Читать интересную книгу Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 88 89 90 91 92 93 94 95 96 ... 122
class="p1">— И муха хилира?

— Анатолийс а, даре ца деш, дикка хан йаьккхира, амма цуьнгахула байинчу нехан цо йаздаза, чекхдахаза бухадисина дуккха а протоколаш гучудевлча, ца къарвелча ца волура иза. Кху папки йуккъера кехаташ, суьрташ ду цо соьга, ша виэн вуьгуш, къайлаха схьаделла…

— Муха?

— Гой хьуна… Дехо-м ду и дийца!.

— Дийцахьа!.. Вайша паргIат ма ву, — дийхира Керима.

— Гой хьуна, вен кхел хилла волу стаг чалтачо вуьйчохь кхоъ пачхьалкхан белхахо хила везаш ду: прокуроррий, НКВД-н дежурни эпсар, йа коменданттий, лоррий. 1938-чу шарахь а НКВД-хь нах байар, 1937-чу шаре ца кхачахь а, дукха хуьлура: иттанашца, ткъаткъаннашца xIop кIиранах, йа баттахь. Цундела уьш, хьалха санна, хьуьн чу а ца кхуьйлуш, оцу НКВД-н гIишло чохь бойура — дийнан делккъехь, белхан заманахь, билгал динначу цхьана дийнахь. И де тхан цигахь, хьан-хьанна а хууш доцуш, тхайллахь «прокуроран де» («прокурорский день») олуш дара. Оцу дийнахь баттахь цкъа прокурор набахте ван декхарехь ву цу чохь Iедалан белхахоша закон нийса лардо, йа ца лардо хьажа а, лецначийн аьрзнашка ладогIа а. Амма вайн цигара прокурор цу дийнахь нах бойуш хьажа вогIура НКВД-н гIишло чу.

— УьйтIахь бойура уьш?

— XIaн-xIa! НКВД-н гIишло чохь, шозлагIчу этажа тIехь… 32-чу цIа чохь… Бодане уче йуззий, неIарехь лаьтташ хуьлура, йуххехь каной а болуш, шайна воьн кхел йинийла а ца хууш болу, шаьш хIунда лецна а ца хуу нах, прокурор вогIу бохуш, цунна тIекхача дагахь, цуьнга шайн арз дан кечбелла. ЦIе йоккхий, чувуьгура. Стоьлана йуххехь ирахь лаьттачу НКВД-н эпсаро, циггахь кресли тIехь Iачу прокурорна хьалха тоттура папка. Чувалийнарг дIахIоттавора леррина йинчу гIопастана тIехьа.

Прокуроро, кехаташ тIе а хьоьжуш, хоттура цуьнга: цIе, фамили, вина шо, мичара мила ву… Анкетан хаамаш… Ша хиттина ваьлча, прокуроро цуьнга сов сиха дIакхайкхадора цунна вен кхиэл йина хилар, тIаккха стоьлана кIел кнопка таIайора иштта сиха… Лаьцнаверг бухавоьдура. И буха кхоччушехь, подвалехь герз долура, кхин цхьанна а и хаза йиш а йоцуш. НКВД-рчу лоьро, акта кIел куьг а таIош, чIагIдора и тоьпаш тохарна велла хилар. Цул тIаьхьа буса, чу хи а хоьций цIанйора подвал. ЦIийша дуьзна хиш биргIанаш чухула Соьлжи чу хоьцура… Декъий кхано дIадухкура оццу кертахь… Уьш шортта дохку-кх, хьуна, цигахь хIинца а, Чеховн парк йолчу майданахь!

— Маржа-йаI! Ма ца оьшуш хIума йу-кх кху дуьнен чохь адам! — йуха а эккхийтира Керима маццаха ша аьлларг.

— Учахь неIарехь рогIехь лаьттарш шек ца бовлийта, чувигинчех цхьаццаверг вукху неIарехула йуха араволуш а гойтура. Цхьана ишттачу дийнахь со вара сихха оцу учи чухула воьдуш. Цу неIарехь лаьттачарна йуккъера сихха суна тIехилира цхьа тишвелла, беркъа, йуьхь а йистина, лаьцна верг. Суна ца вевзира иза. Цо нохчийн маттахь соьга шабарца сиха элира:

— Со Анатолий ву… Людмиле дIалохьа хIорш… Со 32-чу цIа чу вигнийла а хаийта…

Йуха сиха шен метте дIахIоьттира иза. Йовлакхан йуккъехь цо соьга хIетахь схьакховдийнарш цуьнга ихна Людмилин кехаташ а, берийн суьрташ а хиллера, даима цо шеца лелош… Иза хIинца вац кху дуьнен чохь… Амма сан декхар ду, иза мел ледара нуц хиллехь а, валале стага дина весет кхочушдар. ХIинццалц и кхочушдан аьтто ца болуш, айса уьш Людмилин кара дIакхачо дагахь, лелла со… Эрна… дуьне гездеш… ХIинца ас доьху хьоьга и кхочушдар… Хьо кестта цIа кхочур ву… Хьуна кестта гур бу Нана-даймохк… ЦIахь валлал ирс сан ца хили… Со хьакъ а вац… Со хьакъ а вац… — дош а ца алалуш аз хедалора Бакаран, — вайн Даймахкахь дIаволла… Можа бIаьргнегIарш охьадахара, кемсан буьрттигал даккхий, сирла тIадамаш охьахьаьвдира можачу чукхеттачу беснешна тIехула.

