Читать интересную книгу Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 104 105 106 107 108 109 110 111 112 ... 122
ца оьцу, аьшпаш ца бутту… болх нисса бо, йамартло а ца йо. Шен доьзална а, зудчунна а хьанала ву. Молуш а вац. Делахь а… лакхарчу кхеташонехь ша нисвелча, цхьа къовсаме гIуллакх иккхинчохь, цо цкъа а цунах шена хетарг ца олу, боху, цкъа лакхарчарна хIун хета а хиъний бен: IадIа, йа йовхарш а тухий, араволу. Сан хьесапехь, иза стешхалла йу — карьеризман нана!

— Ткъа!.. оцу зудчо хIун бохура, ва Нурседа?! Иза хIунда элира цо хьоь?.. Керимах лаьцна…

— Ша эладитане йолу дела! Цхьаъ хезна!..

— ХIун хезна?

— Селита!.. Бакъ ду иза. Суна тIехьийзаш ву и кху тIаьххьарчу хенахь, суна везаш а ву. Хьоьга тахана-кхана и дийца дагахь Iара со хIинццалц, хьох ца хIуттуш а… сайн дагахь и къастталц а… Тахана кхин цкъа а соьга дийхира цо шега йар. Кхана тIаьххьара жоп а деза цунна. Ас ойла а йина, ас и сацийна…

— ХIун сацийна ахь?

— Цуьнга йаха.

— И муха дало хьоь, Нурседа? Расул а вицвина! Хьан-х цунна дина кхиъна догIуш ши бер ду. ТIе, вайн да а карзахвер ву… Оццул гергарло а лелийна, йуха… Ма товр дац и дадина! Йа… нахана а!

— И-м бакъ ду. Ткъа хIун де ас? Сан-х, хIинца а ткъе кхойтта шо бен ца кхаьчна… Йа… иштта лела йеза со а? — йерстанарг Iийнчу гIантехьа корта а ластийна, хаьттира Нурседас.

— Ой, иштта а, вуьшта а ца лелаш, IадIан ца мега, Анна Львовна санна, хьайн майрачун сий а лардеш, бераш а кхиош? Уьш-х кестта баккхий хир бу, ахь жимма сатоьхчахьана.

— Вайна тIом а бац, ас собар дан, тIе, уьш кхиъна бевлча а, ма хир йу со шовзткъа шо а кхачаза. Зама маре гIyp йу, Джамбул, Каташ санна, цхьанхьахула дIатаьIар ву. ХIинцалера къонанаш-м, хьаха, бац, тохара вайша санна, дайн-нанойн йаххаш а лаьцна, лелар болуш. ТIаккха хIун дан деза ас?

— Расул а вицвина… Ма везара хьуна и…

— Шен хенахь и везара… ХIинца xIapa веза. Цхьанна а ас йеш хьарамло а йац. Расулан шина берана Керим дика да а, Кесирех дисинчу шина берана со хьанал нана а хир йу! Оцуьнан а йел ахь ойла!

— Бакъду иза-м! Делахь а… суна хетарехь, соьга далур дацара-кх и санна дерг.

— Хьо шатайпа йу. Наггахь хуьлу хьо санна йерг а. Амма, мар веллачул тIаьхьа дикка хан йаьлча, кхин везавалар йа эхь а, йа ямартло а ца хета суна-м… Да а соцур ву-кх, цкъа карзах а вийлина, хьалха санна… Цунна а мегирий и!.. — тIетуьйхира Нурседас. — Цул а, сан йиша, къона къан а ца луш, белларш а битий, хьайн ойла йе. Цкъа а маре ца йоьдуш, Iан йоллу хьо? ХIун сийлахь ду и? И хьанна оьшу? Суна-м шел тIаьхьа бераш ца дуьтуш велларг Iаламан къу хета, дахарна гергахь а йамарта! Даим иштта чекхйаьррий-те хьо? Нагахь йалахь а — йоккхаеррий-те хьо?!. Нахана а и дош ма ца хета: нахана а дуьне дезарш — шайх теранаш — дукхах ма беза. Цхьа де догIур ду, хьо дохко йолуш, амма и тIаьхьа хир ду!.. Белларш а битий, хьайн гIайгIa бе, сан йиша!..

— «Белларш а битий»… Со кхечуьнга гIyp йац: сан са ду цуьнгахь марехь!.. Хьо дIайахча-м йуьсу со гуттар цхьалха. Цуьнан ойла-м ца йо ахь, сан йиша!..

— Йо ас хьан ойла. Цундела лоьй со-м хьоьга… хьо йоцург сайн кхин йоцу дела! — Нурседас и мара йоьллира.

Ши йиша вовшийн марахь йилхира. Телефон йийкира:

— Дада цIа кхаьчна, цIа дуьйла! — хаам бора Джамбула. Шен кIантаца къамел дина, Нурседа йуха йекхайелира.

