоьга аьлларг ду-кх! — Керим нийсса цуьнан бIаьра хьаьжира.

— Делахь-хIета, сан кхин цхьа хаттар а ду: цхьа а шена гергахь бехк а боцу къаьмнаш пачхьалкхо, махках а дохуш, сел къиза хIунда дохийна? Мича хьесапца? Бехк бацахь а — цхьа хьесап, мукъна, хила ма деза?

— И ца хаьа суна а! Оцунах кхиа гIерташ, бехачу новкъа ойланаш йеш, схьакхаьчна со а.

Кесира неIаре хIоьттира:

— Чуволахь. Каташна дагар ду…

* * *

Каташан хьаж догура. Воьлхура.

— Меца-х ваций-те?

Кесирас, сихха кечдина, хи тIехь дина, Iайг даьтта а тоьхна, жоржа хударрий, довха чай делира кIантана.

Каташа кхаьллинарг а схьатесира. Воьлхура, логах ка а йетташ.

— Йало! Со кхуьнца Iа. Лор валаве. Поликлиника кхуза йуххехь йу, — йиш йоьхна, хьаьвзира Керим: дагадеара вагон тIера делла бер.

Кесира поликлинике кхаьчча, лор неIарехь лаьттара, аравала дагахь.

— Доктор! Бехк ма биллалахь, суна хьан цIе а ца хаьа… Сан бер цомгуш хилла. Волахь хьажа.

— Бехке дац… Сан цIе Лиепа Неухович Нидерз йу, — велакъежира иза, шен и цIе мел оцу зудчунна чолхе хета йеза бохург дагатесна. — Амма, и цIе йаккха хьайна чолхе хетахь, сох оьрсийн хотIехь — «Лев Наумович» аьлча а, мегар ду… Иза а дицлахь, «доктор» алий IадIе, — велакъежира лор, дашо цергаш а лепош, боьмаша бIаьргашкара сирла суйнаш тосуш. — Йало. Со вогIу хьоьца.

Шаьшшиъ новкъа догIуш, лоьро элира:

— Суна хезна шух лаьцна. Шу хIинцца далийна ду, боху… Бакъду, тхо схьалаьхкина-м дикка хан йаьлла…

— Хьо хIунда кхалхийна кхуза? — хаьттира Кесирас.

— Гой хьуна, со Польшера жуьгти ву. Шун Сталина тхан Польша, Гитлерца барт бина, пирог санна йекъча, цигара жуьгтий а реза бацара. Сталина тхо кхуза лаьхкира. Бакъду, Гитлера шен агIорхьа биснарш хIаллакбира. Тхан-м мелла а аьтту хилла Сталинан карадахна.

— Ткъа оьрсийн мотт ма цIена буьйцу ахь?

— Оьрсийн мотт-м суна кхузахь Iемина. Суна-м вуьшта полякийн а, немцойн а, французийн а, ингалсан а меттанаш хаьа. Аса лоьрийн институт Францехь, Нанси-гIалахь, чекхйаьккхина… Болх Индехь а, дукхахберг Польшехь а бина. Тхо йуха Польше дIадаха мегаш ду хIинца. Полякийн, СССР-н хIинца бартхилла Гитлерна дуьхьал: Гитлер эшна вогIу.

— Советан махкахь хIунда ца Iа хьо, Польше йуха дIа а ца воьдуш? Хьо-х кхузахь а лор ву. Вон ду хьуна кхузахь?.. — хаьттира Кесирас.

— Ахь хIун дуьйцу! Со, жуьгти велахь а, со Польшин патриот ву, тхо, жуьгтий, цигахь а, бакъду, башха дезаш дацахь а, ас цкъа а дIатосур йац тхайн Польша…

Лор тидаме хьаьжира Каташе.

— ХIума дац! Ангина йу!.. Бакъду, йаьржина шина a aгIop. Больнице охьавиллича тоьлу. Бакъду, больница луларчу Гродеково-Юьртахь йу. Амма йурт гена йац. Ши-кхо километр.

