Читать интересную книгу Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 85 86 87 88 89 90 91 92 93 ... 122
волчу воьдуш, новкъахь Керима ойла йора: «ХIинца, мукъна, дийцахьара»… — йуха а дагахь дерг «1937-гIа шо» дара… цуьнан къайленаш…

Керимна цIеххьана шех эхь хийтира: «Иза вала воьжна, хIинца цомгуш Iуьллуш, меттахь ву… Ткъа со… и, валале аьлла, цуьнгара сайна «интервью» йаккха гIерташ воллу… къахетаран метта», — шена резавацаре корта ластийра Керима. Амма дагалаьцнарг дIа ца довра: «Делахь а, бакъдерг ма-дарра хаа лаар иштта къинехь а ма дац сан… Цо хIун до и къайле шеца дIайехьна?.. Бакъдерг даха бухадисчахь, бакъахьа ма ду массеран а дуьхьа»…

НеI тоьхна, чоьхьавелира:

— Ассалам Iалайкум, Бакар! Дала маршалла дойла хьуна… Ахь кхайкхина, бахара, соьга… Муха ву хьо? — куьг а лецира.

— Ва Iалайкум салам, Керим! Тоьуш ву со-м… Баркалла варна… Цхьа кост дара сан… Хьо цIаваха кечвелла бохуш, хезнера суна… Охьахаал кхуза…

Керим веъна, самукъадаьлла Бакар шен доцчу денца меттахь охьахиира, амма хьала ца гIаттавелира:

— Бехк ма биллалахь, Керим: гIopa дац…

Иза охьахиъча, серлонгахьа йирзинчу цуьнан йуьхьах бIаьрг кхетча, Керимна гира и мел хийцавелла: азделла бIаьргнегIарш, тIехулара дуткъий пхенаш а гуш, бIаран баса дахна можа дара, чукхетта беснеш макхйеллера, йокъа хенахь латта санна, тохара дуькъа Iаьржа хилла мекхаш хIинца тIехулара Iаьржа, амма орамашкахьа кIайн гора. «Миска, къанвелла: басар дан карах ца долу… Лергашкара чоьш а ду, ларгаза дисна, гуш… Дарехь кIелвисна»… — къахийтира цунах Керимна.

— Хьулимат! Схьайал хьуьлла этажерки тIера можа папка!..

— ХIинцца! — хьаша веъча, маса хьаьвзинчу зудчо, стол йуххе а хилийна, хьалха диллира чай, хьокхам, нехчий, кхерзина хIоашший. — Цкъа хьалха йуучух кхетал шу, — хьасене йелакъежира Хьулимат.

Папка Бакарна хьалхха охьайиллира.

— Керим, сан дехар ду хьоьга, хьуо Грозный-гIала дIа ма-кхеччи, xIapa папка кху адресца дIайалар.

— Цуьнан йишига, — йелакъежира Хьулимат.

— Муха? Кху тIехь-м: «Людмиле Павловне Сурупиной» ма ду.

— Делахь а… бакъ лоь и, — зудчуьнгахьа, велакъежна, дайн куьг ластийра Бакара — «йукъа а ца гIерташ, IадIехьа!» — бохучу куьцехь.

— И муха нисделла? — ца хаьттича ца Iавелира Kepим.

— Тоххара вайн цигахь колхозаш йахка йолийначу муьрехь Украинера, Россехара, мацаллех бевдда, вайн махка кхечира дуккха а доьзалш. Уьш вайнаха тIеийцира, шайн керташкахула боькъуш, дIа а нисбина. Людмила тхоьгахь, тхан нанна хьалха, хьалакхиъна, тхан фамиле а йаьлла, — сан йиша санна хилира.

— ХIетте а… маре… оьрсичуьнга йахара! — йукъагIоьртира Хьулимат. Йуха а, велакъежна, цуьнгахьа куьг ластийра Бакара.

— Иза а бакъ ду, — элира цо. — Тхан лулахь, нохчийн кхечу доьзалехь, кхуьуш вара, и санна мацаллех бевддачех волу, Анатолий Сурупин. Цунна, ша кхаьбначу хIусаман ден йоI Зебила йезайелира. Зебилин дас иза ца йахийтира цуьнга: йуккъехь хIинца кхолладелла вошалла ду аьлла. Цул тIаьхьа Анатолий тхан Людмилина тIаьхьавелира, цо и йехча, оха йахийтира иза цуьнга. Анатолийс резахилла дIайигира иза, амма… хIетте а, шен даг чохь Зебилин дена дуьхьал гамо кIоргге хьулйина хиллера цо…

— ТIаккха? — самсабелира Кериман тидам…

Бакар, цкъа ойла йеш, можа бIаьргнегIарш охьа а дийшина, соцунгIа а хилла, тIаккха хецца, дийца велира, Кериман хеттаршка а ца хьоьжуш:

— Анатолий дукха хан йалале цигарчу районан милици балха вахара, кестта НКВД-е а ваьккхира иза. ТIаккха… схьахазарехь, цуьнан гIоьнца, Зебилин да, кулак а вина, йоккха йукъ ца йулуш, бахамах вохийра. Бакъду, цIахь-м висира и, Сибрех ца вохуьйтуш. Амма хьиэ ца луш тIекхечира 1937-гIа шо… Анатолийс шен дог Iабийра…

Йуха а Бакара, соцунгIа хилла, ойлане охьадахийтира баьргнегIарш. Кериман тидам кхин а сакхбелира. «Ша ма вели хIара-м хIинца 1937-чу шарах лаьцна долчу дийцарийн новкъа… Кхерч ша-шax лети… ХIинца шен-шен хенахь цхьацца чIеш кхе тийса со ларийчхьана», — дагатесира Керимна.

