Читать интересную книгу Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 16 17 18 19 20 21 22 23 24 ... 122
колхозан экономикина дина зулам а гойтур ду-кх хьуна вай хIинца!

Тойсум а, чуьранаш а сакх хилира.

— Кху гIуллакхца доьзна долу «вещественни доказательство» схьагайтал хIинца, — элира суьдан председатело неIсагIехь лаьттачу шинга.

Цу шимма вахана, ара а ваьлла, йуха йиллинчу залан неIарех, массарна а гуш, чутеттира цхьа жима астагIа сира вир. Ах чоьхьа а йаьлла, вир цIеххьашха неIсагIехь сецира, шайн виран амалехь, кхин меттах ца хьовш. Арахьа лаьттачаьрца хилла волчу Тавсолтас — (и цIена дагадогIу цунна хIинца а), — тIе а веъна, тIехьашхула теттина, вир йерриг а чоьхьа йаьккхира, ша а чоьхьа валаран дуьхьа. НеIарш тIечIегIира, Тавсолта а чохь вуьсуш. Вир дIахIоттийра нахана гойтуш суьдана хьалха, кхаа кога тIехь, цхьа ког шен кхозуш а болуш.

— Гой хьуна хIинца? И болх ахь биний? Оцу балхана бехке вуй хьо? — хIиллане хаьттира суьдан председатело.

— Ву… — корта охьабахийтира Тойсума.

— Суьде ала хIума дуй хьан? — йуха а хаттар дира суьдхочо, и кхузахь ала оьшуш а доццушехь, дуьххьалдIа чохь ладоьгIучарна а Тойсум ша ишта говза кIелвитна хилар дIагойтуш.

Тойсум вист ца хуьлура.

— Алал! — йуха а цавашарца хаьттира суьдхочо.

И чоь а йекош, вир Iаьхира.

Зал йатIийра адамийн деларо.

— Арайаккха и чехка! — мохь белира суьдхочун.

Тохарлеррачу шимма, оззийна, вир арайаьккхира. Иза а дара цу заманахьлерчу йуристийн къоьлла гойтуш: бехкебийраш дукха хьолахь буьззина бехке ца хуьлура, Ткъа хIуъа-а тIеоьзна а, церан бехк чIагIбан дезара.

Суьдан председатель, шех тоьъна, хьоьжура зала чу: цхьацца гIалаташ дийлинехь а, суьдан процесс, коьрта долчунна тIехь, чуьра нах а тешош, дика нисъеллачух тера хетара цунна: бехкебечара шайн бехк оццул тIе а лоцуш (Москвахь санна!), хилла а йацара кху районехь и тайпа процессаш…

Коьрта бехкевечо, прокуроро, суьдан процессан жамIдеш, шен дIадерзоран къамелехь дийхира суьде цу кхаанне а, царех цхьаъ ца къастош, тоьпаш туху кхиэл йар.

Чекхволлуш, тIетуьйхира цо, йуха а, гарехь, Москохарчу гlaраваьллачу генеральни прокурорах Вышинскийх тера хила гlepташ, аз а стамдина, аркъал а таьIна:

— Уьш дуьнен чуьра, лар йоцуш, тIепаза бовр бу, шайн халкъан дагахь ца буьсуш, шаьш цунна йамарта хиларе терра. Церан каш а, эрна лаьттар ду, тIе къух а даьлла, тIевогIуш стаг а воцуш, йукъ-кара шайна тIехула къийгаш а хьийзаш, ур-атталл уьш а церан коша тIе ховша а ца йешаш. ХIу дайла халкъан мостагIийн! — зала чу хьаьжира прокурор ша динчу къамелан Iаткъам толлуш. Чохь тIараш дийкира. Прокурор, тоам хилла, охьахиира: цунна дага а ца догIура суьдан кхиэлаца тоьпаш тоьхначеран каш хуьлуш цахилар а, къийгаш адамийн коша тIехула цахьовзар а, хIунда аьлча цу чуьра хьожа цаьрга дIа ца кхочу дела. Прокурорна и бен а дацара: коьртаниг — аплодисменташ дара…

Прокурор а, коьрта суьдхо а (ший а гIалитIера ваийтина волу) мел гIиртинехь а, важа, кхузара йукъавахийтина, ши суьдахо тIе ца верзарна, хIоранна а, тоьпаш туху кхиэл а ца йеш, итт-итт шо хан туьйхира. Иза, цу замане хьаьжча, башха къаьхьа кхаъ а бацара: и-м бехк банне а боцчарна а тухура хIетахь «кхааммо». Тойсуман шина накъосто шайн тIаьххьара олу дош ца олуш дитира.

Тойсума, шен тIаьххьарчу даша тIехь, дегI нисдеш хьала а гIаьттина, суьдехьа а вирзина, элира, чуьранаш сакхбевлла ладоьгIуш а болуш:

— Сан хIумма а дац суьде ала цуьнан кхиэлах лаьцна: и хилла йаьлла. Амма кху чохь прокуроро шен къамелехь элира, тхох кхаьрдаш, ур-атталл къийгаш а йешар йац тхан коша тIе ховша бохург. Цунах лаьцна оцу прокуроре шегга, амма шуна а хозуьйтуш, суна дIаала луур дара: цуьнан коша тIехь къийгаш ур-атталл нишка а ховшур йац!..

