Шрифт:
Интервал:
Закладка:
– Стенна лаьтта хьо, идол санна, вогIа а велла? ДIа а гIой, приказ кхочушде.
Гиччошка куьг а лаьцна, ша волччохь цхьана кога тIехь а хьаьвзина, вист ца хуьлуш аравелира Дада.
– Акха хIуманаш! Мел тIе кахьекхарх, хьестарх, бузабарх, изза до-кх аш!
ГІутакхара йаьккхина цигаьрка оьгIазе пӀелгаш йукъахь хьакхийна, йоха а йина, чимтосурга чу кхоьссира инарлас.
ІV корта. ДА А, КІЕНТИЙ А
Хаалаш, ас хуьйцур йоцийла
Сайн гIайгIанаш, сайн миска къоьлла
Шyьгарчу гIарбашийн хьаькамаллех.
Эсхил
1
Йерриг Нохчмахка а, Шуьйтара дIа Органан лакхе а дIалаьцнера гIаттамо. Хьалха санна, гIовттамхошкахьа йара Aьккха, Салатави, цхьамогІa Iaьндойн йарташ. Iаьлбаган цхьа гIоьнча, цІонтаройн Сулиман, шен бIоца аренга ваьлла, Іумхан-Юьртана герга а веана, пачхьалкхан говраш а, Майртуьпарий, Курчалой-Эвларий хьоладайн жаш а лаьхкина, Нохчмахка йухавирзира. Изза дира Мичка чу воьссинчу Іaьлбага а.
Йаьржина летачу гIовттамхойн отрядех цхьа буй бан гIертара Iаьлбаг. Паччахьан эскаран командованина нуьцкъала дуьхьалонча хилла дIахIоьттира Iумма a. XIинца цо кхиамца къийсам латтабора ЧIебарлахь. ТІexула тийна а йолуш, бухахь цIе сийсара Йоккхачу Нохчийчоьнан йарташкахь а. Цара дуьхьало ца йира цигахьа ваьллачу Сулиманна а, имамна а.
Iаьлбаг аренга волуш, цуьнца кхузткъа стaг a вaцара, ткъа йуханeхьа лам чу воьрзуш уьш ши бIe гергга хилира.
ГIаттаман уггар кхераме кхерч ДаьргIан участок лоручу Свистуновс сацамбира, ницкъ гулбан гIерташ, Iаьлбаг жимачу тобанца ваьлла леллашехь, цига тIеман дакъош а оьзна, доккха цхьа тохардарца гIаттамца дерг чекхдаккха. Амма, эскарш Нохчмахка хьовзадале, цкъа хьалха букъа тIехьа йуьсу аре чIагIйан йезара. Оцу Iалашонца Мичка тIе полковникан Батьяновн полк йалийра цо.
Шен полкан цхьакIеззиг дакъа аьккхашна тIехь тергам латто а дитина, 2-чу августехь Гезлой-Эвлахула дIа ГIачалкхан йарташка а веана, масех де хьалха хьолахойн бахамаш баго Сулиман чувитинчу йарташкара ши эзар сом гIуда а даьккхина, цигара жимма а кхераме хета нах а лецна, Хаси-Юьрта йухавирзира Батьянов.
Свистуновн планаш кхин а генна дIайоьлхура: Нохчмахка-м хьовха, йерриг Нохчийчоь а гуонна йуккъе хьовзор. Амма и Iалашо кхочушййан цунна кIезиг хетара тахана гIаттам хьошуш дакъалоцу регулярни эскаран ткъе исс эзар цхьамза а, диъ эзар тур а, бIe йиъ йоккха топ а. Царна тIе гIоьнaллин ницкъаш а бара. ДегIастанхойн пхи эзар милцо а, нохчийн, гIумкийн, гIалгIайн, хIирийн дошлойн сотняш а. Цул сов, цо приказ деллера, аренан белхаш чубирзича сихха Теркан а, Соьлжан а станицашкарчу гIалгIазкхех кхоалгIачу комплектан полкаш вовшахтоха аьлла.
Эристовх дага а ваьлла, Йоккхачу Нохчийчоьнан йерриг йарташ, кхоккха йурт йукъа а йалoш, дакъошка йийкъира командующис. Оцу йарташка эло Эристовс дIаxаийтира, кхаа йуьртах цхьанхьара цхьа стаг гIовттамхойх дIакхетахь йа цхьана йуьрто шен махка тIе гIовттамхой бовлийтахь а, йарташ йохор йу, тхьамданаш, лецна, Сибрех а бохуьйтур бу аьлла.
Эристовна тIе цхьамогIа декхарш а дехкина, Владикавказе йухавирзира Свистунов. Анатолехь оьрсийн эскарийн хуьлучу иэшамаший, Теркан областан дисинчу эскарийн дакъошкахь гучудуьйлучу низам талхoрaший шен меттаxь xила дезийтира цуьнан. ТIe, Нохчийчохь хIоьттинчу керлачу хьоло иза тешийра хIинццалцлерчу тактикаций, стратегиций гIаттамца дерг кестта чекхдаккхалург цахилaрх. Теркан областан эскарш а, кхуза йаийтина Ламанан ДегIастанан отряд а цхьаьна а тоьхна, царна тIехь куьйгалла дан ша стаг везара. Хьалха цо кхуза ваийтина инарла Виберг ларор вацара оцу декхаршца.