ЦIЕХЬА!..

Бутт а балале деара Тавсолтега Керимера кехат: Эскиной дIа а кхечи, шех Райисполкоман председателан заместитель а вина, шун цIенойн гIайгIа беш а ву, кхузахь дика ду, цIа дуьйла бохуш. Бакаран кост ша кхочуш дина а бахара, цуьнга маршалла а лора.

— Миска йаI — Бакар: ша цIа а ца кхечи и, тIе цIеран маршалла а ца кхечи цуьнга! — элира Селитас: цхьа кIира хьалха Бакар дIавоьллинера…

ЦIехьа сахьийзар кхин а алсамделира Тавсолтин а, цуьнан шина йоьIан а. Джейрана кест-кеста чувалавора иза, дувалах а тевжий, малхбузехьа хьоьжучуьра. Джейранна нохчийн мотт Iамош вара Тавсолта, сихвелла, амма нохчийн дешнаш хала Iемара:

«Балкхаройн, кхарачойн мотт атта ма бара… шуьнчо-м… мотт кагбийр бу», — олура Джейрана.

1958-чу шеран июнехь пропуск каракхечира. ХIинца уьш кхузахь сецош хIума дацара. Амма башха атта а ца хетара, шаьш дехха къахьегначу, шайн дахарх цхьа дакъа дIадаьхьинчу, кху йуьртах а, кхузарчу дог дикачу адамех а довла. Селитина цкъа а ца дицлора: цкъа кхеран луларчу дов даьллачу шина казахах бехке волу жимахниг кхана Iуьйранна вукхуьнан кетIахь лаьттара, и араваларе хьоьжуш, коьртара баьккхина куй лаьтта охьа а биллина — и шена къинтIера ваккха. Де доло а, йуучух кхета а бакъо йацара церан, адаман бехк шена тIехь а болуш. Йурт а тохарчул дикка къегинера: цуьнца кхеран а дакъа дара.

XIopш кхуза балийнчу шарахь хиллачух тера а дацара кху йуьртан таханлера сибат. Керла клуб а, детсад а йинера. Кхеран урамехула доьду арык, шордина, цуьнан шина a aгIop моггIapa хьаладаханера кхара дийгIина таьллаш. Тохара электросерло Казах-куьле а, Абайн совхозе а, кхуза а, кхечу луларчу колхозера йалош хиллехь, хIинца Казах-куьлехь хIоттийначу йоккхачу электростанцера, хазачу аьчган бIогIамийн белшаш тIехула догIучу нуьцкъалчу телашца кхочура и кху йуьрта а, массо гондIарчу колхозашка а. ХIетахь жагIа бухкуш бина хилла Абайн совхозе боьду некъ а, хIинца, коьртачу трассах дIакхетталц асфальт йуьллуш, шорбинера.

Тохара хIорш охьабиссийнчу жимачу станцера дуьйна схьадалийна аьчган некъан га а даьхьнера лурчах Джамбулехула Абайн совхозе кхаччалц: цигахь хIинца свеклаш а йоьра, тIе шекардоккху керла йоккха завод а йиллинера. ЦIерпоштан станци а йуьртана герга оьзнера. Ца йовззал хийцайеллера, къаьсттина тIаьххьарчу кху деа-пхеа шарахь, кхузара меттигаш а, йарташ а. Делахь а шаьш бинчу махке болу безам нуьцкъала бара.

Хала садеттара хIинца йижарша а: Баш-лаьмнаш, Яьсса, Эскиной… школа… Дада-бIар… Анна Львовна! — уьш дерриг, йух-йуха дуьхьалтуьйсура царна. «Анна Львовна! Йуй-техьа и хIинца? ХIун хилла-техьа цунах?».

ХIокхара 1947-чу шарахь дахьийтинчу кехатана жоп деара цуьнгара цкъа: майра а лаьцна, марда а велла, цхьа йисина ша бохуш. Цул тIаьхьа дахьийтинарг жоп доцуш дисира. «Кхоьру хир йу-кх иза а… бехк бац», — аьлла, xIapa шиъ а сецира, кхин ца йаздеш. ХIетте а, хIинца чIогIа дагаоьхура шайн хьоме хьехархо. Тавсолтина-м цкъа а ца хетара Эскинойхь доцург вахар а. ТIаьхьарчу деношкахь йух-йуха гора цунна гIенах, ша цIа а кхаьчна, Эскинойхь лелаш, амма самаваьлча, дIаса а хьожий, доккха садоккхура: Джейранна ца лаьара, шен йурт, гергарниш а битина, «генарчу махка» дIайан.

— ХIун вон

1 ... 88 89 90 91 92 93 94 95 96 ... 122
На этом сайте Вы можете читать книги онлайн бесплатно русская версия Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев.
Книги, аналогичгные Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Оставить комментарий