Цуьнгара хилла вас, йоI шех хIинца схьахьакхалушшехь цIенна йиц а йелла, хьаьира Тавсолтин дог, амма шен чIагIйеллачу амало и гайта а ца вуьтура: марахь хье ца йеш дIахийцира цо Нурседа. Да дехьа чу велира. ЙоI нанна улло охьахиира, цуьнан коьртах куьг хьоькхуш:
— Хьо-м толур йай, тхан нана, са ма гатде ахь! — хьоьстура цо иза.
— ДоьгIнехь, хир ду-кх иза а. Ца талахь а, дац хIумма а… Йалар-м ловр дара ас, шун бартхилар гичхьана… Iожаллел а хала ду-кх нанна доьзалехь барт эгIар… — доккха садаьккхира Нурбикас.
— Хьоьгара бала схьаэца… и бекъа йиш, мукъна, йелара тхан, нана! — элира Селитас.
— Дика ду и йоцуш а… Аш и дIаоьцур бара… Со йуьсур йара… Кху дуьненахь хIорамма а ша-ша такха беза шен бала… Бала боцуш цхьа а вуьсур вац… ХIинца paж соь кхаьчна.
Кхораш санна, даккхий бIаьрхиш оьгура, нанна уллохь лохачу гIантахь Iачу Селитин.
— Ма йелха… Делха эшац… Со йелча а, куьйгаш хьалха а туьйсуш, нахана ма делхалаш: нехан а белла… Йахь хила! Нах гIиллакхехь тIеэца… Делха кхуьур ду шу шаьш дисичахьана… Веллачун цхьа де бен хилац… Цуьнан гIуллакх цкъа хьалха дIадерзаде сихха… Дохий ма хьовза…
— Хьо-м лийр йаций!.. И ма дийцал ахь!.. — йуха а ненан коьртах куьг хьоькхура Нурседас. ТIехиллачу Расула, белша тIе куьг а диллина, хьаьстира йоьлху Селита:
— Баккъал а, делха бахьана дац… нана дика йу… кхин а гIоле хир йу.
Селита тийра. Нурбикин а сапаргIат делира: кхоь а бер бертахь шена хьалхха гора цунна хIинца: иза, ца Iебаш, серладевллачу бIаьргашца хьоьжура цаьрга.
— Схьайтал и… — этажерки тIерачу Нурседин деакIов куьзганехьа пIелг хьажийра цо. Селита Нурседега хьаьжира: тамашина хеттера, цкъа а ша чу хьожуш а доцу куьзга хIинца нанас дехар. Нурседас, тIе гата а хьаькхна, дIаделира нене куьзга.
Лерина чу а хьаьжна, Нурбикас:
— Дан а ду… сийна, — аьлла, йухакховдийра куьзга.
Нурседа кхийтира, вукхарна-м йуха а иза харц лен йаьлла моьттура.
ТIаккха, стол шена йуххе а хилайайтина, цу тIе Даудан сурт а хIоттийна, сов лерина цуьнга хьиэжа йелира нана, тIера бIаьрг а ца боккхуш. Моьттура: шен берриге тIаьххьара ницкъ гулбина и кIентан амат чухудуш йоллу, ша йоьдучу, сел шеко йоцуш ша тешачу, цу кхечу дуьнена шеца иза а дIадахьа дагахь…
Иштта иза Iаччохь Нурбикин йуьхь цIеххьана кIайелира, меран буьхьиг ирлуш, бIаьрганегIарш охьадийшира, корта охьабахара…
— Нана!.. Нана!.. — мохь белира йижарийн. Расул а воьлхура. Сехьа чу а ваьлла, Тавсолта меллаша йеса деша хиира цуьнан коьрте. ТIаккха, Нурбикин бIаьргаш дика ша дIа а хьабдина, вист ца хуьлуш, аравелира иза. Нурседий, Селитий, йоьлхуш, ненах хьерчара. Амма, церан белхар хIинца хезехь йоцу, Нурбика сапаргIат аркъал Iуьллура нара тIехь.
Цуьнан дакъаделла, доьзална даьцна, шен дуьхьа цкъа а вовшахтоьхна а, йа тоха деза моьттина а доцу, ши куьг, шаьш кху дуьнен чохь дийриг дина даьлла, шайн энжаде пIелгаш чу а хьаьвзина, хIинца паргIат, дегIан дохалла нисдина Iуьллура, цхьанна а кхин ца оьшуш, охьатесна ши кагтуха санна…
Цо, ача дIайохуш, йайшна чу хьекхначу куьйгийн разйевллачу мIарех бIаьрг кхетта Селита, дог Iаьвжийна, горайахара нанна хьалха, цуьнан куьйгашна, церан берчашна, цу мIарашна барташ дохуш: «Со йала хьан», — бохуш, ахIи-декъехь йоьлхура йоI…
Баккхийчу зударша лийчийна, марчо хьарчийна, кечдира дакъа. Сатоссушехь баханчу кегийчу наха каш а даьккхина, божарша барамахь, къонахчунна санна, тIехула верта а тесна, кешнашка йаьхьира Нурбика…
Кешнашкахь къуббана улло керла кошан барз хIоьттира…
— Иштта ду-кх xIapa дуьне, Тавсолта! ХолчухIоттарх хила гIоле йац… — кадам бора наха хаъал кхоьлинчу, таьIначу Тавсолтега. — Вохий ма хила! Дала гечдойла Нурбикина.
