Шрифт:
Интервал:
Закладка:
Ах сахьт хьалха, курра корта а айъина, шен доттагІчуьнца Чомакхца забарш йеш вогIуш хиллачу Аваловн йуьхь, цхьана йеххачу хенахь хоршин цамгарх Iиллича санна, макхйеллера. Ах сахьт хьалха цуьнан догдохийла йара Басса тIехь машаре хиларе. XIинца и дегайовхо тIекIелйаьллера буxера дуьйна…
ІІІ корта. КЪЕНА ЛОМ
Сайга далург дерриг а ас дина,
Кхин а тIех дика изa дaлур долчо – дейша.
Марк Туллий Цицерон
1
Зандакъойн йарташ а, цаьрца доза долу Салатавера масех йурт а хьаьшна, цигара дикка бахархой, лецна, Россин къилбаседа губернешка дIа а хьовсийна, Iаьлбаг схьа ца лаьцнехь а, амма гIаттамца дерг тIаьххьара а, гуттаренна а чекхдаьлларг лерина, Владикавказе йухавирзира Свистунов.
Амма кху тIаьххьарчу деношкахь телеграфо а, геланчаша а бохьучу керл-керлачу хаамаша гойтура иза гIалатвалар. Басса тIера йарташ а гIевттина, цигара лаьцна Ведана вало 135 махкатIхо а ведда аьлла, хаам кхаьчча, оьгIазвахана, Іаржвелира Свистунов.
– Эхь ду-кх иза! – хьалха Iуьллу кехатийн туп, схьа а эцна, ластийна стоьла тIе тоьхна йаржийра цо. Коре вaханa, иза дIа а диллина, логера кочан мIерий дIахийцира.
Дехьо, аллеян IиндагIашкахь, кортош тIе къорза четарш лаьцна, дIасхьайолайелла лелара къона ши йоI.
Жимма волавелча, стоьла тIе йуха а вирзина, Аваловга кехат йаздира цо.
«№ 63 йолуш ахь даийтинчу кехато сайн дог дохор хьох къайладаккхалац соьга. Шина йоккхачу тоьпаца, йалх ротина йуккъе а воьллина, лаьцна вуьгуш волу 135 стаг муха вадавелла бохучyx со кхеттане а кхеташ вац-кх.
Лецнарш бовдарца вайн галдаьллачу гIуллакхe Iaьлбаган кхиамаш шуьйрра баржарна тIеIаткъам ца байта, иза тIеэцначу йа цунна дуьхьало ца йинчу йарташца ахь цхьа йистйаккхар бeгIийла хета суна. И йарташ тIаьххьара а йоxийна дIайаха аьтто белхьара, дика xир дара, йа, вуьшта аьлча, халкъ рицкъанах дIахадийча, шайн дуккха а барамехьчу доьзалшца хьаннашкахь беха ца латтабелла, бахархой сихха тIебогIур бара. Царна тохар а, таІзар а чIогIa хилчхьана, вайна зиэнаш хилaрх тарлур ду.
Инарла-адъютант Свистунов.
7 июль 1877 шо».
Кехатца сихха Ведана геланча а хьажийна, йуха а ойланашка велира Свистунов.
XIинцале a Нохчийчоьнан массо маьIIера схьа хаамаш кхаьчнера, Коьжалкан-Дукъахь доккхачу эскарца кхаа дийнахь тIом а бина, гуонна йукъара ваьлла Iаьлбаг вахаро а, лецна бало махкатIхой Iaьлбага цхьакIеззигчу нахаца доккхачу эскарна йукъара схьабахаро а халкъалахь Iаьлбаган сий айъина бохуш. ХIинца иза ЧIeбaрлоша шаьш долчу кхойкхура. Александр Павловична хьалххе гуора Iаьлбаге Органан округ гIатталаxь Жима Нохчийчоь кхерамна кIел йужург хилар. Цигахь летта цIе Йоккхачу Hoxчийчу йаьржар йу. ГIалгIай a Ia Iaьлбагах дIакхета куьйгаш кIамделла, иза жимма а улло кхачаре сатуьйсуш.
Iедална уггар муьтIахь йу бохучу Шелахь а селхана адам карзахдаьлла. Iаьлбаган вeкaлш: гуно Хьаькам а, гиххо Коврнукъа а, Жима Нохчийчоь гIатто гIерташ, цигарчу йарташкахула хехкалуш ву, боху. ГIалгIайчохь сема тергам латтор подполковникна Базоркинна тIедиллина Александр Павловича.
ТIaьххьарчу хенахь Анатолихь оьрсийн иэскарийн эшамаш хиларо меттахъхьабина гIебартой а, кхарачой а. Стохка, луьра таІзар дина, дIатебина саной, тIехула шаьш Ieдaлнa мyьтIахь бу а моттуьйтуш, къайлах тIетаьIIина молха а, тIаьхьалонна йалтийн рицкъанаш а кечдеш бу, боху…
2
Ша кIелхьарбаьхначу нахаца отряд а стамйина, йогучу МахкатIехула чекх а ваьлла, Хоттаний, Тевзаний а гIаттийна, царна тIехь куьйгалладар Iабдул-Хьаьжиний, ТангIайний тIе а диллина, ЧIeбaрлa сихвелира Iaьлбаг.
