Читать интересную книгу Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 26 27 28 29 30 31 32 33 34 ... 122
тийна хетара. Урокаш йара. Хьехархойн десачу цIа чу а вахана, охьахиира и. Горгали бийкира. Къийлалуш верриг а вулавелла волу иза цIеххьашха ирахIоьттира: иза Керим вара. Чуйелира Кесира, чу гулбелира Анна Львовний, Каташший, Селитий, кхибершший. ГIовгIа гIаьттира — деларан а, делхаран а. ШозлагIчу классехь волу Каташ, тIеведда, ден кара а хиъна, мидалш хьейан велира. Йуьхьа тIехь бесо хетара Керим. Цо дийцира, ша чов хиллачул тIаьхьа, госпиталехь а Iиллина, эскаре вухаваха воллучуьра, дагахь а доцуш, цIеххьана мукъаваьккхина, цIа ваийтарх, ур-атталла шена йала билгалйина тIаьххьара орден схьайалаза а йуьсуш. Ша санна кхиболу вайн къомахой а, цхьацца кхиберш а, тылехь белхахой ца тоьу, сихха цIа кхача аьлла, новкъа дехира шаьш, бохура. Цуьнан аьтту пхьарс кагбина бара гоьлехь. Анна Львовна корехьа а йаьккхина, цуьнга шегга дийцира Керима Иван Саввичах лаьцна шена хуург.

Эскарехь кхуьнца цхьаьна декъехь хилла майор Иван Саввич Терентьев, xlopш тIаьххьарчу атаке боьлхуш, шен танка тIехь массарел хьалха мостагIашна чухьаьдира, амма, цхьа хан йаьлча, вайнаш бухабевлира, Терентьевн танк цигахь а йуьсуш. ШозлагIчу дийнахь, и меттиг вайчара йуха схьайаьккхича, хаьрцина Iуьллучу танка чохь цхьа а ца карийра. ХIетахь дуьйна Савва Ильич мичахь ву хууш дац.

Анна Львовнас ца гайтира йуьхьа тIехь шен бала, ца йилхира, мохь а ца хьийкхира. Тийно-м лелара иза. ЦIахь а йацара йелха йиш: Ниночкас хоьттур дара, Савва Ильича а ловр дацара. Бакъду, кестта гиччош къежделира цуьнан, амма бIаьргаш, даима санна, собаре догура, аз синтеме декара.

Цуьнан а, Селитин а доттагIалла кхин а чIагIделира: хIинца кхуьнан а дара дагара дийца, тIе, цхьаьний атта а хетара деана вонаш лан а, тIе хила тарлучух лардала а…

Тахана йуха a Iapa xIapa шиъ цхьаьний, ул-улло а хиъна, школин корехула лайн аренга а хьоьжуш, радион кедо чуйеттачу «Маньчжурин аьрцнашкахь» цIе йолчу вальсе ла а доьгIуш, гIийла ойланаш дагаоьхуш: «Масане хир йу уьш хIинца а цхьацца къахьонаш, гуш а йоцуш боданечу сонешкахь адамашна кIелхевшина, вайн некъаш лардеш», — бохуш санна. Россиян геннара бала йуха гергауьйхьура хIокхарна эшаро.

Дехьарчу басахь лаьттачу гарнизонера цIеххьана схьахезира чIоггIа самукъане оркестран музыка, — дагадаийтира кхана эскаран дезде хилар, и даздеш, школехь шаьш а бан болийна кечам чекхбаккха дезар.

— Кийча дуй вай дезчу денна? — хаьттира Селитас Анна Львовне.

— Самодеятельностан концерт а, докладчик а кечвина, эскархошка хаам а бина… ХIинца, хьо Iуьйранна схьайогIуш, ахь цIера цхьа куззий, стоьл тIе тосу шаршуй схьаеъчахьана, кийчча ду-кх вай! — аьлла, Селита цIа а хьажийна, Анна Львовна чуйахара.

Цу сохьта карзахечу гIовгIанца йеана, школе кхечира цхьа «виллис». Сецира.

Анна Львовнина хьалха хIоьттира райкомпартин геланча:

— Анна Львовна! Хьоьга сиха райкоме дIакхойкху — poгleра йоцчу дежурстве. ЦIечу эскаран дезачу денна аш кечбина синкъерам а тIаьхьатотту. Хьо дIайига веъна со…

Анна Львовна «виллис» тIехь дIайахара…

* * *

Оццу хенахь, Селита шайн чу кхоччушехь, чувеара Тавсолта а:

— ЙоI, схьагулйел чехка гали чу вайн хIусамехь йуучех йолу хIума. Новкъа дIайахьа тарлу бедар а, мотт-гIайбa а, ларча йай, кечйел!

— Дика ду!.. — тIаккха цIеххьашха: — ХIунда, ва дада?

— Хаац хIун ду. Йуьртахула доллу некъаш хIинцале дIалаьцна эскархоша. Тховса цхьа «манераш» хуьлу боху… Амма со оцу «манерах» хIинца тешаш вац. Кечло!..

— ХIунда, ва дада? — йуха а хаьттира Селитас.

