цецвелира Дауд — бIаьрхиш ду моьттина. Амма и кхийтира: уьш дан а дара, кху чу а вале, дехьа чохь, кхунах къаьстинчу нанас, xlapa мара а къевлина, кхунна тIе Iенийна бIаьрхиш. Дас меллаша дIахийцира воI.
— Дада, ахь ма-аллара, вай йуха гой а хаац, сан а ма дара хьоьга цхьа дехар… мегар делахь.
Йижарий комсомолехь хилар ша дIавахча, дена гучу ца долуш, дуьсур доцийла хаьара Даудна.
— Дика ду, дийца!
— Со цIера ваьлча а цу шина йоIе, уьш кхин йукъах ца бохуш, дешийталахь, дада, цхьа шо бен церан дисинарг а дац!.. TIe, уьш ледара а бац хьуна, дада!
— Дика ду! — аьлла, кIант кхин цкъа мара а воьллина: — ГIуо, хьайна! — аьлла, дIахьажийра Тавсолтас, ша тIаьхьа а ца волуш.
* * *
Дауд а, Увайс а, цаьрца цхьаьна эскаре боьлху кегийрхой а райцентре кхаччалц новкъа баха бахара Кесирий, Анна Львовний, Селитий, Нурседий, лакхарчу классашкара дешархой. Йуххебевлла уьш а болуш, тIеман заманан иллешца, гIашсалт санна, отрядан кепехь богIура, луларчу йарташкара а тIехь вовшахкхетта, призывникаш, шайна хьалхаваьлла райвоекоматера векал а волуш. Райцентр йара Эскинойра дIа, Яьсси-хих а ваьлла, дехьарчу орцахула гIаш вахча, сохьтехь бен некъ боцуш…
Орцан хьуьнахула чекхбовлуш, шайн могIанаш дохийна призывникаш а, уьш новкъа бохурш а, иэ а белла, шишша-кхоккха цхьаьна богIура. Нурседа Даудца йара: цхьаьна догIу Анна Львовний, Селитий, Увайссий кIеззиг тIаьхьа соьцура. Луьстта сенйелла хьун къорра гlepгlapa. Бай хьоькхура аьхкенан мела мох. Синкъераме декара олхазарш. ЦIеначу хIаваэхула йаьржинчу бес-бесарчу зезагийн хьожанна кортош чохь шатайпа зов лаьттара. Анна Львовна кест-кеста тIаьхьа соцура, зезагаш лехьош, тIе, къоначарна вовшашка дош ала меттиг йалийта а лаьара цунна. Амма и дIакъаьстича, xlapa шиъ, шаьш хIун эр ду а ца хууш, дегнаш чуьра схьагIерта коьрта дерг легашкахь соьцуш, мелхо а дист ца хилалуш догIура. ТIаккха Увайс, некъаца нислучу, шена дика девзачу, Селитина наггахь бен цIераш а ца хуучу, диттех, бецех, зезагех лаьцна дийца велира:
— Иза къахьашто ду… тIе стом ца лета… сов чIогIа ду, шех неIаршший, корашший деш. Xlapa маъ ду, дIогарниг, кхунах тера а долуш, дак ду, дакх дац. Ламанца долу. Цуьнан кевстиг кхин а шера, цIена хуьлу… И сула ду, цIулла дац. ЦIулла кхин ду. Xlapa а ламанца долу. Кхунна тIехь, хурманаш санна, мерза стом хуьлу. Амма кхуьнан сий кхечунна ду: кхунах бо дечиган пондар! Кхунах лаьцна олу и вайн йуьртарчу цхьа бIаьрг боцчу Хьасана а шен илли тIехь:
Хьуьнах декъазчу сулан пондар,
Желахь декъазчу газанан пхенаш,
Йуьртахь декъазчу соьга кхечи…
Увайсна кху орцахь массо а тайпа дитт девзара. Уьш хазахеташ дуьйцура цо йоIана. Шиннан а синош кху сохьта Iаламах а, вовшех а ийнера. ХIинца бецаш йийца вуьйлира Увайс.
— XIapa цкъарг йу… иза — акха хох… ткъа иза боь бу — акха саьрамсекх. Ламанхоша, ата а отий, далланашний, чуданашний чудухку боьш а, татеш а. Кхунах заIпар олу, шех шекъа доккхуш буц йу xlapa. Кхунах — бIаьста олу. Xlapa хьакхайелча чкъурах ноткъа йо. Ткъа xlapa — лаьттамуьстарг йу, динбергах тера, амма цул йаьржино, муьсто чам а болуш, и санна, сурхашний, IаьржбIаьрганий дарбане а йолуш… ЧIирбаI… ГIантбаI… Йиппарш… Липпар…
Ламанца йоцуш а, Увайсна ца йевзаш а буц йацара.
— Ахь-м суна дийнна ботаникан урок йели, Увайс! — йелакъежира Селита.