Йазйина направлени йелира:

— Цигара лор — Эзау Рудольф Рудольфович — немец ву, амма немец велахь а, дог дика стаг ву шуна! — велакъежира Нидерз, ша араволуш…

* * *

РогI-рогIана Каташ кара а оьцуш, доьдура Керим, Кесирий. ХIорш Жал-тюбена гена а бовлале, Керима тамаш а беш, лаьттан бос сихха хийцабелира: мокхачу гIамарийн метта луьстта йаьлла сийна буц а, гонаха тайна лекха акхтаргаш а алсам гора: эцца йуххехь догIура сирла шуьйра Талас. Гродеково чукхаьчча, Керим кхин а цецвелира йух-йуххехь Iуьллучу шина йуьртан башхаллех — Гродеково йерриг а дитташа хьулйина, бошмийн марахь йара. Кхузахь кхин а йуххехула догIура Талас. ХIаваъ а кхузахь цIенахо дара. Йуьртана йуккъехь айбеллачу сенчу бай тIехь гучуйелира кIайн больница, сийна раманаш а, сийна басар тоьхна, эчиган тхов а болуш…

Больницин учахь кхарна тIейеара кIайн халат йуьйхина, коьртахь а кIайн йовлакх а долуш, аьрру бIаьштига тIехь жима мо а болуш, цIоцкъамаш тамашена бес-бесара — цхьаъ доIахан басахь, важа сирлачу аматехь долу медсестра:

— Охьаховша. Лор хIинцца схьавогIу. Эцца кертахь ву, шен огород охкуш.

Цо, Каташан пульс а лерина, цуьнан пхьаьрса кIел градусник йоьллира.

Лор чувелира, йуьхь цIийелла, вехьаш, чIениган кIорггехь кIаг а болуш, шуьйрачу меран буьхьиг тIехь а, и шина декъе боькъуш, харш а гуш. Хьаьрсачу цIоцкъамашна кIелдIахула чордо схьахьаьжира. Медсестрас, градуснике а хьаьжна, элира:

— Рудольф Рудольфович! Дагар — «шовзткъа». Пульс — «бIе». Сонехь кхозучу умывальникана кIел ши куьг а дилина, Керимера схьаэцна, направлени а йешна, лор лерина хьаьжира Каташе: бага, лергашка, бIаьргашка, чкъуре, пехашка а, даге а ладуьйгIира.

— Дика ду… Юля! ЙоьалгIачу вилла!.. TIe шиъ шаршу таса.

Кесирехьа вирзира иза:

— Шу паргIатхила. ЦIа гlo. Дедда-йукъа дуьйла. Цхьацца, — аьлла, велакъежира и: нохчийн амалш хуучух тера дара цунна. — Сагатдан а ца оьшу: ангина бен кхин хIума дац. Кестта талур ву.

Кериммий, Кесирий дIадаха хьалагIаьттича, Каташ велха волавелира. Лоьро тIаккха Каташехьа а вирзина, сирла велакъежна, забаре маIаш гайтира цунна. Каташ, цецваьлла, сецира, амма хIинца а чIинкъаш дора. Лоьро тIаккха, шен куьйгийн дехий пIелгаш леккха хIаваэхь сеттош, йедда йоьдучу пхьагалан сурт хIоттийра Каташна. Йуха, Керим а, Кесира а цецдоккхуш, шен даккхий лергаш ша-шах дикка ирахдахийтира, мера тIе охьадаьхкина куьзганаш а хьаладодуш. Каташ шуьйрра велакъежира, велхар а дайна.

— Гой шуна, сагатдан ца оьшу, — элира лоьро, серлайаьллачу йуьхьца Кесирехьа вирзина. Кесирин дог тийшира лоьрах.

Цигара шаьш духадогIуш, сих ца луш, дуьхьала кхеттачуьнга Керима цхьацца хоьттуш, догIура xlapa шиъ, нохчий дуьхьалкхетаре сатуьйсуш.

Нохчо ву моьттуш, Керима новкъахь сацийначо, нохчий маттахь маршалла а хаьттина, элира:

— Со нохчо вац. Со ДегIастанера, Аксайра гIумки ву. I930-чу шарахь, кулакаш а бина, махках баьхначарех. Кхин а масех цIа ду кхузахь ишттачех. Со колхозехь бригадир ву. ДIораниг ду вайн цIа. ЧугIур ду вай, — куьг хьажийра цо аннийн керт а йина, гена доццуш, схьагучу лекхачу дикачу цIеношкахьа. Керимна безам хийтира шега цо шен цIийнах «вайн цIа» аьлча, дегIастахь нохчаша санна. Чудахара: керт а, чоь а цIена йара. ГIалмакх-чайнаца кIайн сискал, нехчий кхоллуш къамеле бевлча, Кесирас хаьттира:

— Кху йуьртахь бехарш дукхахберш казахаш хир бу?

— Дера, бац. Уьш-м кху йуьртахь массарел кIезиг бу. XIapa йурт, оьрсийн цIе

1 ... 38 39 40 41 42 43 44 45 46 ... 122
На этом сайте Вы можете читать книги онлайн бесплатно русская версия Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев.
Книги, аналогичгные Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Оставить комментарий