— Тховса… вай махках доху боху цхьаболчара…

— Вай-й, Дела! — йелха йолайелира Селита. — Ткъа… Нурседий?.. Расуллий?.. — райцентрехь дехаш долу и шиъ дагадеара цунна. — И шиъ вайца хир дац-кх?!.

— Уьш-м схьакхетар бара! Ма йелха! Баккъал а «манераш» хила а мега. Делахь а, кечло!.. Хьанна хаьа?.. — Тавсолта, догIанна гулйелла марха санна, вусавелла, доIанаш деш, суждане вахара.

* * *

НКВД-н полковнико Петросовс, ша болу кечамаш шаьш бина девлча, буьйса йуккъейаханчу муьрехь, райкоман зала чу дIагулбира кху меттигера берриге нохчийн хьаькамаш. Уьш, дукхахберш, шайн къомана кечдинарг хIинцале а ма-дарра хезна бара.

Амма кIеззиг а и дайдан, шайн карахь хIумма а дацар дика гуш, шаьш хIинца дуьйна цу эскархойн йийсарш хиларх кхетта, кортош а охкийна, тийна Iара селханалера нохчийн хьаькамаш, шайлахь хIинццалц шайн къомана дуккха а ницкъ бинарш а болуш. Амма уьш а, селхана шаьш нахана лелийна харцо йиц а йина, тахана шайна тIехь йеш йолу харцо Iеткъаш Iapa. Йаххьаш кхохкийна, бист ца хилалуш Iapa, хьуьлла йистехь, Iедална а, нахана а хьанала чекхбевлла, Далхьаддий, Кериммий, уьш санна берш, царна а хаьара тахана шайн халкъана хьалха, цхьанхьа а даккха шайн орца доцийла. Полковник Петросов, шен дуткъий, Iаьржа цIоцкъамаш хьаьж тIехь гулдина, стоьлах къолам тоьхна, зал чу хьаьжира. Зал дIатийра.

Онддачу озаца полковнико, йукъ-кара зала чу бIаьрг а тухуш, дийшира, Берияс кечдина, Сталина чIагIдина буьйр. Буьйро хоуьйтура: тховса, I944-чу шеран февралан 23-чу дийнахь, Москохан барамехь нийсса кхо сахьт ма-делли, нохчий, гIалгIай, массо а, шайн доьзалшца, цхьаъ буха ца буьтуш, махках бохуш хилар: «Уьш Советан махкана кху тIамехь йамарт хиларна»… «Цара советан Iедална дуьхьал дукхазза а, герз а карахь, гIаттамаш барна»… «немцойн эскарна цара ма-хуьллу гIo дарна»…

Чохьболчарна, массарна а, цхьабосса дика хаьара цо дуьйцург цхьа а бакъ доцийла: тIеман хьалхарчу деношкахь, газеташа а ма-хаийттара, тIаме баханера (дуккха а шайн лаамехь а боьлхуш) ткъе итт эзар сов нохчо а, гIалгIа а. (ТIеман заманан барамехь и хила йезачу проценте кхочура). Советан Iедал доккхуш а, — и историна тIехь а ма-йаздарра, — нохчийн, гIалгIайн къам Революцехьа уггаре а майра тIом биначех дара. Советан Iедална дуьхьал, иза дIахIоьттичхьана, цкъа а цара цхьа а гIаттам ца бинера. Ткъа немцошна цара гIo дина бохург-м данне а бух боцуш дара. Кицанехь йуьйцучу чено, шена йаан дагадеъча, шен кIорни, шена и ца йовзийта, бехйеш, ченала карчийна бохург санна, и дерриге а кхоьллинера Сталина, Берияс, кхечу къаьмнашна хьалха нохчий, гIалгIай ма-хуьллу бехбархьама. И инзаре гIуллакх Сталинна эшнера, къаьмнаш кхерамехь а дахкош бен, Iедал шен карахь латто йиш йоцийла хууш. Берияна а, цуьнан гонна а иза эшнера — Сталинна хьалха базбала, чинаш даха, шайн меттиг чIагIйан, тIе Сталинна а дIагайта — шаьш ца хилахь, цуьнан меттиг а йухург хилар. XIapa гIуллакх кхочушдар шайна тIедожийначу, шайн ойланехь цара кхиийначу, лахарчарна а лаьара, царна хьалха базбала, шайн меттигаш чIагIйан. Иштта кхоллайелла «круговая порука», хьовх, «политически къуйн барт» бара иза. Долийна гIуллакх йуьххьехь дуьйна а зуламе новкъа далахь, тIаьхьа иза кхин а доккхачу зуламе кхочу.

Ткъа нийсо? Конституци? Ленинан весеташ? Хьехо воьлларг а йуьстахвоккхура цу сохьта…

Буьйра дешна а ваьлла, полковнико, чохь берш кхетош, тIетуьйхира:

— Операци йолайо, хьалха ма-аллара, нийсса кхо сахьт даьлча. ХIетале шун декхар ду, шаьш кху меттигера нах а, хьал а цхьабосса дика девзаш болу коммунисташ хиларе терра,

1 ... 26 27 28 29 30 31 32 33 34 ... 122
На этом сайте Вы можете читать книги онлайн бесплатно русская версия Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев.
Книги, аналогичгные Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Оставить комментарий