— Милла а соьга йогIучу дийнахь йеъна, цкъа дакъаза а ваьккхира, хIинца, цхьа а ца йогIучу дийне со кхаьчча, йелла, шозлагIа дакъаза а ваьккхи xIoкxo со… Дела резахуьлда, — олура Тавсолтас, ша мел балехь велахь а, зуда бахьана долуш, нахана таьIна ша гайтар осала лоруш…
Цуьнан цIен тIехь и шозлагIа тезет а дIадирзира…
Цо кхин Iен а ца магийтина, иттех де а даьккхина, дIадахара Нурседий, Расуллий, Нурбикин коша гонаха дика керт а йаьхьна, чурт а доьгIна…
* * *
ХIинца Тавсолтин цIа деса дара. Селита ша йисира деца. Цо дагахь йух-йуха а багарбора шех белларш: нана а тIекхийтира царна хIинца.
Халкъалахь а и ма-аллара, ваша велча мархалдоьлла Селитин даг тIера зезаг, хIинца нана йелча, охьадуьйжира. Селитин бIаьргаш, шайна чохь хIинццалц гIийлла баьгна чиркх а хIинца берриг а дIабайна, хIинца, буьйса санна, гуттар Iаьржа гора. Денна йоьдура иза кешнашка.
Анна Львовнас кхин а алсамбаьккхира Селитина ша тIебиллина болх, шен ма-хуьллу цуьнан хан паргIат ца йита гIерташ. Амма Анна Львовна ша а, Иван Саввичера дукха хенахь дуьйна кехат доцуш, гIайгIане йара. Цунна а сингаттаме дIаоьхура денош… Балхахь а шайн мукъачу хенахь дукха хьолахь цхьаьна хуьлура Селитий, Анна Львовний, ца йаьлла бен шайн чу а ца йоьдуш.
Тахана а, занятеш дIаевлча а, цIа ца йоьдуш, цхьаьний Iapa и шиъ хьехархойн цIа чохь, корах ара а хьоьжуш, радиохула лоькхучу Огинскийн полонезе ла а доьгIуш. Кху шеран дуьххьарлера ло дара догIуш: мох боцчу арахь, чекх генна са а гуш цIена долчу хIаваэхь, цхьамма-м комаьршачу канашкара чухецча санна, саццаза охьаоьхура месала, даккхийра кIайн чимаш. Селита лаьттара корехь, букъ тIехула ши чIаба охьа а йахийтина, коьртах шарф а хьарчийна, меттах ца хьовш. ЦIеххьана цуьнан белшаш кеггийра йегош, ши чIаба а йай техкаш, тидам хилира Анна Львовнин.
— Хьо йоьлху? ХIунда йоьлху хьо, Селита? — цуьнан белшах куьг хьаькхира цо.
— Ло догIу… Нанина тIе догIу… — са а ийзош, жимачу беро санна, элира Селитас.
Шен нана дуьнентIехь а йоцуш, дуьххьара цуьнан кашна тIедогIучу цу лайн тидам хиллера йоьIан. Оцунах кхеттачу Анна Львовнас, цуьнан цIоцкъамашна, лешначу бIаьргашна, гиччошна тIе куьг хьоькхуш, хьаьстира иза, жима бер санна.
— Ма йелха, Селита! Ма йелха! — амма Анна Львовнина шена а цу сохьта массо адамаш а миска хийтира. — Ма йелха… — элира цо йуха а, — массарна а тIе догIур долуш ло ду иза!..
Тавсолта коре хIоьттира, Селите чукхойкхуш. Иза тоъал оллавеллера: хьажар а, тохара санна, онда дацара, аз а кIедо декара. Шен коьрта Iалашо а йайна, кхин дан хIума а доцуш ша виснарг санна, иза, сих а ца луш, парггIата лелара хIинца: иза мел кхийринарг хилла даьллера.
КЪЕМАТА БУЬЙСА
I944-чу шеран январан хьалхарчех долчу дийнахь школина хьалхха сецначу грузовика тIера сиха охьавоьссира стаг, школин керта ваьлла, соцунгIа а хилла, цхьана метта вогIавелла, шена гонах дIасахьаьжира иза.
Дерзана генаш, куьйгех тера, шуьйрра дIаса а даржийна, «Дада-бIарана» тIехьа могIаршца лаьтта кIайн беш, Iуьйренан гимнастикина дIахIоттийначу взводах тарйелира цунна. Ло диллина керт тапъаьлла