— ТIаккха? — йуха а дайн хаьттира Керима.

— Ша дена бина бекхам ца тоьура цунна? Миччара!.. Иза а, цуьнан ваша а, шича а, Зебила йигнарг а — берриш дIалахьийра…

— И дан аьтто муха нисбелла цуьнан? Iедал а ма ду…

— Хилча хIун ду… 37-чу шарахь? ХIетахь НКВД-с шена луъург ма дора. ХIетахь Сталина йаккхий таронаш ма йеллера НКВД-на…

Керим хIинца майравелира:

— Бакар, — элира цо, серлайаьллачу йуьхьца, — хьоьга и хатта дагахь а долуш, амма ца хIуттуш Iара со хIинццалц, дийцахьа, делхьа, хIинца, мукъна, тахана и дийцарх хила хIума а дацара, — мича бахьнина долийра хIетахь бехк а боцу и нах таппашца дIалецар а, байар а? Хьанна оьшура и? Муха дIахьора аша хIетахь иза? Дийцахьа: хьо-х оцу йуккъехь ваьллина ву!

— Гой хьуна, и хьанна пайдехь, хьанна оьшуш долийра, суна а ца хаьа. Амма иза хIетахь дIа муха хьора гина ву со… И дерриге хIетахь баккъал а бакъ долчу суьртахь схьакхийдадора тхуна Москвара дуьйна, — цхьана а шеконе и дилла бакъо ца йуьтуш.

Москвара схьавогIура воккха хьаькам — йуьхьенгахь Ежовн цIарах, тIаккха Берияс воуьйтий. Меттигера НКВД-н хьаькамаш чу а гулбой, тхан лакхарчу хьаькаме шен бакъонаш дIа а гойтий, олура:

— Центрехь оха «оццул» подпольни антисоветски организацеш гучуйаьхна, «оццул» членаш шайна йуккъехь а болуш. Талламо гайтина церан цхьайолу зIенаш кхузахьа а схьакхочуш хилар. Лецначара схьадийцарехь, шун кхузахь а бу къайлаха дIатебна Iаш, цаьрца уьйраш а йогIуш, мел кIелхьара а «йалх эзар» сов (йа кхин терахь олура) советан мостагIий… Уьш аша, Iора а баьхна, новкъара дIабаха беза. И шун декхар ду. Шуна хьалхара иза оха центрехь дан деза моьттург гIалат ву. Центро и гIуллакх кхочушдан шуна кхо бутт хан ло… Йа: «йалх бутт», — олура наггахь. Цу тайпана къамел а дой, иза дIавоьдура. Тхан хьаькамо, тIаккха, массо а вайн районашкара НКВД-н куьйгалхой шена тIе схьа а гулбой, и «йалх эзар» «советан мостагI» воькъура царна йуккъехь, налог санна, xIop районна а шен-шен терахь кхачош. Белахь а, бацахь а и мостаIий кхолла безаш хуьлура… Иштта цхьа мур чекхбаьлча, кестта цунна тIаьххье, цунах тера, кхин цхьа мур а схьа тIекхочура, адамаш охьучу хьеран тIулг саца ца буьтуш, «мостагIийн терахь» тIеттIа совдохуш.

— Ой-н!.. — корта ластийра Керима, — шун чекисташна йуккъехь вацара цхьа а законехь доцург муьста хеташ?

— Муха вацара? Вара, хьаха: Ахьмад Межиев… Алак Ибрагимов… Рудаков… Кхин а… Шаьш байарх кхаъ оьцур боцуш, законехь доцург шайгара долуьйтур доцуш а… Амма царна а ма гора: бага гIаттийнарг, бех а вой, къайлавоккхура… Кхин цхьа хIума а ма дара, уьш а, уьш санна берш а, совцош: органашкахь даима а ма ю воински дисциплина: лакхарчо аьлларг бухарчунна закон долуш! Оцу бахьаница а ма белира Сталинан аьтто ерриге НКВД шена кIел хьарчо.

— Сила долу и законехь доцурш юха законан суьртахь нисдан а муха кхуьура?

— Ца кхуьура… Цхьа а ма дацара, царех хIетахь законца нисдина ду моьттурш а, Баккъал а дуьззинчу законехь нисдина: ерриге а и цхьа беззаконие яра-кх… Хьажал: прокурорера санкци хила еза, стаг лацале, амма и хIетахь йоккхура, стаг хьалха чу

1 ... 85 86 87 88 89 90 91 92 93 ... 122
На этом сайте Вы можете читать книги онлайн бесплатно русская версия Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев.
Книги, аналогичгные Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Оставить комментарий