Читать интересную книгу Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 7 8 9 10 11 12 13 14 15 ... 122
сацийначу немцойн танка чуьра аралилхина масех фашист цу сохьта автоматца охьа а виллина, маса цу танка а чу хиъна, иза йуханехьа чухаьхкира фашисташна, церан магIарш отуш, ша а хIаллакьхиллалц…

Лейтенанта дуккха а далийра цу тайпана масалш. Хьалхарчу гIенташ тIехь Iачу Савва Ильича а, Анна Львовнас а, Кесирас а, царна тIехьа хевшинчу Селитас, Нурседас, Дауда, Увайса а, кхечара а, бIаьрг тIера ца боккхуш, ладоьгIура цуьнга. Селитина товш хийтира ур-атталла, лейтенантан аьрру бесни тIехула разбоьду беса мо а. Шен доклад дIайоьдуш, лейтенанта элира:

— Вайн советан халкъан а, берриге вайн Даймехкан а доккха ирс ду тахана, кху халчу муьрехь, вайна куьйгалла деш, дуьненан массо а къинхьегамхойн тхьамда, вайн заманан гений сийлахь-воккха Сталин хилар…

Савва Ильич Анна Львовнина лере таьIира:

— ХIинца тIуьла ботта волавели…

Анна Львовнас пхьарс къовзийра цуьнан «сацийталахь!» бохучу маьIнехь.

Докладчико дуьйцура:

— ТIеман Iилманан а корифей волчу цо, тахана кху тIамехь шен амалехь цхьаьна тоьхна: Суворовн масалла, Кутузовн тидамалла, Наполеонехь хилла стратегин кIоргалла. TIe, царел сов, тылехь а болх айарехь Сталина гайтина хьалха цхьаьннан а хилла доцу хьуьнар. Цундела бакъонца вай тахана чIагIдо накъост Сталин массо а заманан, дуьненан массо а къоман а уггаре говза воккха полководец хилар…

— Iалелай!.. — йуха а Анна Львовнин лере таьIира Савва Ильич.

Цуьнга шийла дIахьаьжира Анна Львовна: «Савва Ильич! Валохьа, уьйтIахь хIун ду хьажахьа!»… — шабар дира цо мардега.

Савва Ильич хаза а хеташ уьйтIа велира. «Цуьнан а хIун бехк бу: Сталина и тайпа докладаш, ша кеч а йойтуш, дIасакхоьхьуьйтуш хилча», — ойла хилира цуьнан, араволуш.

Докладчика дуьйцура:

— Тахана вай а и къобалдеш, хиндерг дика гуш волчу Сталина, кху дийнах вай лардеш, шен хеннахь, I937- 38-чуй шерашкахь, вайн мохк дIацIанбира халкъан мостагIех — оцу «пхоьалгIачу колоннех». Оцо а гойту Сталинехь йолу, наггахь бен хуьлуш а йоцу, йоккха пайхамараллин похIмалла…

Иштта дIа кхин а, барамза хестош, вазвора лейтенанта шен докладехь Сталин. Иза ша а, кхузахь цуьнга ладоьгIу Анна Львовна а, Кесира а, кхиберш а, къаьсттина кегийрхой, даггара тешара Сталин ца хилча вайн йиш а йоцуш, берриг мехкан хьекъале тхьамда хиларх.

Цундела Анна Львовнас тIе ца оьцура шен мардас Савва Ильичо кест-кеста Сталинна йо кхиссарш. Иза кхеттане а ца кхетара хIунда вац-те Сталинна муьтIахь, ширачех партиец а хилла, Зимний йоккхуш а дакъалаьцна, Смольнехь Ленинна гIароллехь а лаьттина волу Савва Ильич. Анна Львовнас и шега хаьттича а, Савва Ильича мегарг жоп ца лора. Доцца олура:

— Со кхечу хьесапехь ву…

Сталинан чIагIделла даьлла луьра низам гуш, Савва Ильична ца лаьара, шен кIентан зуда — Анна Львовна, цуьнан шен дагахь дIахIоьттина даьллачу ойланийн куьцах и эрна йохош, хIинца, цунна кхераме долчу, кхечу хорша йаккха. Амма Савва Ильич дукха хенахь дуьйна а шек вара Сталина а, цуьнгахьа бевллачара а, Ленин веллачул тIаьхьа дIакхоьхьу некъ, харц хилла ца Iаш, йамарт хиларх. Дуьххьара шеквелира и Сталинах I930-чу шерашкахь, цо, хьалхалера шира ленинцаш дIа а теттина, церан метта шега ладугIу болу, кхиберш хIиттийча. Кхин а чIогIа дог делира Савва Ильичан Сталинах, цо, цхьацца цIерш а тохкуш, шена резабоцурш хьаша болийча. Ца тайра: цо НЭП дIалакъор… ДIайевлла «тIеман коммунизман» амалш карлайахар… Кулакаш дIабоху а бохуш, йуьртабахамхой бохабар…

ХIан — хIа! Уьш лаццане тIе ца лоцура Савва Ильичан даго, амма хIетте а и IадIара, ЦК-н а, партин пленумаша а Сталин бакъвар а гой. Эххар, шен собар кхачийча, I934-чу шарахь, партин съездехь, Ленинградерчу делегацица волчу Савва Ильича къайллаха дIайайъира Сталинан цIе харжаман кехатана тIера. Делахь а Сталин йуха а хаьржира. Амма Сталина хIаллакбира цу съездан делегатех дукхахберш а. Савва Ильич цецвуьйлура Сталинан массо а хIуман тIехь а аьтто баларх.