ХІинца ЧIебарла эккхалахь, миэлла а кхиаме догдохийла йара цуьнан. Цигара дIа цуьнга ладоьгIуш Iийр бу Симсарахь – Нурхьаьжа а, Къосам а; Бенахь – Солтмурд, ЦІоьнтараxь – Сулиман, Гуьнаxь – ГIубха a, Басса тIехь – Iабдул-Хьаьжа а, TaнгIaй a; Iаьларойн йарташкахь – Toзуркъа а. Iаьлбаган хаамца, цара и йерриг йарташ гIовттор йу. Iаьлбага хIинца а дог ца дуьллу ДегIастанах а. Сих-сиха геланчаш хьийсaбо цига. Амма цигарчу тхьамданаша йа дог а ца дуьллуьйту, йа гIаттам а ца болабо. Тахана-кхана бохуш, денош а дохкуш Іa. Ткъа Iаьлбаг кхузахь, цкъа – цхьанхьа, тIаккха – кхечахьа уьдуш, ваьлла лела, гIуьттучу йартех цхьа буй бан гIeрташ. ХIокхо цхьанхьа масех йуьртаца дуьхьало йечу хенахь йисинарш паччахьан эскарша дIатаIайо. Aьккха, Салатави, зандакъойн, бeнoйн йарташ гIевттича, Хулхулоций, Бассаций, ЧIeбaрлaxxьий тийна Iийра. Меттахйала ца йаьхьира Нохчийн арe a. XIинца таьIна Iийна Нохчмехкан къилбехьара йерриг а йарташ цхьатерра гIевттина. Ва Дела аьлла, гIуллакх долалац ЧIeбaрлaxь. Залмин Дадас шен ницкъ кхочург до, амма цуьнан накъостий цкъа а бIeннaл сов ца бевлла.
Дуин Iумма а вац меттахволуш. XIун деш, стенга ладоьгIуш Ia? ТІexула тIе, цигарчу хьаькамна гIо деш ву а, боху. Iаьлбаг кхетац цо лелочух. Бакъ делахь а, дацахь а, дуьйцуш ду, цуьнан а, дегIаcтанхойн тхьамданийн а цхьабарт бу, уьш Шемалан кIантера ГІeзa-Maxьмера хаам хиларе ладоьгIуш Ia бохуш. Хилийтахьа и барт а. «Амма, шайн цIийнах цIе йаьлча, цхьамма иза дIайайъалц йа кхечу йуьртара, махкара гIо кхаччалц, ши куьг чучча а диллина, хьоьжуш Iен-м ма ца веза! – ойла йо Iаьлбага. – Со хьалха а теттина, шаьш дIалевчкъина-кх».
Ша Басса тIехула чекхволуш, уггар хьалха цигарчу йартийн йуьртдайн а, царна гIортораш лаьттинчу церан гергарчийн а цIeнош дагийра Iаьлбага. Изза дийр ду цо йамартхошна. Iумма а вуьтур вац къена ву аьлла. Паччахьан эскaрeхь гIуллакхдечу шен кIантах кхоьру хир ву-кх иза. Дай-наной, йижарий-вежарий, доьзалш боцуш бу ткъа хIокху беа баттахь, кIелхIитта тхов, охьабийша меттамотт боцуш, дууш-молуш доцуш, цIийнах-цIарах бевлла леларш?
Оцу ойланаша дIалаьцнера Iаьлбаган корта. Иза наггахь бен вист ца хуьлура виллина дIа шена уллохь вогIучу Коьре а. Акха гезарий бен ца лела Пешхойн лам хадийна, ламанан йуьрта Нуй кхечира иза, шеца даим хуьлуш волу ах бIе нохчо а, суьйли а волуш. ХIара суьйлий ца хиллехь а, гIаддовр дара Iаьлбаган. Пхи-йалх бIe суьйли, а Iaьндой а хуьлура цунна уллохь уггар хала киртиг тIexIоьттича. Миска Мусакхай а вац хIинца, Салатавехь Iаьлбаган аьтту куьг хилла…
Нуйхь шен накъостий а битина, Залмин Дадица Зумса вахара Iаьлбаг. Цхьана минотана а кхин гена ца тоьттуш, къасто дезара Iуммица дерг.
Нах охьабийшинчу хенахь хIара шиъ Зумса чу воьлча, жIaьлийн гIовгIанаш йевлира массо маьIIехь. Схьахетарехь, жIaьлеш хилла а ца Iара уьш. ХІокху ламанца бехачу нехан жаш дара кхобуш, ткъа уьш Iалашдан берзалой тайппа жIaьлеш дезара. ЧIегIардигийн баннаш санна, ламанан басенех летта лаьттачу цIенойн хIор а кертара схьа буьрса лиэтара уьш. Амма, хIорш керта ца гIоьртийла хиъча, ураме ца лелхаш, тIехбовлуьйтура.
Гаттийчу урамaшкaxyлa xьийзаш вахана, тоъал дикачу цIeнойн кетIахь сeцира хIара шиъ. ЦІeнoшна гуонах йина лекха тIулган чир йара. Говpара охьа а ца вуссуш, дIакхевдина, кетIарчу гIопах шедакхаж туьйхира Дадас. Буьрса гIовгIа йелира масех жIаьлин. ЗІeнaш йeкoш, шаьш долччохь кхийсалора уьш. ЦІогIанечу гIовгIанца неI а йиллина араваьлла цхьаъ, лохха мохь тоьхна, жIaьлеш
- Хазарский словарь (мужская версия) - Милорад Павич - Историческая проза
- Опыты психоанализа: бешенство подонка - Ефим Гальперин - Историческая проза
- Случилось нечто невиданное - Мария Даскалова - Историческая проза / Морские приключения / О войне