Читать интересную книгу Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 93 94 95 96 97 98 99 100 101 ... 187
мохь белира лакха тIехь хьуьна чохь.

Бердан басахула лелхаш, хехкалуш чувоьссина, ведда тIевеана Мохьмад, говраxь волчу Iумаран настарх хьаьрчира.

Мохьмадан мохь хезча, тоьланаш чуьрий, хьуьна чуьрий схьа маьI-маьIIера гучудуьйлура адамаш. ЦІера уллохь, схьанехьа букъ берзийна, кхача кечбеш хиъна Іен зуда, хьала а гIеттина, схьахьаьжна, чурт санна, йогIайелла сeцира.

Iумар, говpара а воьссина, тIеволавелча, берзинчу когашца тIулгаш тIехула, хи чухула хьаьдда дуьхьалйеара Эсет а, Деши а.

Цхьацца агIор тIекхетта, барташ дохуш, хьистина, цхьацца aгIop йаьлла, пхьаьрсаш лаьцна, кIант Айзина тIевигира цаьршимма.

Текхахь хьакхош болу мижарг Iадда а битина, мижаргex дуьзначу куьйгех бина ши буй чIениг кIел таӀийна, цергашца корталин тIам а лаьцна, хIоьттина лаьттара Айза. КIанта, тIе а веана, ша мара йоьллича, цкъа хьалха балдаш, тIаккха чIениг йегийра цуьнан, хьех кIорге чухиъна ши бIаьрг хих буьзира.

ХIорш дара-дацара ала а кхиале, дагарш карахь тIевеара хьуьнxара араваьлла Васал a, MIaьчиг а. Хазахетар тIехдaьлла зударий боьлхура, шайн хеттаршна Іумар жоп дала а ца вуьтуш.

– Дитал шайн белхарш, – човхийра уьш МІaьчига. – Дийцал, муха хилира тIом, вийнарг, чов хилларг вуй? Iалелай, ма дукха эскарш оьзнера цига! Зингатийн туьйлиг санна, сийсадора-кх цара и цигара Iаннаш а, хьаннаш а!

Айзас хьолтIамаш йешшехь, Іумара сих а ца луш дийцира Коьжалкан-Дукъахь хиллачу тIамах а, шайн иэшамах а лаьцна. Виъ йуьртахо вийна аьлча, зударийн белхар иккхира. Болатах хилларг хаа лууш, Деши синтем байна хьийзаш гинчу Iумара, зударийн белхар дIатийча, цунах шена хуург дийцира.

– Болат вацара тхоьца. Иза Басса тIе хьажийнa имaмо, цигара йарташ гIовтто.

– XIета. Ловда вийна-кх, – гIайгIане вистхилира Васал.

– Вийна, Васал.

Васал, хьала а гIеттина, шен жоммагIа пхьаьрса кIел доьллина, меллаша хьуьна чу волавелира.

– Ахь хIун до, Васал? – тIаьхьа мохь туьйхира МIaьчига.

– Жимма кхарста воллу со, – йуха а ца хьожуш, къоро жоп делира Васала.

– Йай схьаболуш боллу, собарде жимма, – йухакхайкхира иза Айзас.

Амма Васал, йуха а ца хьожуш, корта а таӀийна, меллаша ког боккхуш, хьуьн чохь къайлавелира.

МIaьчиг хьалагIеттира:

– Мисканна ша лайнарг кaрлaдaьлла, – элира цо, доккха са a дaьккхина. – Цунна тIаьхьавоьду со.

– Ой, йуург ма йу схьайолуш, – оьгIазйахара Айза. – Аш лелориг хIун ду, дан мукъане а?

– Аш йаа, охашимма тIаьхьо йуур.

Шина гажарга тIехула пурх тесначу хьокханах кхозу цIестан йай, хьокханан ший а маьIиг лаьцна, айъина лаьтта а хIоттийна, серех дуцуш динчу чоьлпица хьолтIамаш текха йаха йуьйлира Айза.

– Сингаттам бу-кх хIара дуьне, – балхамаш бан хIоьттира иза. – Хаац-кх, Дала мича къиношна до хIара таIзар. Дала къина а ма лорийла, шовзткъe итт шарахь дуьнен чохь йаьхча, цхьаъ мукъана а ирсе де ца гина боxург эхь ду-кх. ХIор а денна адамаш ду дойъуш, йарташ йагайо, Сибpex xьийсабо. Летарх, къийсарх, ва Дела аьлла, нислуш хIума дац. Ца оьшура хIара дов доло а. Тоьлур доцу дов дитахьара мел дукха бехира шуьга! Амма наношка, зударшка аш ладогIац. Ткъа бохам тхоьга алсам кхочу. ЦІийнах-цIерах девлла, акхарой санна, кху хьаннашкахь лечкъаш лелар а, шуна сагатдар а…

Айзин бIаьргех мела хиш хьаьлхира. Корталин тIемаца уьш дIа а хьаькхна, текха йаьхна хьолтIамаш чоьлпица йаржийра цо, берамца кад хIотто йукъ мукъа а йоккхуш.

– XIинца цIахь Iай шу? Iаьлбаг-Хьаьжас хIун боху? – хаьттира Къайсаран зудчо Маккаc.

– ЦIахь хIунда Іа? – цунна тIевирзира дечиган туьппалга тIe a хиъна Iен Iумар.