— Тамаш бо-кх ас, хьоьга а хьожий: ши йиша йоллушехь, ма цхьатера йац вайша! — элира Селитас.

— ХIунда бах ахь?!

— Хьо даима а йекхаелла, дуьненах йоккхаеш йу, ткъа сан даг тIера, ахь ма-боххура, цкъа а дIа ца бовлу вайн белларш. ЙухабогIур бац-кх уьш цкъа а! Иштта, вай а лийр ду-кх… массо a! XIapa говза куьйгаш, шелонах а лардеш, Iай каранаш а духкий, леладо, xIapa тамаше бIаьргаш, ченах а лардо, дерриг адамийн говзалла вовшахтоьхча а балун боцу xIapa, дуьне а чулоцу, вайн хье — xIopш дерриш а дахкадала деза-кх цу лаьтта бухахь! И дагадеъча… хIинцале а, хьалххехь йелха дог догIу-кх сан… Леш хилча, дан а хIунда до-те вай? Iилмано-м, мацца а цкъа лекъар ду бохийца, латта тIера доллу дахар: адамаш, ораматаш, дийнаташ, бецаш — массо садолу хIума дIахедаш. Цаьрца йовр йу-кх, ткъа дерриг адамийн хазалла а, музыка а, искусство а! Ткъа стенна деха техьа адам, шех иза а буха дуьсург ца хилча? ХIун дуьсур ду-техьа тIаьххьара а вайх, вайн дахарх, вайн ойланех буха? Йа хIумма а вайх буха ца дуьсуш, довр ду-те вай кху дуьнен чуьра, цкъа а хила а ца хилча санна? Оцу ойлано дерриг дуьненах а цкъацца цIена догдоккху-кх сан. Эцца, кхана-лама лаьттах дIадуху долу xIapa йуьхь-куьйгаш а лардина хIун до? Цхьаболчара-м сов лерина а леладо уьш, басарш, хьакхарш хьоькхуш, гIеххьа лелийна ца Iаш. Эрна ма ду и! — олий, цхьа инзаре тамаш булу-кх сан кийра, сан кхетам Iадош, и кхечуьнга хьахо а со ца хIуттуш… ур-атталла хьоьга а!

— Э-э, сан йиша, хьо хьерайала гергайахана. Харцахьайаьлла хьан ойла! — элира Нурседас, Селитин белшах, кегийрхоша санна, эвхьаза куьг а тоьхна. — Гуттар Iожаллех тамаш бечул, гонаха а хьажий, дахарх, дуьненах бе и тамаш! Дахар бу, хьуна, Iожаллел а боккхаха, даима тулуш схьабогIу тамаш!.. Вай ле, амма бераш тIекхуьу, — хIинца Джамбул лийначу телефонехьа корта ластийра цо. — Мичара девлла ца хууш, тIадамал а кегийчу, гуш а доцчу, зирхах долалой, уьш, шайн ойланца дуьненал а даккхий адамаш хуьлий, дIахIуьтту! Вайгара дIаоьций, цара ца ходуьйтуш, дIахьо xIapa дуьне кхин а лакхенга. Шайн дог-ойланца йуха уьш а бу-кх вай дерриш! ХIун башхо йу? Набкхетча а, сама а довлий, йуха а ца деха вай, тохарлеррачуьра вешан гIуллакхаш дIахьош. Изза ду-кх адамийн чкъор хийцар! Вайл тIаьхьа кхуьучарна а, вайна санна, дуьне деза, наб йогIу, — дерриг а вайна мел луурш, вайн хилла ойланаш йу-кх цара а, шайн хьуьнаршка хьаьжжина, карлайохуш, дIакхоьхьурш! ХIун башхалла йу: уьш а вай ду-кх! Ткъа кIоргге дIахьаьжча, вайн дахар вай делча дIа а ца хеда: оцу вайн тIаьхьенца йуха а карладолу! Вайн бераш кхуьу! Царалахь йуха а деха вай! Адамийн чкъоьрнаш, вовшийн хуьйцуш схьаоьху лаьтта тIехь, xIop бIаьстенца дитташ тIера гIаш санна, ткъа адамийн дахар, и дитташ санна, йух-йуха карладуьйлуш дIаоьху. XIop адамийн чкъор. тIедогIучунна шех цхьа пайдехьа керланиг буха а дуьтуш бен, дIа а ца доьду. Тамаш и бу! Хьажал: и дитташ, асфальт а йохийна хьалагIерта и буц!

1 ... 104 105 106 107 108 109 110 111 112 ... 122
На этом сайте Вы можете читать книги онлайн бесплатно русская версия Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев.
Книги, аналогичгные Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Оставить комментарий