Сталинна новкъахила тарлург а, шен хеннахь, йа «ша — шаха» лара: Менжинский, Дзержинский, Фрунзе, Горький, Крупская; йа цхьамма воьра: Киров, йа баланза бисина резабоцурш, реза ца хила мега-кх аьлла, шена хеттарш а Сталина, нуй хьоккхий, ша хIаллакбора, партера цхьа а дуьхьало ца хуьлуш. Къаьсттина тамаш бора Савва Ильича, паччахьна дуьхьал майрра къийсам латтийначу, эзар Iазапе ца къарлуш, чекхбийлинчу ширачу революционераша, Сталина шайна йойтучу суьдашкахь, боцу бехкаш тIе а оьцуш, Сталинна луъучу кепара шаьш-шайн бехке барх: паччахьна шаьш лелийначунна а ца дина мукIарло, хIинца шайн боцчу бехкана Сталинна хIунда до-те цара? — олий, хетара Савва Ильична…

Эххар тийнна шен болх а беш Iаш волу xlapa а I939-чу шарахь, тIе а кхайкхина, партера дIа а воккхуш, (мацах цкъа Зиновъевгахьа хиллера хьо аьлла) Ленинградера араваьккхира, столицашкахь ваха бакъо а ца йуьтуш. КIеззиг Киевехь а Iийна, цигара а араваьккхина, кIантана тIе, кхуза схьавеара xlapa, тIом балале шо хьалха. «ХIинца а хIун хир ца хаьа», — бохуш, гIийла ойланаш йеш, уьйтIахула а лелла, йуха зала чу веъна, Анна Львовнина йуххе охьахиира Савва Ильич.

— Декъала хуьлда Сталин — таханлера вайн Ленин, вайн ирсан тешаме гIорто, массо а къинхьегамхойн сийлахь-воккха тхьамда! — аьлла, чекхйаьккхира лейтенанта доклад.

Массара а, хьалагIевттина, чоь йекош тIараш туьйхира. Охьахевшира. Беснеш цIий а йелла, хьаьж тIе дайн хьацар а тоьхна, шен дика нисделлачу къамелах воккхаве лейтенант, тIевеана, Селитина йуххе гIанта охьахиира. Селитин тидам хилира: лейтенантан бесни тIера беса мо а кIеззиг цIийбеллера.

Доклад дIайаьлча, зала чуьра гIанташ дIасахилийна, меттиг а кечйина, школин самодеятельносто, эскарера баьхкинчу хьешашна нохчийн хелхарш гайтира. Массеран а самукъаделира детсадерчу Ниночкассий, Каташий цхьаьна баьккхинчу вайнехан хелхаран болах. Шаьш хелхадевлла довлуш, берийн гIабали йуьйхина йолу Ниночка, ког тасабелла, охьакхийтира. БIаьрга буй а хьоькхуш, цIенкъа йуккъехь йоьлхура иза. ТIеваханчу Каташа, шен «чоин» тIам йуха а тосуш, куьг лаьцна, дIайигира иза, берриш хьуьйсуш а болуш. Ниночкица тIе а веана, Кесирина йуххехь Iачу лейтенанте куьг кховдийра Каташа:

— Хьо а валахьа хелха!.. Хаьий хьуна?

— Хаьа-те!.. И мегар ду! — самукъадаьллачу лейтенанта зала йуккъехь оьрсийн «чечетка» хелхар дира. ТIаккха цуьнан накъост велира. Йуха, Нурседица Расул ваьккхира. Расула дина тIахъаьлла хелхар кхин а хазахийтира хьешашна. Эхь хета Селита, ша хелхайаккха хьовзаяле, Савва Ильична тIехьа тебира.

Керим тIаме вахчахьана школин директор йолчу Кесирас, гулам чекхболуш, баркалла элира хьешашна а, хIокху суьйренна дика кечам бинчу комсомольцашна, — Даудний, Увайсаний а, даггара школин гIайгIа бечу Расулна а. Цуьнан цIе йаьккхича, Нурседин йуьхь къегира…

* * *

Расул кест-кеста вогIура цул тIаьхьа школе, йаго хIума оьшийла хьажа.

Школехь шело кхин ца хаалора. Амма Даймахкана тIехIоьттинчу кхерамо кхолийна латтайора адамийн дог-ойла.

Радиочухула, дикторан гIийлачу озо схьахоуьйтура фашисташа Ленинградна го лаьцна хилар, цигара адамаш мацалло таIабар. Дуьненахь уггаре хазачех йолу и шахьар, цуьнан хазалла ца кхоош, чуьрачу адамех а къа ца хеташ, фашисташа денна а йохош лаьттара, чу йаккхий

1 ... 7 8 9 10 11 12 13 14 15 ... 122
На этом сайте Вы можете читать книги онлайн бесплатно русская версия Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев.
Книги, аналогичгные Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Оставить комментарий