Читать интересную книгу Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 110 111 112 113 114 115 116 117 118 ... 122
партсъезд а хилла, йуха толлуш, бехке верг-воцург къастийна, дукха хан ялале, со а, массо бехк боцурш а паргIатбаьхна, цIан а беш, дIахийцира.

— ХIетахь хьайн нахах схьакхета хIунда ца хьаьжира хьо?

— Цхьаннан а адрес ца хаьара. Ца ван дагахь-м вацара со. Могушаллина а, вуьшта а де дацара: беркъа вара, ахча дацара, документаш а нисдаза дара. Шух йухькIамца кхета а лаьара. ТIе, соьца цигахь и итт шо, бехк а боцуш, цхьаьна даьккхинчу, Гомель-гIаларчу сан цхьана оьрсийн накъосто… ас вуьйцур ву хьуна и… оцу чамди чохь ду цуьнан суьрташ… — Мирченкос — шайн цигахьа дIаозийра со шеца. Цо, шайгахь Iавеш, доккха гIо дира суна Гомелехь: сайн ниссачу цIарца паспорт а йухадаьккхира, духар ийцира, жимма меттавеара. Цул тIаьхьа тохавелира со шу долчу, Казахстане дIаван, гергарнаш а, бевзарш а лаха. Амма Мирченкос… Фроло — и йара цуьнан цIе, йуха а сацийра со: «Сих ма ло. ХIун до ахь хIинцца цига вахана. ДIа ма-вахха, нохчо ву аьлла, учете хIоттор ву хьо… Царна а хIун пайда хир бу хьох? Собарде… Кестта шун гIуллакх кхин а бакъалгахьа дан там бу. Цул а, цхьаьний балха а оьхуш, заочно деша гIор вайша, суьйренан агрономически техникуме: хьайн нахана тIевоьдуш хьо-м цхьаъ хила везий!» — элира цо.

Иштта, даханчу шарахь оха шимма а и техникам чекхйаьккхира. Цул тIаьхьа, Москварчу сельхозинституте заочно деша кехаташ а дахьийтира дIа. ХIинца шу долчу йуьхькIамца сайн вуха ван чот а хетта, цIа веа-кх со… вайн йуха хIоьттинчу Нохч-ГIалгIайн республике! — чекхдаьккхира шен дийцар Увайса.

Нурседас маьркIажехь Кериме йуха а телефон туьйхира, вокзалехь Вильяновс шен гIо лацар дуьйцуш:

— Сихха схьавола! ХIаанний, тховссехь! Доккха гIуллакх ду! ХIан-хIа, цатам бац… мелхо а, доккха хазахетар ду! — Амма Увайс схьакхачар ца дийцира цо: мелхо а телефоне кхийда Увайсан куьг а дIахилийра Нурседас. — Собардехьа жимма! ХIинцца схьакхочур ву! Берриг шина сохьтан некъ а бац! Хьуо вевзийла хьажийтахьа!.. Дийцахьа, зуда ца йалош, муха Iийна хьо хIинццалц?

— Кху шарралц зуда йалор дагадогIучохь а вацара… ХIинца ахь дийцахьа шайца мел хилларш…

… Къамелаш а кхачийна, хIара шиъ Кериме хьоьжуш Iаш, эххар Увайса хаьттира:

— Вокзалехь ма дукха дара шу? ХIун дара цигахь?..

Нурседас иза а дийцира.

— Ма ирс хили-кх вайн, XX съезд хилла!

— Дерриге дуьненан а!.. — тIечIагIдира Нурседас…

Цхьайтта доллуш, цхьаммо-м кхеран неI туьйхира… Чувелира Керим… Ши ваша вовшийн марахьаьрчира… И шиъ цхьаьна а витина, Нурседа шен номер чу йахара…

Iуьйрре самайаьлла Нурседа меттара хьалаиккхира. Чохь хIинца а бодане дара. Коре йахана, дIасахилийра цо деза охьакхозу чилланан кирхьа. Малхо чукхоьссина зIаьнарийн цIов, стоьл тIе а кхетта, пенашна тIехула нуьран лоппагаш хилла, дIасабахара.

Диллинчу корехула чухьаьдира Iуьйренан хIуо а, самайаьллачу гIалин гIовгIа а. Цхьа а меже хаалуш а йоцуш, дайн, хIаваэ дала кийча хетара Нурседина шен дегI. Доккха дика хьоьхуш детталора дог. Йуьхь-куьг дилина, ирахь лаьттачохь булкица кефир а йиъна, чуьра арайелира Нурседа. НеI а тоьхна, гIаттийра сатоссуш бен дIавижна а воцу ши ваша. Кериман шофер, гергарчаьргахь буьйса а йаьккхина, исс долуш схьа ма-кхеччи, цуьнца «газик» тIехь Увайс гIале хьажа а вахийтина, Кериммий, Нурседий шайн гIуллакхашка хьовса араделира.

Сени чохь, цIеххьана цхьаъ-м дагадеанчух цхьаьий сецира и шиъ вовшашна дуьхь-дуьхьал, вовшийн бIаьра а хьоьжуш, дист ца хуьлуш, масех секундехь ойлане а дахана. Ший а кхийтира вовшийн даг чохь долчунах:

— Сан ваша! — Кериман белша тIе куьг диллира Нурседас.