Увайс соцунгIа хилира. Цуьнан дог кхечунах дуьзнера, цунна кхин дийца лаьара. Анна Львовна, башха герга йоцуш, тIаьхьо йогIура. И шиъ схьадогIуш хIинца некъан йистошца нислора бес-бесара зезагаш: цIелерг, тобалкх, петIамат, басар олу сийна зезаг; лаьмнашца шелонгахь а кхуьу, цIен бос болу — шелла; ал-цIен зIам; можа-цIен доьра-зIам; пац-зезаг, чахкар-зезаг… Селита цецйохура Увайса, цунна хезна йоцу цIераш йохуш. Увайсана тахана хьалхачул а хьоме хетара маьI-маьIIера схьахеза олхазарш а: эхь доцу хьозарчий, оьзда чIегIардигаш, даима цхьаъ хоьтту хIуттут, гуттар цхьаьнга кхойкху хенакIур, дукха йека чIегIагаш, охьахиъначохь хаза сетта хIурцIалдиг — масане дара уьш кхузахь! Уьш массо а хIинца къаьсттинчу тидаме лоьцура цо: дIо ломан бердаца, дIасауьду алкханчах тера, шоршал а, дитташлахь лечкъа можа-къорза селасат а, и жима мерцхалдиг. Сийначу стигалан куьзгана тIе шайн аьзнийн зевне туьтеш хьоьрсура нIаьвлаша. Аьхкенан йуьххьехь хуьлу и массо а тайпа олхазарш гучудевллера таханлерчу кху тамашена хазачу дийнахь. Уьш дерриш а девзара Увайсна. Шен кхетаман кIоргенехь кхузахула ша тIаьххьара вогIий-те аьлла, шекволчу Увайса, хIинца къаьсттина самадевллачу бIаьргашца, сутара чухуьйдира гонахарчу Iаламан хазалла: бацашлара схьакъеда зезагаш а, дIо стигалхула йоьлху дато мархаш а, йуххе йогIу Селита а — дерриг а, хьалхачул а къегина гуш, шен даг чохь сецадора Увайса.
Эххара некъан йистера схьадаьккхина цхьа доккха даьржина петIамат кховдийра цо Селите:
— ХIа, дIаэцахь xlapa, Селита!.. безамна!
— Баркалла!..
ЙоIа и атта дIаэцарх майраваьллачу, xIapa сахьт а кхин хир доцийла хуучу, кIанта:
— Селита! Суна йеза хьо. Соь хьожур йуй хьо? — хаьттира.
ЙоI тийна йогIура.
— Алахьа, Селита! — цуьнан и цIе йоккхуш а там хуьлура кIентан дагна.
— Ткъа хьо хьоьжур вуй соьга?.. Хьуна со цигахь йицлахь? — кIентан бIаьра хьаьжира Селита.
— И санна дерг хила йиш йац цкъа а, Селита!.. Алахьа!..
— Хьоьжур йу.
— Со везий хьуна… жимма а?..
ЙоI тийна йогIура.
— Алахьа!
— Ца везахьара дош лур дарий ас?.. Веза!.. Веза!.. — йоIа шозза аьлла долчу цу дашо гонахарчу Iаламан йерриге а хазалла шена чулаьцна, тIома даьккхира Увайсан дог.
— Селита! Соьгара кехат цадарах, со тIамехь вийна аьлла, хьайна хазарх — иза билггал бакъду йа дац къастталц, хьайн дашах йуха ма йаьллахь! ТIамехь хIуъа а хуьлу боху, хьуна… Со вуха вогIур ву хьуна! Со цIа кхаьчначу дийнахь гуттаренна а цхьаьнакхетар ду вайша!
— Кхерам бац хьуна!.. Иза а аьлла, соьга кехат ца йаздеш Iен-м ца воллу хьо?
— ХIан — хIа! XIop мукъачу сохьтехь йаздийр ду ас хьоьга кехат… школе.
— Жоп доцуш дуьсур дац хьуна. Йазделахь, Увайс, со хьоьжуш Iийр йу хьуна! — барт хилира церан.
— Селита! Вайнехан Iедалехь, ишттачохь, барт чIагIбеш, кара хIума луш хуьлур-кх!..
— Суна xlapa зезаг тоьар ду!.. Хьоьгахь… сан йовлакх а ду! Царел тоьлаш кхин хIун йу вайшинна?
Шен кофтин кисанарчу блокнота йуккъе диллира йоIа зезаг:
— Xlapa-м ас лардийр ду, хьуна, хьо цIа кхаччалц!
Селитин куьг лаца гIоьртира Увайс.
— ХIан-хIа! И мегар дац! — йухахилира йоI.
— Селита! Вайша бохучу тIехь хьо йелахь, вайшиннан барт чIагIбеш, куьг дала-м деза ахь соь, хьо сан хирг хиларх дуй бууш… Ас дуй боу, хьуна, xIapa Iалам теш долуш: вайша дийна а долуш, хьо йоцург зуда хир ма йац сан!
Увайса йоIе куьг кховдийра. Селитас дIаийцира.
— Ас а боху: вай дийна а долуш, хьо воцчуьнга гIyp ма йац со!
КIентан дог тешшош, доггах дийкира