Читать интересную книгу Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 33 34 35 36 37 38 39 40 41 ... 122
цхьаъ нохчех йоьттина йолу эшелон. Амма иза, товарняк а йоцуш, сирла, кIеда вагонаш йолу, пассажирски цIерпошт йара. Цу тIехь а бара, махках а баьхна, шайн доьзалашца генна дIабуьгу нохчий, гIалгIай, амма уьш, муьлх-муьлханаш а боцуш, шайн цIахь дукха хан йоццуш хьаькамаллин гIуллакхашкахь лелла, Нохч-ГIалгIайн АССР-н хилла болу куьйгалхой бара. Iедало уьш, кхечарех къастийна, пассажирски цIерпоштахь, мелла а аттачу хьолехь схьабалабора.

— TIeгlo вайша царна? — элира Керима Тавсолте.

— Дера, ма гIyo со — м! Церан а бу бехк вайна хиллачун! Шайн белхаш бан ма-беззара цара бинехьара, вай ца дохон а мегара! TIe уьш буьззина вайнах белахьара, тахана а вайца хир бара…

Керим тIевахара, амма xIapa вагонна йуххехилча, берийн делхарна йуккъехула, бехначу нехан синкъераме гIовгIанаш а, маларан хьожа а схьатуьйхира хIокхунна диллинчу корехула. Чу а ца воьдуш, вухавирзира Керим а.

Пассажирски цIерпошт, йеха ца лаьтташ, вукхарел хьалха дIайахара.

Дукха хан йалале, цунна тIаьххье, важа эшелонаш а, цхьаъ вукхунна тIаьхьа, къайлайевлира йист йоцчу Казахстанан аренашкахь.

ДЖЕЙРАН

Цхьана вагонехь нисбелла Кериман а, Тавсолтин а доьзалш балош, кIиранах а сов ихна, нохчех йоьттина товарни цIерпошт тIаьххьара а дIакхечира шен метте. Аьчган гIовгIанца цхьамма-м шуьйрра дIайиллира кхеран вагонан неI. Дуьххьарлера бецан хьожа цIеххьана схьатухуш, чоь йуьзира аренан xIyоно. Лекхочу дегIахь зоьртала сержант, кхеран гIарол, вела а къежна, чухьаьжира:

— ХIа! Схьакхечи! Охьадисса! — схьагарехь и ша а вара дIакхаьчна, сакъераделла. Массеран а сапаргIатделира. Вагон сихха йассош, шайн хIуманашца охьабиссира Тавсолтин, Кериман доьзалш а, кхиболу нохчий а. Уьш сержанта, спискица багар а беш, дIалора лейтенантан хормехь кхарна дуьхьал веанчу казахе. Гена воццуш лаьттара граждански а, эскаран а хормехь масех стаг а, стерчий доьжна дукха йаккхий хIургонаш а, нуьйраш техкина кхо-йиъ говр а. Гонаха, бIаьрго ма-лоццу шуьйра, бацо сенйан йолийна, шера аре гора.

Вагона тIера охьабевлла нохчий, багар а беш, лейтенанте-казахе дIа луш воллу сержант цIеххьана тидаме дIасахьаьжира: цхьаъ ца тоьура. Цецвелира иза — новкъахь моссазза леринера цо уьш?! Цу сохьта, сержантана а гуш, кхо нохчо сиха йуха вагона тIе хьалавелира. Цара, куьйгаш тIехь айина, охьаваьккхира цхьаъ: и вара и ца тоьуш хилларг. Амма иза велла вара ши-кхо де хьалха. Белларш, гучу ма-бевллинехь, новкъахь вагона тIера охьа а бохий, эрна арахь буьтуш хиларна, тIе гIум, йа ло хьокхий, цхьа а тайпа дIаволлар а, йа каш а доцуш, xIapa, цуьнан наха веллийла а ца хоуьйтуш, шен сонехь, бедарш а тIехь, дийна волуш санна, йаьшки тIе охьа а хаийна, схьавалийнера. ХIинца а, и лаьтта охьавиллинчохь а, цуьнан когаш сеттинчохь бисна гора, уьш халла нисбира наха. Балозан баса йахана йаьлла цуьнан йуьхь тамашена ойлане йара, иза хIинца а дийна волуш санна, цхьана хIуманах кхиа гIерташ, дуккха а къахьегна, амма цунах ца кхуьуш и висинчух тера. Сержанта цкъа ойлане корта ластийра, йуха велакъежна, цхьа кехат дIакховдийра дуьхьалвеанчу лейтенанте. Меллаша тIе куьг а таIийна, цо и духаделира сержанте.

Йуххера кхин цхьа вагон а йассийна, вукхеран ур-атталла неI ца йоьллуш, дIайахара эшелон, вагонан лами тIера сержанто схьа куьг а лестош. Йиш йоьхна хьийзара кхузахь вукху вагона тIера охьавоссийна, шенчех а хаьдда, ларамаза кхаьрца нисвелла, къежбеллачу коьртаца, хазачу, амма хIумма а са ца гучу Iаьржачу бIаьргашца, йерриге а Нохч-ГIалгIайн чохь гIараваьлла хилла илланча гIалгIа Рашид.