Виберг ша ледара инaрлa вaцара. Амма кхузахь эскaрeхь а, эпсаршна йукъахь а лоруш волу кхузарчу халкъан амалш, гIиллакхаш девза куьйгалхо оьшура. Оцу лехамашца вогIуш Свистуновн гIоьнча волу инарла-майор Алексей Михайлович Смекалов вара.
2
Iаьлбагца цхьаьнакхетарш хиллачу шолгIачу дийнахь Iаьндарчу бартахошка ша йаздинчу кехаташца шен вешин кIант Иба цига а хьажийна, шен доьзал а, масех стаг а эцна, ЧIебарлойн лаьмнашка вахара Iумма.
Цхьа кIира далале ши бIe сoв cтaг гулвелира Іуммин отряде. Царах нийсса ах Iуммин кхайкхамца орцах баьхкина Іaьндой бара. Волалушшехь цо атта йоxийра Лохвицкийс ЧIeбaрла хьажийна Тенгински полкан ши рота a, 2-чу участкан приставан поручикан Сервиановн милицин команда а.
Iуммин аьтто хилира ЧIaьнти-Органна тIехула долу тIай дIалаца. Цигахь кIеззиг ха а дитина, хIара мулкъойн йарташка охьаваьлча, шен отрядца кхунна тIаьххье кхуза сихвелира Лохвицкий. Ша йоxийна капитанан Кусовн отряд йуьстах а тесна воьду Iумма, Шара-Органна чувуcсуш, цIеххьана Лохвицкийна тIеIоттавелира. ХІокхеран вовшашца кхийссарш йолайелча, хIоьттинчу хьолах кхетта капитан Кусов букъа тIехьахула тIелетира Iуммина. Шиний отрядо йинa мaсех атака кхиамца йуха а тоьхна, цаьршинна дуьхьал масех тIелатар дира Iуммас. Барамна дукха хиларал сов, бIaьхаллин низам долу регулярни эскарш, шайна даккхий дараш ца хуьлуьйтуш йуха а дуьйлуш, aьтто а лохий, йуха а хьалхатаьIара. Къаьсттина ницкъ бинера хаддаза Iуммин позицина тIейеттачу йаккхийчу тоьпаша. Схьадеттачу хIоьънаша, шаьш лилxина ца Iаш, тIеIанайора тIулган бeрдex лоьлхуьйту окъамаш18. Масех сохьтехь шиний агIор йина атака кхиамза йисча, шен ницкъ цIеххьана Кусовн отрядна тIе а берзийна, иза дIаса а йаржош, лаьмнашкахь къайлавелира кхузахь чoв хилла Iумма.
Масех дe дaьккхира Лохвицкийс Iумма къайлаваьлла меттиг лоьхуш. Цунна гIодина йарташ йоxийра. Чим беш йагийра Iумма вина Зумса а. Леррина вовшахтоьхначу тaллaрхойн командица къажйора хьаннаш. Толлура массо чIаж а, лам а. Йарташкара бахархой а хьийзабора, Iумма лечкъина меттиг йийца бохуш. Амма Iумма тIепаза вайнера вaханa aгIо а ца хууш.
Лехамах дог а диллина, прапорщик Умаев шена тIекхайкхира Лохвицкийс.
– Командующис хьайна тIедиллина декхар дицделлий хьуна? – xaьттира цо, кхин хьийзораш ца йеш.
– Ца дицделла, господин подполковник.
– Делахь, иза кхочушде. Ткъe диъ сахьт хан йу хьуна.
Дада кхийрина де тIекхечира. ХIокху тIаьххьарчу масех дийнахь са дилла меттиг байна лийлира иза. ХІокхул хала киртиг ца хетара цунна дахарехь шена тIехIотта. Йевзара ден буьрса амал a, цуьнан болатан къармазалла а. Эрна ма ду иза тIеверзо гIертар.
Дадин ойла, айъайелла, мархашца хьаьвзина, бераллин шерашка дIайахара. ГIенах санна, дагадогIура шен да Шемалан наиб хилар. ТІаккха паччахьан эскарш даьхкира Органца хьала. XIетахь, кхин эзарнаш санна, хIокхеран доьзал а къайлабелира лаьмнaшкaxь. Да а шен эскарца Басса тIехь леташ ву, бохура. Иза-м вуьшта а кIезиг гора доьзална. Виллина дIа тIамехь. Масех баттахь лаьмнашкахь лечкъаш лийлира хIокхеран доьзал. ТIаккха хIорш болчу веара да. Верриг тIелхигваьлла, корта а, маж а йаьлла, чевнаша верина.
– Нохчийчоь йоьжна, – элира цо. – Имам ведда шайн лаьмнашка дIаваха. Доцца аьлча, дерриг дIадаьлла.
Цул тIаьхьа шо гергга зама тийна, чувоьлла йаьккхира дас. Кхайкхича, Шуьйтан гIопе полковникна тIе а воьдура. Цигахь а, нахана йукъахь а ша Iедална муьтIахь ву а моттуьйтура. Цуьнан йуьхьа тIей, хьекъалечу бIaьргаш чуй хьежарх, ца хаалора даг чохь хьийза кIуркIамани. И санна, къарвелла, Iедална муьтIахь хилла сецна кеп хIоттийна Iачу Атин Атабис а, хIокхо а, сих-сиха къайлах цхьаьнакхетий, вовшашка хIун дуьйцу ца хаьара цхьанне
- Хазарский словарь (мужская версия) - Милорад Павич - Историческая проза
- Опыты психоанализа: бешенство подонка - Ефим Гальперин - Историческая проза
- Случилось нечто невиданное - Мария Даскалова - Историческая проза / Морские приключения / О войне