берш а къаьхкара царех: уьш царна а кхераме бара. «Мотт беттарш» аьлла, и кхардаме цIе а тиллира ишттачарна халкъо, шена царех гlo ганне а ца го дела. Амма цу тайпана «къайлаха гIодийраш» — «мотт беттарш» — шен халкъана йуккъехь Сталина шуьйрра баржор дара иза халкъах цатешар гойтуш: Ленин веллачул тIаьхьа ша йукъадаьккхинарг халкъана деза хIума доцийла шена а хаьара цунна. Ленина кхоьллина йолу халкъан пачхьалкх, халкъах а йаьккхина, цунна дуьхьал йерзийра Сталина, цундела и тайпа «къайлаха гIодийраш» Сталина халкъана йуккъехь а, пачхьалкхан маьхькамашлахь а тIех шуьйра баржор, халкъан дуьхьа а доцуш, мелхо а, халкъана дуьхьал дара, и халкъ Сталинан буйнахь латто аьтто беш. Амма халкъана и моттбеттарш ца оьшура.
Баккъал аьлча, халкъан йолчу пачхьалкхехь халкъана дуьхьал цхьамма дийриг, цунна гучу а ца долуш генна дIагIойла а дац, халкъан гIорто ша халкъ хиларна, Ленина и ма-аллара.
Ширачу Египтехь, Римехь, ГIажарийн имперехь, Паччахьийн Россияхь, массо а халкъа йоцчу пачхьалкхашкахь цундела Iедалхоша баржош а хилла и тайпа моттбеттарш шайн халкъана йуккъехь. Цундела Гитлера а, цунах терачу вайзаманахьлерачу кхечу диктаторша а шайн пачхьалкхашкахь вайн заманахь а шуьйрра дIахIоттийра и гIуллакх. Амма массарел а чIогIа, массарел а шорта и гIуллакх шен махкахь дIахIоттийнарг Сталин вара: цо йоьттира шен пачхьалкх сексотех, царех халкъана дуьхьал гIорто йеш, адамаш вовшех цатешарх пайдаоьцуш. Цундела халкъана кIорггера ца безара моттбеттарш. «Дош дацар-кха уьш берриш а лаххьийна дистина доьдучу хиэ ца бахьийтича», — олура Тавсолтас а, царах къамел ма-тасаделли.
Амма Сталинна а, цуьнан коьрта гIорто хилла дIахIоьттинчу НКВД-на а чIогIа оьшура уьш: царна тIе а тевжина латтадора Сталина шен карахь Iедал. НКВД-ссий, и моттбеттачарий гlo дира Сталинна парти шена кIелхьаша а. Цундела Сталина, гарехь, церан а аьтто бора.
Тавсолтина дагадогIу, «сплошной коллективизаци» дIахьош, Тойсуман кхин а майравалар: шеца накъостий а оьций, хьеннан а чу воьдий, цIийнах хьожура, карийна йалта «пачхьалкхана» дIахьора, «совнаха бежана» колхозна дIадуьгура, тIечехара, луъу стаг, лоций, дIавуьгуьйтура. Тойсумна дуьхьал наха оьхуьйтучу аьрзнех а хIума ца хуьлура. Нах Iадийча санна бисира. Тойсума байира цу йуьртахойн Советан Iедале болу тIаьххьара безам. Iедалх а наха дог диллира хIинца.
Тавсолтина, хIинца ша вогIуш, цIеххьашха дагадеара: оццу муьрехь шега цкъа сельсовете кхайкхар. Xlapa а волуш, хIетахь кхеташо йира Тойсума, колхозехь цу шарахь, докъар а ца тоьъна, хIаллакьхилла даьхни йуьртахошкара, хьаьнгара мел, xIун схьайаьккхина меттахIоттаде вай, аьлла.
— Хьуна хIун хета, Тавсолта? — аьлла, Тойсума хIиллане бIаьргаш кхунна тIедуггIушехь, чохь инзаре тата делира, коран рама дIакхоьссира, стол харцийра, чу кIур хIоьттира, нах аркъалъийгира. Амма, цхьадика, цхьа а ца лазийра, кегаберса чкъуран чевнаш хилар доцург.