— Хьо бакъ лоь: коьртаниг хIинца церан ирс ду, — элира Керима а. Иштта юхаийцира цушимма шаьш дукха хан йоццуш шаьшшиннех лаьцна къайлаха бина сацам…

Хьалха Совмине накъост Элдаровна тIе дахара и шиъ. Элдаровс, тахана тIеоьцу де дацахь а, шега секретаро ма-элли, чубитира хьеший. ДегI нисдеш хьалагIаьттина, маршалла хоттуш, тIекарваьлла Элдаровс дерриг а церан дехарш кхочушдина, мел оьшучу а — СМУ-га, Чечингстройга, Главснабе — ша телефон а туьйхира.

Вукху дийнахь Эскиной боьдучу новкъахула хьалатаьIира, интернатана мел оьшу шифер а, мебель а, кхиболу гIиpc а, тIе, инженерийн бригада а эцна йоьду, киракхоьхьу кхо машен. Царна тIаьххье, церан ченех ларлуш, цхьа километр тIаьхьа а соьцуш, йогIура тхов боцу газик, тIехь Нурседий, Кериммий, Увайссий долуш. Стомара дуьйна вовшашца къамелаш дукха хиларна а, гIали йуккъехула лелла гIелбаларна а, вовшашка бист ца хуьлуш, татанза богIура уьш, xIop а шен-шен ойлано дIалаьцна.

Увайс ца Iебаш хьоьжура ганза ткъех гергга шо долчу аренашка. Мосазза дог диллинера цо: окопашкахь тIе бомбанаш оьгучу муьрехь; букъах тоьпан бух а бетташ, фашисташа шаьш Бухенвальдехь дахкош а… тIаьхьа сенчу Сибирехь а… Мосазза дог диллийтира, кхин гур бац-кх даймохк, маршо, гергарнаш аьлла!

Ткъа хIинца уггар гергарчарна йуккъе а хиъна, кIедачу машенахь цкъа а гур йац моьттинчу винчу аренашкахула вогIура. Гонахарчу Iаламе цаIабарца ша дIасахьоьжуш. «Вайн дахарехь, мел даккхий вуонаш гахь а, диканах догдилла мегар дац цкъа а», — ойла хилира цуьнан. Малхехь къегаш, дуьхьал уьдучу асфальтан асанца йухауьду сийна бошмаш, кIайн шиферш тоьхна керла цIенош, меллаша тIехтуьлу генарчу лаьмнийн раьгIнаш — массо а хIума тамаше, Увайсан бIаьрг цецбоккхуш дара.

Гергарчу аьрцнийн басешкара олхазарийн гlap а, хинан гIовгIанца иэелла, схьайеттара. ХIинцца зазадаьккхинчу зезагийн а, хьаннийн а хьожанаша, маццах цкъа санна, йуха a бaxийpa Увайсан корта.

Лаьмнех чудулуш, вовшашна тIаьхьа кхиъна киралелон машенаш, Эскинойхьа боьдучу новкъа йевлира, газик хьалха а йолуьйтуш… Тоххара ша Селитица къаьсттинчу боьранах генара бIаьрг кхетча Увайс, дог кийрахь кхоссалуш, тохавелира ша Iаччохь: цигахь хIетахь сеццинчуьра шен жималла йуха хIинца дIайолалуш санна, хийтира цунна.

Эскинойн аренех чувоьлчхьана мел гучу дитто, тархо, бердо хIинца дуьйна ма-ярра Селита дагайоуьйтора, хIораммо а цуьнан цхьацца битам карлабоккхуш. ТIаьххьара а Селитин амат дерриг а кхуьнан даг чохь дендира гондIарачу Iаламо.

Амма и дара хIетахьлера амат! «ХIинца муха йу-те и? Муьлхачу aгIop хийцаелла-те и? Гур йу-кх суна и хIинща!» — халла садеттара Увайса.

Кхеран машенаш Яьсси-хи тIе кхаьчча, райцентре чу ца хьевзаш, тIех а йевлла, Эскинойхьа чуйирзира. Увайсана йевзира маццах Iай, школина цкъа дечиг дохьуш, шайн трактор йоьхна меттиг. ХIинцца кхузахула тиллина доккха тIай дара. ХIорш, цунах а бевлла, йуьрта чу буьйлира жагIа боьхкинчу шуьйрачу новкъахула. Электросерлон телаш кхоьхьу бIогIамаш кхарна сихха тIехлелхара.

Машенаш йоггIушехь школин керта йаьхкира.

* * *

ХIинцца йолайеллачу урокера Селита, корехула цкъа ара а хьаьжна, йуха а дIайирзира, урок чекхйаллалц, гIалитIера йухабаьхкина, шена цига, хIунда бахана хуу Кериммий, Нурседий, цу шимма балийна инженераш а байна. Наха го а бина лаьтта Увайс а, царех цхьаъ ву а моьттина, кхин тидам ца беш, витира цо. Керим шен газика тIехь, царех цхьа инженер а эцна, райцентре вахара, цхьана гIуллакхана. Нурседа

1 ... 110 111 112 113 114 115 116 117 118 ... 122
На этом сайте Вы можете читать книги онлайн бесплатно русская версия Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев.
Книги, аналогичгные Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Оставить комментарий