– Кхин хIун дийр ду аш? Тоьлур доцу дов дита ма деза, и ца хаъал кортош боцуш бу шун тхьамданаш?

– Царна дика хаьа шаьш лелориг, – доцца хадийра Iумара.

– ВаллахI-Делора, ца хаьа хIумма-м царна, – моха йеара Маккина. – Тхо а, шаьш а дакъаздаьхна лела-кх. ЦІeнoш дагийна, кертара бежанаш дигна. XIинца ас хIун дан деза? ХIара стаг вехь, лаьцна Сибрех вахийтахь, cox a, береx а хIун хир ду?

– Тхан ненах хилларг.

– Шун нана а йу-кх декъаза дуьне дууш…

Iумар оьгIазвахара. Зударийн чІeIaмaшa йуучуx a дoгдaьккхиpa цуьнан.

– Тхо летар ду-кх делла дIадовллалц, йа маршо йаккхалц, – деро вистхилира иза. – Ма цIенош хили хьуна оцу вайн тоьланех! Даьхний вайн мичахь хилла? Халла кхиийна цІоьллакаш. Гай йуззалц дууш ца хилча, ца летта хIун дийр ду? Лийриг велла, вуьсург висина, цхьа агIо йаллалц летар ду-кх. Тхо делларш а ларий, шайн гIайгIа бе аш.

Айзина цкъа а ца гинера шен кIант иштта дера. Цецйаьлла цуьнга хьажайеллачу нанна кхин стаг гира. КІeнтaн йуьхьа тIехь хIинца лар а ца йисинера кхо бутт хьалхалерчух. Йуьхь Іаржйелла, азйелла, йахйелла гора. Маж-мекх даьллера. БІaьргаш а кхоьлина. Iусман, шен да санна, эсала ву, ткъа хIара шен амалшца шен ден вешега Аьрзуга хьаьжна…

…ХІaъa, MIaьчиг бакъ лоьра. Иза кхеттера доттагІчун дагах, даим санна. Цаьршинна вовшийн бIaьра ма-хьаьжжинeхь хаьара вовшийн дагара. Халахетча а, хазахетча a. Baсaл меллаша хьалха дIаоьхура. Ши бIаьрг лаьтта а боьгIна, гондIара исбаьхьа Iалам а ца гуш. Олхазарийн эшарш а ца хезаш. Шен йуьхьах деттало гаьннаш ца хаалуш. Йерриг шен ойланца къилбаседехьа, даймахка а вахана. Дагадeара шай, Косолаповвий ведда Нохчийчу вар. Цаьршиннал хьалха а, тIаьхьа а маса салти веанера кху лаьмнашка маршо лоьхуш! БIеннаш. Къизаллех ведда. Масане хIаллакьхилира уьш, оцу маршонeхьа къyьйсуш. Иза лоьхуш, цуьнан дуьхьа даймахках бевлла лийлира-кх уьш. Ткъа иза ца карийра. Йац-кх иза. Нийсо а, харцо а йу-кх массанхьа а.

Елисей а, Михаил а веана кхуза, хIара Васал санна. Царна а карор йу кхузахь Iожалла. Шайн ирс ду, карайахь. Дийна бисахь а, кийчча тангIалкхаш хир йу царна. Йа Сибрехан каторга. Дийна висина Васал а ма вац ирсе. Хьалхaлeppa Iaзaп, харцо, къоьлла. ТIекхеттарг хIун ду? Даймахке сатийсар. Ненан мaттax xьегар.

Декъачу, хебаршка ихначу логаца хьала-охьа уьду ира логашад. Васала сацабо кийрара арагIерта мохь. ЧIоггIа тIеттIатaIадо бIаьрнегIарш. Амма ницкъ бац кийра летта цIе сецо. Иза тIехтосу. Попан гIад мара а къовлий, цунна тIетаьIа Васал. ПIeлгийн мІараш чуйуьссу попах тесначу ковстах. Амма ницкъ бац кхидIа садетта. Васалан мохь болу. Къора. Бежанан санна.

– Васал, осала ма хилахьа! – белша тIе куьг диллира цунна МІaьчига. – Лийр долуш ма ду вай дерриш а!.. Ловда массарна а ма везара. Ма велха. Вай делхарх, хIумма а нислур дац…

Васала, схьавирзина, доттагI мара а къевлина, шен йуьхь цуьнан лога тIе таIийра.

– Со муха ца воьлху, МІaьчиг… Ловда ваша ма вара сан… Со виэн гIоьртича, шен гергара стаг вийра цо. Оцу бехкeнна Сибрех итт шо хан а йаьккхина, цIа веара иза.

МIaьчиг доттагІчун догъэца гIертара. Ткъа шен бIаьргех бертаза хиш оьхура.

Дикка лаьттира и шиъ, Васала сауьйзуш, МІaьчига къурдаш деш. Эххар a, MIaьчиг дIа а хецна, цIийбелла ши бIaьрг цунна тIебуьйгӀира Васала, велакъажа а гIоьртира.

– Къанвелла вайша, МIaьчиг, – элира Васала, бехкала вахана.

– ХIаъ, Васал, къанвелла. Дегнаш а

1 ... 93 94 95 96 97 98 99 100 101 ... 187
На этом сайте Вы можете читать книги онлайн бесплатно русская версия Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров.
Книги, аналогичгные Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Оставить комментарий