Читать интересную книгу Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 28 29 30 31 32 33 34 35 36 ... 122
делхар хезачу хIусам чу велира иза накъосташца цхьаьна.

Доьлхучуьра сецна нара тIера ши бер гома схьахьаьжира, тоьпаш а карахь, эткашца даккхий татанаш а дохуш, чубаьхкинчу нахе. Берийн нана, эскархошка дIахьаьжжинчохь йисира, цIенкъа йуккъехь йогIайелла.

— ХIа! Сихо йел! Гулйел хIумнаш! Iедалан сацамца шу махках дохуш ду… КIиранна тоъал йуург а, шайн бедар а, мотт-гIайба а схьаэца бакъо йу шун. Сихо йе!

Райкоман векало гочдира.

— Мича бахьаненна? Мича махка?.. — куьйгаш дIасатесира зудчо.

— И тIаьхьа хуур ду шуна. Сихо йе!

— Ткъа кхеран… да? Иза чуваза ма ву.

— Иза маьждиг чохь ву кху сохьта. Райцентрехь шух дIатухур ву.

— Ткъа тхо… Муха? Кегийчу берашца?.. — эпсарехьа йирзира нана.

— Сельсовете кхаччалц — гIаш. Цигара райцентре кхаччалц бераш ворданахь, баккхийнаш — «шайн шиннан» тIехь! — вела а къежаш, эпсаро шина пIелга а гайтира гIаш ког баккхаран кеп.

Бераш делакъежара.

Лейтенанта, кисанара схьайаьккхинчу шен блокнота тIе а хьоьжуш, массеран а цIей, фамилий хоттуш, къоламца билгалонаш йира.

— ХIа! Ма латтал! Сихо йел! — чорда тIечевхира эпсар.

Нана йоьлхура, бераш а делха дуьйлира. Лейтенанта цIенкъа автоматан бух туьйхира:

— Ма чIечкъал!.. Зама йац!

Салташа a гIo деш, нанас дегочу куьйгашца, халла схьагулйира некъана йуург, бедар, мотт-гIайбий, шиъ ларча йеш.

— Дуьло хIинца!

Чуьра арабохуш, неIсагIехь сецира нана. Йухахьаьжира: пенах кхозу ден — ненан суьрташ схьаэца йуьйлира.

— Мегар дац! Зама йац!

Пхи шо кхаьчна ШаIрани, ненах хьаьрчира, цуьнан йух а лаьцна.

Ши шо долчу Вахас, воьлхуш, ши куьг автоматчике хьалакхийдадора, ша караэца бохуш.

Автоматчикаша, буьйлуш, туьттуш кехбехира уьш.

Еремеевн накъосто — жимахчу лейтенанта а, дехьарчу керташкара арабаьхна доьзалш а бара урамехь лаьтташ, кхаьрга хьоьжуш. Массо а уьш вовшахтоьхна: иттех зуда, ткъе итт сов бер, кхин пхи-йалх стаг а Еремеевс отряда кепахь дIахIиттийра. Наноша кегийра бераш караийцира.

— Сельсоветехьа — нийсса новкъа! Некъал дехьа, йа сехьа ког баьккхинарг — вада гIоьртинарг ву. Цунна, суд йоцуш, цу сохьтта тоьпаш тухур йу!.. — омра дира Еремеевс.

ДIадуьйладелира. Ло тIеоьхура. Бераш чIечкъара, наной тийна боьлхура, кортош лестош, баккхийчу наха, доIанаш а деш, Деле кхойкхура. Ког сихбинна богIура, уллобевлла автоматчикаш а болуш. Сельсовете дIакхачале, оццу новкъахула, кхин кхо керт а йара чуьра доьзалш Еремеевс арабаха дезаш. Сийна ков долчу кхаьчча, и йоллу ковра арахь саца а йина, оцу кех чоьхьавелира и, шеца кхо автоматчик а эцна. Кевнна кIелхьара пхьу чухьаьдира Еремеевна.

Тапча йелира, шен «гIалх» хадош, жIаьла охьадуьйжира. Учахь гучуйелира хIусамнана. Иза йуьртан туьканахь болх беш йуй хаьара лейтенантана хьалххехь дуьйна.

— Тхо ду!.. — аьлла лейтенант, хаттар-алар доцуш, накъосташца цхьаьна, чувахара, эткийн татанаш а дохуш. Блокнота тIе а хьоьжуш, йуха а лерира цо чохьберш: хIусамнана, марнана, кхо бер, марваша.

— Эдилсолта мичахь ву? — лейтенанта бIаьргашца лоьхура иза.

— Оцу чохь… Цомгуш ву и.

Дехьачуьра йовхарш схьахезира.

Эдилсолта меттахь Iуьллура, йуьхь кхохкийна, сихха садоьIуш, хьаьж тIе хьацар тоьхна.

— ХьалагIатта! TIe хIума йуха!.. Шу массо а кхечухьа дIакхалхош ду Iедалан сацамца.

— Муха массо? Со фронтовик, орденш а йолуш, тIеман заьIaпxo ма ву.

— И хIинца башха а дац. ХьалагIатта!

— Муха гIотту со? Со-х цомгуш ву.

— Ворданахь вуьгур ву. ХьалагIатта!

— Кхетахь, хIай, накъост: тоьпаш туху кхиэл йинчунна а и тIаьхьатоттур-кх, дагар дIадаллалц!