Хилларг теллича: цхьамма-м, хIорш чу а гулбалале, хьалххехь, кхеран стол кIел чуьйна гIуммагIа йиллина хиллера, тоьпамолханах йуьзна, чу чаччамаш а ца йохкуш, пенан кIелдIахула арахьа даьхьна чимчаргIа а долуш. Гарехь, иза арахь лата а дина, дIавахнера зуламхо, xlopш чугулбеллачул тIаьхьа. Тойсума оцунах а шена пайда ийцира. Цу сохьта кехат дахьийтира НКВД-е: «Йуьртахь Советан Iедална дуьхьал кечбеш кулакийн гIаттам бу. Сельсоветана чохь бомба а эккхийтина. Оцуьнан тхан шеконехь берш хIорш а бу», — аьлла, шена ца везачу исс йуьртахочун цIерш тIейазйина кехат къайллах дIаэцна вахийтира цо пхийтта шо кхаьчна волу ден вешин кIант Эмин. Тавсолтина дагадогIу: сатоссуш йуьрта НКВД-н бIо беана. Шиъ лецира. BopxI, шаьш хоьттийла а хиъна, ведда, ЧIап-ломан хьехахь дIалечкъинера. НКВД-ерчу эскархоша, уьш болу меттиг схьа а карийна, вукху дийннахь гуо лецира царна. Карабахка ца туьгура. ТIом бира. ТIаьххьара а схьайуьйлу тоьпаш севцича, ларлуш тIебахна эскархой хьаьвсича: ворхIе а вийна Iуьллура. Амма цаьргахь шиъ бен топ йацара. Толлуш, церан дегIех хьаьвсича, массо а «бандит» цхьабосса ког-куьг дилина, маIарш дIахедийна, чухула цIена дуьйхина, схьагарехь, шайн дагахь хьалххехь гIазот тIеэца кечбелла нах хиллера. Вала охьавоьж-воьжнарг къилбаседехьа йуьхь йерзийна а Iуьллура…
Цу дийннахь меттигерчу НКВД-н хьаькамо рапорт хьаладахьийтира: «Кулакийн гIаттам бохийна. Исс бандит вийна. Герз схьадаьккхина, биснарш бевдда, уьш схьалеца тIаьхьабевлла бу»… Тойсумна грамота а, меттигерчу НКВД-н хьаькамна орден а йелира. Амма царех цхьамма а хIетахь ойла-м ца йира: и гIаттам «кулакийн» муха хуьлу, кулакаш тоххара бохийна махках баьхна хилча? Дагадеънехь а, и санна дерг хIетахь хьахо цхьа а вер вацара: ТойсумгIар тоьлла мур бара. Тойсумах, дукха хан йалале, райкомпартин пленумехь райкоман а декъашхо вира. Цу муьрехь аьттонаш совбуьйлуш вогIура Тойсум.
Амма цунна а ца хуьлура даим а аьттонаш. Тавсолтина дагадогIу, эвла йисттехь вехачу Бетарца хIетахь Тойсуман иккхина дов. Бетара, шеца цхьаьна кертахь вехачу, шел жимахчу шина вешица а барт бина, шун а, малар а хIоттийна, сарахьо чукхайкхинера Тойсуме, тIаккха, мукъна, IадIийр вацара-те иза аьлла, шайгара ца йогIу, совнаха хIуманаш ца йохуш. ГIеххьа маларх а кхетта, дикка самукъадаьлла Тойсум Iаччохь, кIеззиг гIуллакх хилла, Бетар араваьллера. Керла йуург Тойсумна тIейахьаш чуеана Бетаран къона хаза йиша Совпату, пхьарс а лаьцна, Тойсума шена тIеозийнера. Совпатус мохь хьаькхна, чуиккхинера Бетар а, важа ши ваша а. Тойсумна лога тIе шаьлта а хIоттийна, Бетара хаьттинера:
— Ас цхьа лерг доккху хьан! Харжа: муьлхарг?
— Собар!.. Собар!.. Цхьа дош алийталахь соьга! — леткъира Тойсум. — Аш и дахь, нахала а дер ду и, Iедале а дер ду. Оцунах шуна а доккха зулам хир ду тIаккха! Со къера ву сайгара даьллачунна, — Тойсум цу сохьтта ша меллачу маларх меттавеънера. TIe, иза атта къарлун волучарех а вацара. — Вайнехан Iедалехь аша лелориг нийсо йац. Соьгара шуна хилла эхь цхьанна а хууш а доцуш къайлаха ду. TIe хилаза а ду. Ткъа аша сан лерг даьккхича, и дуьненна а гуш хир ду. TIe, оцуьнан бахьанех нах ца кхуьуш а Iийр бац, тIаккха оцунах шун Совпатуна а сий тIекхетар дац. Цундела ас доьху шуьга, со къера ву сайгара даьллачунна! Сох къинхетам а бай, кхин тайпа, къайлаха дуьсу долу таIзар а дай, витахьара аша со!..
Вежаршна Тойсум нийса луьйш санна хийтира. «Дика ду делахь!» — аьлла, тIе шаьлтанаш а лаьцна, Тойсум нара тIе бертал а вижийтина, цуьнга шен шарбал шега охьа а йаккхийтина, цуьнан охьахуучу кIедачу метте, цIергахь цIиййина, ши кепек йиллира Бетара, кхагаран хьожа а йоккхуш. ЧIикъ ца боккхуш, лайра и Тойсума: «Цига хьоьжуш-м мила воллур вара?» — бохург шена дагахь долуш санна. Амма и гIуллакх чекхдаьлча а, Бетара, цу тIехь а ца соцуш, Тойсуме оьгIазе элира:
— Ахь хIун дей хIинца: дIо уьйтIахь, рагIуна тIехьа, тхуна хьаштагIна ор а доккхур ду ахьа, вукху aгlop а хьайна изза хьал дойла ца лаахь!
Йуххехь лаьтташ, шаьлтанаш а йаьхна, важа ши ваша а вара.
— Гур ма ву со.
— Гур вац. Садовш лаьтта. Гонах керт а йу. Сахилале