Читать интересную книгу Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 107 108 109 110 111 112 113 114 115 ... 122
шен гIала вухавахара, чуртана догIу ахча, нахана а гойтуш, кхузарчу кешнийн охIланехь а дитина. Цхьа кIира даьлча, кешнийн охIлано кечдайтина чурт дIадогIа веара, цо мехах лаьцна волу кхо йуьртахо. Чурт схьадахьаш, схьакхаьчначу шиммо гIo а деш, цара и чурт дIадуьйгIира веллачун коьртехь, мелла а иза гу тIехь а нислуш. Амма чурт, цкъа цхьана aгIop, тIаккха вукху aгIop раздуьйлуш, нийсса дIа ца хIотталуш, дехха къахьийгира цара. Эххар кхин нислург а ца хилла, кIорда а дина, йуха а раз хIоьттинчохь, и кхин нисдан а ца хьовсуш, ша гара дIа ма-xIoттapa, дитира цара и чурт:

ХIумма а дац… Делан цхьа кхиэл хир йу xIapa… Веллачун дахар а дара гара… ХIинца цуьнан чурт а гара ду, — аьлла, сацийра царех воккхах волчо…

Баккъал а, хIетахь дуьйна цу чуьртан цIе, «Тойсуман чурт» ца олуш, «Гара чурт» олий, йоккхура наха. Цунна йуххера меттиг а «Гара чурт» долчухьа, олий, билгалйора. Амма йуьртахоша, Тойсуман «гарачу дахаран» мах даиманна а, оцу тайпана йемалбеш, билгалбинехь а, делахь а, и вийначунна а — иза ламаз тIехь а лаьтташехь, тешнабехкаца, цо тIехьашхула цунна тIетохарна — неIалт кхайкхийра, шайна Тойсум мел ца везаш хиллехь а. Тойсум, цо вийна, чувоьжна болчу оцу бердах а, йуьртахь, «шина къутIанан берд» аьлла, цIе йисира.

ДАГАХЬ А ДОЦУ ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ

Эскинойхь массо хIума а, Нурседа реза йолуш, дика дIадоьдура, амма интернат йаран гIуллакх чIогIа тIаьхьатитталора… Телефонехула дийцарх, дIасайаздарх, дош а ца хилла, Нурседа Грозный — гIала йахара хIинца, Минфинан куьйгалхошна тIекхача. Минфинехь, и гIуллакх карахь ду бохучу министран заместитело — иза хIинца министрехь ду, амма и селхана Москва вахана, цIахь вац элира. Цигара Нурседа йехачу учахула вукху маьIIерчу, министран кабинета чохь Iачу цуьнан секретарана тIейахара:

— Министро ша Москва дIавахале гIуллакх, дерриг кеч а дина, кхо де хьалха Совминан зампреде накъост Элдаровга чIагIдайта делла ду, — элира кхуьнга секретаро.

Сихха кхозлагIчу этажа тIе йелира Нурседа. «Накъост Элдаров Мусит Бекович» аьлла, ангали кIелахь тIейаздина, Iаьржачу дермантинца аьхна, йоккха ножан неI чIагIйина йара: цига чоьхьа а йаьлла, йерриге приемнин цIенкъахула тесначу куза тIехула, татанза, тIейахара Нурседа сонехь Iачу секретарна. Балдех а, мIарех а цIен басар хьаькхна къона секретарша, йиъ телефон роггIана хьалаийеш, жоьпаш луш Iapa:

— ЧIогIа мукъа вац… — доцца элира секретаро, — приемни де а дац.

— Ас-м собар дийр ду, гIуллакх сиха ду!.. — аьлла, Нурседа корехь лаьттачу кIедачу кресли тIе охьахиира…

Йуххерчу диван тIехь ша, сагатдеш, йуххе шен Iaca а йиллина, цхьа воккха стаг a Iapa. МаьI-маьIIехь пенех кхозура: «Кху чохь цигаьрка ца узу», «ГIовгIанаш ма йе», «ЦIано хаза йу!» — тIейаздина ангалин бIаьргаш. Шен кога кIелхьарчу кузашка а хьаьжна: «Тата дайа тесна-кх. ХIорш а, хьаха, дара тхан интернатана бакъахьа», — дагатесира Нурседина. Корах хьаьжча, гора генна дIасайаьржинчу гIалин сурт. Гена доццуш охьадогIура, кхузара шен даьржина хилар ца гун, ангали санна малхехь лепа, Соьлжа. Цуьнан аьрру агIорчу «Трамвайни тIай» тIехула дIасатекхара, шайн аьчкийн гIoвгIa кхуза схьа ца кхочу, цIен-можа трамвайш. Вукху йуххерчу «Ленинан тIай» тIехула дIасалелара, кхузара кегийра хетало, цхьацца гIашлой; дIасашершара кIайн- можачу басара хаза автобусаш; дIасалелхара гIовгIане мотоциклаш; цIен жIараш тIехь йогу лоьраллин машенаш; йаккхийра кIайн рефрижаторш — хIораммо а шеца хьора халкъан дахаран цхьацца кийсак. Оцу тIай тIера дуьйна генна дIабоьдура нийса Ленинан урам. Нурседина кхечарел диках а бевзира, беза а беллера и: цуьнца диках гора гIалин кхиар. Нурседина дика девзара цуьнан керла а, шира а цIенош.