— ХьалагIатта, йовсар! Ас тапча йолуьйту хьуна!

Эдилсолта, вист ца хуьлуш, пенехьа дIавирзира. Тапча йелира. Эдилсолтин къена нана а, вешин зуда а маьхьаршца схьахьаьдира. Салташа цу секундехь автоматаш тIелецира царна. ЦIийлахь Iуьллура хIинца кхин садоьIуш воцу Эдилсолта.

— Хьал меттах! Оха садоккхур ду шун! Массеран а! — цIогIа делира лейтенанте.

Берийн гIap а йайра.

— Довла! Сихо йе! — омра дира лейтенанта, лампин серлонгахь карахь тапча а лепош, автоматаш а карахь йуххехь кийчча салтий а лаьтташ.

— Дан хIума дац, сан йoI! Дан хIума дац! Кхочушде! — элира марнанас. — Кхара вай билггал дойур ду… дерриш а… и гуш ду… Берийн къа ду… Вайх-м хIун дора…

Бесачу балдашца цахеза шабарш а деш, марнанас а, зудчо а, халла гулйира хIумнаш, бераш а кечдира… Салташа, теттиний, лаьцний арабаьхна, вукхарех дIатуьйхира уьш.

Ло тIедогIура.

Еремеев, шен участкера ша гулбинарш балош, сельсовете дIакхаьчча, бухахь, кхуьнга хьоьжуш, лакхара лейтенант Петрушин вара, Эскинойн кхийолчу участкашкара балийнарш а гулбина, Iаш.

Еремеевс тIе а вахана, «честь» а делла, рапорт дира:

— Накъост лакхара лейтенант! Массо а схьавалийна. Шиъ маьждигехь ву. Цхьаъ, транспортабельни воцуш, новкъа ваккха йиш йоцчу хьолехь хилира!

Петрушина вист ца хуьлуш корта таIийра, цунах ша кхетар гойтуш. Еремеевс аьлларг: «цхьаъ виэн дийзира шен» бохург дара. Берияс динчу омрехь, новкъа ваккхалучу хьолехь воцург дийна буха ма вуьтийла аьлла, сацийнера. Петрушинан бIаьрган негIарш цхьана секундана охьадахара. Делахь а, «приказ — приказ ду». Петрушина, хIинца Еремеевн а гIоьнца, схьагулдина адамаш дIахIиттийра отрядийн кепехь, могIаршца нисдеш. Цомгашнаш, бераш, ворданаш тIе ховшийра. Доцца кхайкхийра:

— Райцентре кхаччалц — гIаш гlyp ду. Ворданаш вайна тIаьххье схьаоьхур йу. Некъах разваьлларг — вада гIоьртинарг лору. Цунна тоьпаш тухур йу цу меттехь, суд йоцуш! Марш! — Петрушин лакха коьртехь а волуш, и йоллу къепал дIайолайелира лайлахула, зударийн, берийн делхарца, къаной тийна Деле а кхойкхуш, йуххе хIиттина богIуш автоматчикаш а болуш.

Еремеевс гулбинарш къепалан цIоганехь богIура, вовшашка къорра дешнаш а кхуьйсуш:

— Стенга дуьгу-те вай?..

— Берех къахета-кх!..

— Суна-м вайн бухадуьсу кешнаш а дагахь ду…

— Уьш а Iийр бу-кх хIинца дуьйна, вай кхин тIе хIунда ца догIу-те бохуш…

— Дерриш дайа дуьгуш мукъна ма хилахьара вай…

— ХIай! Сацийта-л и осала къамелаш: вай дерриш дайа дуьгуш а дац, вай дерриш цхьана дийнахь лийр а дац! Собаре хила. Вайх цхьаберш лахь а, бераш дуьсур ду, вай собаре хилахь. Вайн къам йуха а дебар ду. Хенал хьалха вала гIоьртинарг а къонах вац, Делан дикане са ца туьйсург а бусалба вац! Цул а, хуучара, Деле доIа де, йа дагахь назма ала! — оьгIазе вистхилира цаьрга цхьа воккха стаг.

Еремеевс, карара автомат маса къепална тIейерзийра, уллохь вогIучу райкомерчу нохчочуьнга оьгIазе хаьттира:

— И хIун къамел ду?

Автоматчикаша а герз кечдира.

— ХIума дац! ХIума дац! Воккхачу стага мелхо а сатухуш хила боху массаьрга а, делхарш а сацадай, шаьш ца Iелахь йиш лакха элира, — шена хезнарг кIаддеш, гочдира нохчичо.

— Эшарш лекха мегар дац! — Еремеевс автомат охьайахийтира.

Цунна тIаьххье автоматаш охьайахийтира салташа а. Нагахь Еремеевс шайга аьллехь, цара билггала, ца кхоош, тIетухур йара автоматаш цу массарна а — уьш мел миска хиларх: шайн карарчу автоматаш чул башха, кхин ойла ца йора цара нехан баланийн. Уьш кийча бара, шайга и алахь, цхьаъ царех буха ца вуьтуш, массо а уьш байъа. И доллу доьлхуш догIу халкъ, мел и делхахь а, советан халкъ доцуш, церан ойланехь мостагIийн халкъ дара, шайн бераш

1 ... 28 29 30 31 32 33 34 35 36 ... 122
На этом сайте Вы можете читать книги онлайн бесплатно русская версия Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев.
Книги, аналогичгные Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Оставить комментарий