Чохь мел верг — Тавсолтина дика дагадогIу, — тоха са доцуш, гIадвахана велавелира. Хьалхахьо Iачу Далхьаде, лере а таьIна, Тавсолтас элира хIетахь:

— ГIеххьа къинтIера вели-кх со цунна, цо и дика аларна!..

* * *

И дерриге дага а лоьцуш, ойла йеш, вогIура Тавсолта: «Дика ду: хIетахь Тойсумна итт шо туьйхира. Ткъа диъ бен а ца даьлла… Веддаволчух иза тера а вац… Ткъа иза схьа хIунда хецна йалх шо хьалха? Цунна хIинца НКВД-с тIедиллинарг a xlyн ду?..» — цу шеконаша садууш вогIучу Тавсолтас сихдира хIинца ша Далхьад волчухьа эцна болар…

IАЬРЖА ЛО

Тавсолта дIакхаьчча, райкомна хьалххахь репродуктор кIел гулбелла нах лаьттара. ТIевахара: хаам бора мостагIаша Малгобек дIалаьцна, Лаха — Неврехьа тIетеIаш а бу, цхьаццанхьа чу бомбанаш а йиттина бохуш. ЛадоьгIучаьрца Далхьад а вара. Маршаллаш хаьттина, ший а йистехьа велира.

— Ахь соьга хIунда кхайкхина? — Далхьаде хьаьжира Тавсолта.

— Корехула хьо вогIуш а гина, аравелира со… Цу чохь а дийца мегар доцуш, сов къайлаха хIума ду хьоь хаийта дезаш.

— Дера, сан а-м ду! — Iа ца велира Тавсолта, шениг хьалха ца даьккхича.

— Делахь, дийцал хьайниг!

Тавсолтас дийцира, ша хIинцца кхуза схьавогIуш, Эскинойн-эвла йистехь шена цIеххьана Тойсум гар а, цуьнан шеконе лелар а, цунах шена хеттарг а. Цеце корта хьовзийра Далхьада:

— Хьо нийсса схьакхаьчна! Цунах доьзна ду ас хьуна кечдинарг а! — Далхьад кхин а йистехьа дIаволавелира:

— Хьуна дагадогIу-кх хьастагIа ЧIап-ломана тIехьа вай десантхой лаьцна. Ткъа цара гIали тIехь а тIечIагIдина, шайна тIаьххье Эскинойхь чукхисса кечбина кхин а десантхой бу, уьш тIеэца кийча берш хьалхехь билгалбаха дезаш а дара шаьш аьлла. Ткъа вайн НКВД-с и тайпа нах, хьалххехь зиэ а зийна, гучу а баьхна, хIинццехь леца план хIоттийна. Кхийтин хьо: хIунда хьажийна шун йуьрта Тойсум, и лаьцначуьра ведда кеп а хIоттийна? Гой хьуна, Тавсолта, и Тойсум а, цо шеца балон берш а, вайнехан гIиллакхе оьзна, тIеоьцу берш а хила тарло йуьртахь. Ткъа вайн НКВД-с и тайпанаш а, бакъ болу мостагIий а лерина чубухкур бу. Ткъа райкомана шен районехь ца оьшу НКВД-хойн и китарло: царна медалш йезара бохуш, тхуна йуьхьIаьржо хьашт йац. Шун йуьртана а и сийлахь хир дац. Ахьа, сихха гIой, йуьртахошка дIахаийта — хьайна тешаме хеттачаьргахула — и тайпа нах тIе ма оьцийла, мелхо а, гучу ма-бевлли, цу сохьта Iедале дIалойла алий.

— Дика ду, — резахилла Тавсолта, сихха Эскиной вухавахара.

* * *

Тойсум, тIай йистехь Тавсолтех ша дIакъаьстинчул тIаьхьа, сарралц Эскинойн хьуьнчухула а лелла, эххар а эвла йисттехь вехачу Бетаран кетIа хIоьттира.

Садовшшехь догIа доладеллера. ТIевахна, Бетаран кор туьйхира Тойсума. Бетар кетIа велира:

— Мила ву хьо? Чувола. ДогIанехь ма латта, — элира Бетара.

Ший а чувахара.

— Бетар! Со ца вевза хьуна? — хаьттира Тойсума, вела а къежна. — Со Тойсум ву. Хьуна ма-хаъара, цхьа а бехк боцуш, итт шо хан тоьхна, Сибрех вахийтира со. ХIинца, аьтто а баьлла, лаьцначуьра ведда со, кхеран зама дIайолуш а гина. Чувитахь со. Цхьана-шина денна, мукъна а. Вайшинна йукъахь, вон деъна меттиг хиллехь

1 ... 16 17 18 19 20 21 22 23 24 ... 122
На этом сайте Вы можете читать книги онлайн бесплатно русская версия Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев.
Книги, аналогичгные Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Оставить комментарий