Читать интересную книгу Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 35 36 37 38 39 40 41 42 43 ... 122
къамел а дина, чуйахара иза. Цуьнца кестта чуьра аравелира, уккал а таьIна, малхо йеттина йуьхь йерриг хебарша чучча аьхна къена казах.

— A-а!.. Аман4, Джатыбай! — вистхилира иза беречуьнга, сихдинна, шен муцIадоьлла бIаьргнегIарш а детташ.

— Аман, Шакен-агIа, аман! — говрара охьа а воьссина, казахо, воккхачу стеган куьг а лаьцна, шайн маттахь къамел дира.

— Жахсы!5 Жахсы! — тIетовш корта таIийра къеначо.

Цаpa гlo а деш, ТавсолтагIеран сал-пал охьа а йаьккхина, кхарна къастийначу цIа чу йаьхьира. ЦIа доккха дацара: цхьа неI, цхьа жима кор, йуккъехь бIогIам, лохо тхов, уй тохаза, хьаьхна цIенкъа.

Тавсолтас бIогIам схьалецира:

— ЧIогIа-м бу!.. эрда-бIогIам! Тхов тIебужур бац! Дика ото ду!..

Шайга цIера схьайаийтинчу хIуманех цхьайерш чохь дIа а нисйина, вуьш сонехь, кхалу кIел йитира Селитас: чохь готта дара, тIе, уьш ловзо дог а ца догIура…

ХIорш охьа а биссийна, говрахь дIавоьдучу лейтенанте, саца а вина, Тавсолтас хаьттира, Селитас талмажалла а деш:

— Тхо хIинца муьлш ду? Мича бехкенна, меланна далийна тхо кхуза?.. ХIинца, мукъа, алийша!

— Шу хIинца спецпереселенцаш ду! Шун къам Даймахкана хьарам хиларна, гуттаренна а кхуза кхалхийна.

— Сталинна хууш, мукъа, дуй xIapa? — хаьттира, Iе а ца йелла, Селитас.

— Цунна ца хууш хила а тарлорий хIоккхул доккха гIуллакх? — жоп делира цо.

— Кхийтирий хьо, сан йоI! — Iоьттира Тавсолтас. Селита IадIара корта а оллийна:

— «Сталинна-м хууш хир дац xIapa!» — олура цо дега кест-кеста новкъахь.

— Дисинарг кхана комендатурехь дуьйцур ду шуьга. ДIадуьйлалаш! — аьлла, говрана луьйтанахь боллу ког а Iоьттина, йоргIахь дIавахара и.

Селита, жимачу гIанта охьа а лахйелла, куьйга корта а лаьцна, йилхира:

— Вайна хилларг, Дада!.. Вайна хилларг!.. Мичахь ду-те хIинца Нурседий, Расуллий?..

— Карор бара уьш-м… Сатоха… Маржа йаI, хьо сан кIант! Маржа йаI!.. — иккхира Тавсолтега.

Беххачу новкъахь гIелбелла хIорш, лампа цахиларна, чохь цхьа къоьгам а латийна, дIабийшира цIенкъахь, кIел истанг а тесна.

* * *

Iуьйранна нохчий дIагулбира Жал-Тюбе-Юьрта йуккъехь лаьттачу спецкомендатуре.

Стигалан басахь долчу, даккхийчу бIаьргаш чуьра оьгIазе алу а туьйсуш, капитанан хормехь волчу, хьаьрсачу коменданта, цхьа кехат кара а лаьцна, йукъ-кара цу тIе а хьоьжуш, массарна хозуьйтуш дийцира хIинца дуьйна нохчошна кхузахь хIоттийначу рожах лаьцна:

— Шу хIинца дуьйна массо а спецпереселенцаш ду шайн доьзалшца, берашца. Жимачун а, йа воккхачун а бакъо йац, тхан пурбанца бен, кхузара цхьа ша а дIасадовла. Нагахь цхьаъ кхузарчу дозанал дIасаваьлла хаалахь, цунна пхийтта шо хан тухур йу каторгехь йаккха. Шун доьзалехь цхьаъ дIакъастахь а, йа тIекхетахь а цу сохьта комендатуре хаийта деза. Ца хаийтахь, доьзалда жоьпе озор ву. Xlopа шух, паспорт оьцу хан мел хилларг, декхарийлахь ву баттахь шозза кху чу ван, таьптара тIе куьг таIо, шен меттехь ша вуй хоуьйтуш. Ца веанчунна таIзар хир ду. Шун къам дерриге а кхузахьа схьакхалхийна даиманна а, кхин цкъа а духа гIyp доцуш! — и дешнаш, мухIар таIош санна, озаца а тIечIагIдира коменданта, оцунах цхьа тоам шена хуьлуш санна.

Массо гонаха кортош охкийна лаьттара. Вовшашка хьуьйсура цхьаберш, бист ца хуьлуш.

Керим а лаьттара неIарехь, шуьйрачу белшаш тIехь шен хьаьрса, хIинца гиччошкахь къежбелла богIу, жима корта ойлане раз а бахийтина, некха хьалха шен массо мидал а оьллина веъна, комендантана хIуьттаренна санна:

— Ткъа вайн Конституцехь, вайн Советан законехь бакъо йуй-те цхьаннан а оццул йоккха хан тоха дийнна къомана, йинa суд а йоцуш? — Iоьттира цо.