Шина а вагона тIера охьабиссийна нохчий спискашца дIаэцначу лейтенанта, уьш шина декъе берзийра: вукху вагона тIеранаш цо карабелира шеца волчу лахарчу лейтенантана, уьш хIургонаш тIехь цуьнга бига беззачу дIабигийта. Уьш хьалха новкъа бевлира.

ТавсолтагIеран вагонан «староста» хиллачу Кериме лейтенанта элира:

— Шу ас дIадуьгур ду. Амма… дакъа дIадахьа бакъо йац. Кхуззахь дIадолла. Сихо йе.

ТавсолтагIар докъана гонах хьаьвзира. Халла карийра жима йоьза гIуммагIа йуззал хи — ламазаш эца а, докъан гIуллакхна а. Гонаха хевшина баккхийчу наха цкъа доIанаш а дина, шайца Тавсолта а, Рашид а волуш, тIаккха докъана тIе а хIиттина, ирахь докъан-ламаз а дира. Леррина кхаьрга хьуьйсуш лаьттара хIорш дIабига баьхкинарш.

Йалх жимха сихха каш даккха хIоьттира гена доцуш. Веллачун нана, йоьлхуш, кIантана тIейетталора:

— Со йала хьан!.. Со йала хьан!.. — бохуш. Цуьнан гергара хуьлучу цхьаьна-шина стага, пхьарс а лаьцна, нуьцкъашха йуьстахйаьккхира иза.

— Дера, атта ма дац, — элира цхьамма, — шиъ тIамехь вийна, xIapa кхузахь дIавуллу.

— Делахь а, Далла хастам бойла ду: кхиберш санна, новкъахь охьа а ца кхуссуш, шен каш а долуш, дIаволлар хили…

Каш даьккхина делира: и башха хала а ца хиллера кху гIамаран арахь. Нах йуха а ламазашна дIахIиттира.

— ХIан-хIа! Эшац ламазаш! — аьлла, цIеххьана чухьаьдира веллачун нана. — Эрна ду уьш! — аьлла, тIехьаьдда, гIуммагIна мийра туьйхира цо, гIоддах ластийна, боьршачу стага ма-тоххара.

— Хьерайаьлла и!.. Сацайе!.. — мохь белира цхьаьнга. Тохарлеррачу шимма, лаьцна, нуьцкъашха охьахаийра и шен метте, тIехьашха ши куьг дIадоьхкуш.

Велларг коша чу виллира.

— Ма декъаза хили вай: Дала а дицдина, Сталин а дуьхьал ву, — элира цхьамма.

— Патармаш а кхоийна, ша-шаха дайа схьакхалхийна цо вай кхуза, — элира бIаьрзечу Рашида.

— Сталина-м хIун бехк хир бара?.. Цунна гонахачара дина хир ду xlapa, — кIаддира и Керима.

Веллачун нана къорра тийжара, цуьнан коьртах куьг хьоькхуш лаьттара Селита. Каш нисдина а даьлла, кошана гонаха хIиттира баккхий нах. Ойлане дIатийра.

— Вайн дуьххьара барз кху пана арахь… — эккхийтира цхьамма.

— ХIинца дуьйна и баьрзнаш даржор ду-кх вай кхузахь, — элира вукхо.

ТIаьххьара доIа доьшуш, йуха а охьалахбелира баккхийнах.

Лейтенанта шен гIоьнче, лере а таьIна, элира:

— Сихбел уьш хIинца!

Амма оццу секундехь, и аре а йекош, тамаше хаза аз даьржира генна гонах:

— «Йелха нана йоцучу кху пана арахь,

Тийжа йиша йоцучу генарчу махкахь»…

БIаьрзе Рашид вара и, коша йисте хиъна, аьтту куьг лере а даьхьна, важа гоьлана тIе а диллина, назма йолийнарг. Лейтенантана йуххехь лаьттачу, шляпа а коьртахь, галстукца, костюм йуьйхина волчу стага, иза, лере цхьа-ши дош а аьлла, вухаваьккхира шен омрах.

Рашидан аз, хIинца тIомадаьлла, генна дIаоьхура аренгахула, адамийн дегнех чекхдуьйлуш:

— Йелха нана хьан йеца и меца гила борз,

Када йиша хьан йеца и Iаьржа хьаргIа..

Гонаха лаьттарш массо дIатийра. ХIорш хIургонашкахь дIабига баьхкинчу, шайн стерчашна йуххехь лаьттачу къоначу казахийн коьрташкарчу малахайн ира баххьаш меттах ца хьовра. Селита, цецйаьлла, дIахьаьжира, баккъал а хIинца, ирчачу маьхьаршца кхузахь, мичара йаьхки а ца хууш, тIехула хьийзачу къийгашка. Рашида, ша Iаччохь вай-й дIаса а техкаш, тIеттIа чIагIйеш, дIахьора шен эшар:

Буьйса Iаьржачохь ма соьцу и сийна олхазар…

ТIом луьрачохь ма соьцу дог майра ва кIанат…

Рашидан аз гуш йоцчу тулгIеш тIехь дIаоьхура генна, лаьттах духдуьйлуш, стигалашна доьлхуш:

Хьалахьаьжча, вайна го бухбоцу и стигал

Вертан метта йуьйхина зарзйинарг мила ву?..

1 ... 33 34 35 36 37 38 39 40 41 ... 122
На этом сайте Вы можете читать книги онлайн бесплатно русская версия Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев.
Книги, аналогичгные Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Оставить комментарий