ДIо дIахьаьжча, ураман аьрру агIорхьа, трамвайн некъаца ша къаьсташ гора, кхузза тIекIелйина, сирачу тIулган йоккха лекха гIишло, шех, паччахьан заманчохь дуьйна а, и йайтинчу нохчийн совдегаран цIарах — «Абубакаран цIенош» олуш йолу. И йеххачу заманахь лаьттара кху агIорхьа, йуьртан маьждиг санна, массо а цIеношна тIехула хьоьжуш, шега нийсанаш кхин доцуш, — тIом чекхбаллалц! Амма дукха хан йоццуш, тIай тIера дуьйна дIа, ураман шина а агIорхьа, хьаладахара керла лекха цIенош, хIусамаш, «Абубакаран цIенойн» хIинццалц хилла башхалла йойуш.

Урамна йуьххьехь, «Хьалхарчу поликлиникана» аьрру агIорхьа, дIахIоьттира лекха керла гостиница «Чайка». Цул а дехьа цхьаьний ирхдахара, йух-йуххе тIекIелдина, нах чохь Iен керла даккхий цIенош. Царна пурхнехьа йахйелла, тоххара хьалха «Рынок» олуш хилла йолу, шозза тIекIелйина шира гIишло хIинца хаа а ца лора. Аьтту агIорхьа, пурх боьдучу Партизански урамал а дехьахь, издательствона а тIехваьлча, дийнна могIа боьдура даккхийчу керлачу цIенойн! Корал арахьа маьI-маьIIехь гора цIенош дуттучохь лекха кранаш. Хьуьллахь, гIодайуккъе муш а бихкина, лекхачу цIенойн тхов тIера чу а кхозабелла, пенашна кираш тухуш бохкура белхалой. Секретаран стоьла тIерачу календарах бIаьрг кхетта: «Апрелан 25 де, кхаара, I960 шо… Майна кечлуш бохку-кх»… — дагатесира Нурседина. — «Сихха цIа а йирзина… чекхбаккха беза оха а болийна кечам», — меттахъхьайра и, ша хьиэлуш а хетта. Секретаре дийхира цо:

— Чу а гIой, алахьа цуьнга, со хьоьжуш йу.

— Ша ма хьеве аьлла. Собарде, хьайна лаахь.

Ша гича, мукъна, чукхойкхур йацара-те аьлла, секретаре а ца хоттуш, тIейахана, неI йиллина, чукъедира Нурседа. Секретаро цу сохьта: «Мегар дац!» — хазийра. Важа-м схьа а ца хьаьжира, шен кехаташна чувоьлла.

ХIинца баккъал ша хьиэйаларна сахьийзаш, йуха а шен меттахь тем боцуш Iapa Нурседа. Цхьа кIеззиг хан йаьлча, йуха а хьалагIаьттина, телефон тоха дагахь xIapa секретаран стоьл тIе йолайелча, цIеххьана чуйелира, коьртаIуьйра, дика костюм йуьйхина, кечйелла, IатIаран хьожа а йетталуш, басарша кхин а хазйина TIayc.

— A-а, хьо а йу кхузахь? — куро хаьттира цо. — ХIунда йеана хьо?

— Сайн гIуллакхна йеанера со-м… — чам боцуш жоп делира Нурседас

— Дика ду-кх, тIаккха! — аьлла, TIayc, секретаре байн корта а таIийна, хецца кабинета чу йахара.

— Мегар дуй? — аьлла, цунна тIаьххье неIаре Нурседа а хIоьттира.

— Жимма собарде! Ца го хьуна! — схьахезира чуьра.

Дог этIаш чухула дIасалелара Нурседа. Дехха цхьаьна чохь а Iийна, Элдаров a, TIayc а, ший дела а къежаш, цхьаьний араделира. Реза йоцуш йистхилира Нурседа:

— Накъост Элдаров! Со хьоьга хьоьжу дукха хан йу. Ас деанарг сиха а, доккха а гIуллакх ду, чIогIа хьан гIo оьшуш… интернатан хьокъехь, — и кхетийта тIетуьйхира цо. — Со тIе ца оьцуш, дIа ма гIохьа!

Кхунах цайашарца, цIоцкъам а саттош, йела а къежна, TIayc парггIат тIехйелира парталчу боларехь, шен хаза горга корта кIеззиг аркъал а тесна. Шен дагахь хIинцца шa оцу чохь кхунна тоьхначу дIаьвшах йоккхайера иза.

Элдаровс, кIеззиг соцунгIа а хилла, кхуьнга ладугIучу куьцехь, цкъа, охьадийшийра шен бIаьргнегIарш, тIаккха шен хан цахилар дагадеъна, йуха дIаволавелира иза, йуххе йогIучу Нурседина шийла жоьпаш а луш:

— Со хIинца мукъа вац. Обкоме кхойкху… тIе, цу гIуллакхна тIаьхьайан хьоьга хIун хIоьттина? Албастов Кериман декхар ма ду иза. Цунна тIе гIyo. Йа

1 ... 107 108 109 110 111 112 113 114 115 ... 122
На этом сайте Вы можете читать книги онлайн бесплатно русская версия Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев.
Книги, аналогичгные Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Оставить комментарий