Массо дIатийра.

Комендант оьгIазе схьахьаьжира:

— Сталина а, Молотовс а куьйгаш таIийна сацам вайн пачхьалкхехь уггаре а лакхара закон ду! И ца хууш ву хьо, грамотей? — цавашарца йуха Iоьттира коменданта.

— Балхана хIун дийр ду оха? — хаьттира Кесирас.

— Болх бийр бу — кх!.. ТIетаьIIина!.. — тIетуьйхира коменданта. — Колхозехь… Бошмашкахь… Артелехь… Амма… Кху комендатурин дозанахь: Жал-Тюбе-Юьртахь, Джамбулан цIарахчу колхозехь. Цу дозанал арахьа болх бан мегаш дац!

— Тхойшиъ хьехархо йу… Школа йуй кхузахь? — хаьттира йуха а Кесирас, Селитех дага а йаьлла.

Коменданта корта чам боцуш хьалатесира:

— Йу! Амма йа школехь а, йа цхьанхьа а идеологически, йа куьйгаллин йолчу меттигашка шу балха дIаэца бакъо йац. Цигахьа шу гIерта а ца оьшу! Колхоз тоьур йу шуна! — элира коменданта.

БIаьрзе Рашид хьалхахилира:

— Со сайн доьзалх ца хууш хаьдда ву. Сайнаш, кхуза гена доцуш, Джамбул-гIалахь охьабиссийна бах… Цига дIаваха пурба лохьа суна: со кхузахь цхьалха ву.

— Лyp йу, цкъа къастийчхьана. Сатоха жимма.

— Сан йиша Нурседа а, цуьнан майра Расул а ду тхох ца хууш дIакъаьстина. Уьш мичахь бу а ца хаьа…

— Сатоха! Дерриг къастор ду. Тоха безарш массо вовшахтухур бу, кIеззиг собар дичхьана. Сатоха! — тIечевхира комендант. — Шу кхуза курорте дахкийтина дац!

— И-м гора тхуна… Делахь а… — велавелира Керим.

— Оьшуш дац и хьан «делахь а». Дерриг хIинццехь хаа а ца гIерташ, сатоха! Кхуьур ду шу хатта кхул тIаьхьа а… Соьга а… сан хIокху гIоьнче а — накъост Джатыбай Аскеровга, — шена уллохь лаьттачу лейтенанте-казахехьа куьг ластийра цо.

Тавсолтина, дIа ма-хьаьжжи, вевзира шаьш схьадалийна волу говрахь хилла лейтенант-казах.

— ХIинца дуьло шайн метте!.. ДIанисло!.. — бIостанехьа куьг ластийна, коменданта арабехира чуьра нохчий.

* * *

Комендатурера чу а деъна, учахь лохачу гIанта охьалахделира Тавсолтий, Селитий.

«Махках а, мулках а дехи, сий а дайи. ХIинца тIе… Нурседех хилларг а ца хаьа…», — ойла йора Тавсолтас. Селита, шина куьйга корта а лаьцна, Iаш йара.

ЦIеххьана:

— Дада!.. дада!.. вайна хилларг! вайга деанарг! — мацах, нана кхелхича санна, саийзош, йелхайуьйлира иза.

— Ма йелха, сан йоI… Ма йелха! — йоьIан белша тIе куьг диллира дас: кху дуьненчохь цунна йиснарг хIинца и бен йацара. Цуьнга кхин хьежа а, и хьаста a гIopa ца дисна, Тавсолта уьйтIа велира.

Селитин йелхар а хезна, шайн учара тIейеара Джейран.

— Ма йелха! Ма йелха! — Селитин коьртах шен кIеда, дуткъа куьг хьаькхира цо. Мелхо а, кхин а чуьрайаьлла маьхьарца йоьлхура Селита. Джейрана, цIеххьана четара схьадаьхна, цхьа сийна кехаташ оьгIазе дIакховдийра Селитега:

— Делха эшац!.. Делха эшац! — йуккъехула и кехаташ Селитин бIаьрга хьалха а ухьуш, тIечевхира иза.

Цецйаьлла Селита, йоьлхучуьра а сецна, леррина хьаьжира Джейране а, цуьнгарчу кехаташка а.

— ДIаэца! Деша!.. ТIамо хIоранга а кхачийна шен-шен бала… Хьайн бала тамаш ма хета!.. Деша! — элира Джейрана, шена тоъал хуучу, ша меттабуьхьара хаза буьйцучу оьрсийн маттахь.

Дог Iовжош, девзира Селитина тохара Даудах лаьцна шайга деанчух тера долу сийна кехаташ! Уьш цхьаьний диъ дара:

— Майрий, кхо кIанттий… цхьана баттахь вийна сан фронтехь… хIетте а… гой хьуна… йеха!.. Хьерайала а ца гIерта… — цуьнан дешнаш Селитин дагах Iитталора. — Цкъацца… шу санна хилла а, дийна, мукъа, белара уьш олий, хетало суна.

Селита дIахьаьжира Джейране. Цо шен сийна кехаташ лерана йуха чета дехкира. Цхьа хьоме хIайкалш санна, диллина шеца леладора цо,

1 ... 35 36 37 38 39 40 41 42 43 ... 122
На этом сайте Вы можете читать книги онлайн бесплатно русская версия Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев.
Книги, аналогичгные Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Оставить комментарий