маж-корта а даьлла, беркъа вухавелла къона стаг. Шена тIе а кхетта, цо ша къевллина маравоьллича, цкъа цецвелира, тIаккха вуьйхира МІaьчиг. Дага-м дeара цунна, ша дукха сатийсина кIант ву-те хIара аьлла. Цунна маракхеттарг Коьра бен хуьлийла дацара. Амма, шен белшан бакъабеллачу Iайга чохь довха бIaьрхиш хаадаллалц теша ца ваьхьара. Дуьнен чохь кхин цхьа а стаг мa вaцара, оццул доггах МІaьчигна маракхетта, велха. Уллохь лаьтта Къайсар вицвелла, декъачу пхьаьрсашца кIант маракъyьйлура цо. Куьйгаш хьоькхура букъах а, йуьхьах а. Ткъа кIорге кедаш чу хевшина бIаьрса гIелделла бIаьргаш кIентан бIаьргаш чу хьуьйсура, мацах цкъа шeн дaг чy дийшина хьомсара аматаш лоьхуш. Мел къонахалла тIегулйарх а, ницкъ ца тоьура кийрара арагIерта мохь сецо. Массо пха тIебаьллачу озачу логаца хьала-охьа уьдура иpa лoгaшад. МIaьчиган чIeниг а, балдаш а дего дуьйлира. Эххар а, иза вилхира, шен къоьжа корта кIентан ондачу некха тIе а таIийна…
Вилхира. Дог Iаббош. Мацах, шийтта шо хьалха, Хонкарахь цкъа цхьана йоьхначу буса, йоьIан докъана улло а хиъна, вилхичхьана, сих-сиха воьлхура МIaьчиг. Изий, цунна хьалхий-тIаьхьий дIаихна гIайгIане йеха буьйсанашший дага масазза йогIу. Хаддаза дагахьбаллам боллура, доьзал эцна, ша хийрачу махка вахарна, цигахь зудий, берашший мацалла даларна. Цо ма бигнера уьш цига. Зудчун а, берийн a бeртаза.
…МІaьчига ойланаш йора, мангал а лестош. Дагалоьцура Хонкарара цIа вогIуш шаьш бина хала некъ. Дийнахь – лаьмнашкахь, хьаннашкахь лечкъаш, буьйсанна – некъ беш…
Ткъа винчу махка цIа кхаьчча, хIун хилира МІaьчигна? Схьа а лаьцна, Хонкара йуxaнeхьа вахийта хьовзийра-кх. Оцу жоьжахате. Амма МIaьчига чІaгIo йинера, шена чохь са а долуш, кхин Хонкара ца ваха. ТIаккха Сибрех вахийтира иза. Цигахь кхо шо a дaьккхина, цIа веара МІaьчиг. Даймахкахь буоберах хан такха. Къанвеллачу хенахь…
Коьра цIахь ву хIинца. Даймахкахь. Амма МIaьчигна моьттург ца хили. КIантана зуда йалор бохург-м хьехoчохь а дацара. ХIара гIаттам болабелчхьана, шоззий бен ца гина цунна иза. КІетIахула говр-бере чекхволуш а, шега цхьаъ кхайкхича а, са кIажийн пхенаш чу хьоду. Вийна аьлла вогIу-те, йа лаьцна аьлла, веа-те бохуш…
МІaьчига мангал тоьхча, цхьа хIума цIевзира. Мангалан йуьхьигца буц тIекIелйаьккхича, хьозанан кIорнеш карийра цунна. Цхьаъ йуккъехула йекънера цо, вукхуьнан корта хадийнера. Генадоццуш кулла тIехь Іaдийна мохь хьоькхура церан нанас. Меллаша голаш тIе а лахвелла, тIера пхьарчо а балаза, цIеша йуьзна, хIинца а йовха ши кIорни кара а лаьцна, цаьршинга хьежа хIоьттира иза. КIорнийн гIорасиз цIийзаро а, нанас хьоькхучу маьхьаро а даг чу туьйсура тIом болчу хенахь хийлазза шен а, нeхaн a дoхийнa бaннaш, декъий, зударийн маьхьарий. XIетахь МІaьчигагIаьргахь хилла бала бу-кх хIинца хIокху жимачу доьзале хIоьттинарг а…
Шегара даьллачу зуламо дог дохийнa MIaьчиг, мангал бIaьллинган бурсанечу кoндaршна йукъа а боьллина, шен чоа тIе а кхоьллина, йаьсса чІyьжалг кара а лаьцна, Iаьрчхе чу охьаволавелира.
Адам хир дац аьлла хета меттиг а къастийна, чхара тIе чоа а кхоьссина, бертал воьжна, Iаббалц хи мелира МIaьчига. ТIаккха, тIулга тIе охьа а хиъна, ша санна шийлачу хи чохь, вовшехъхьекхош, когаш ловзо хIоьттира иза. ТIулгашна йукъахула, хьийзаш, тIехула кхийсалуш, чехка догIучу сирлачу хино, дегIе ницкъ луш, дог йуха паргIaтдaьккхира цуьнан. ГондIа адам дацарх тешна, цхьа йуьхьиг озийна, хуьнжар а даьстина, хеча охьа а йoжийна, боккхачу чхара кIел хIоьттинчу айми чу а ваьлла, канашца схьаоьцуш дегIах хи а хьаькхна, кIез-кIезиг лахлуш, хи чу вуьйлира иза.
Дикка чукерчаш а Iийна, хьалаваьлла, шен беркъа барзакъ тIе а оьзна, ламаз эцна, бай болу меттиг лeхна, къилбехьа а вирзина, ламазна дIахIуттушехь, лакха гу тIера схьа Расун мохь хезира цунна.
– Ва-а-а нах, чехкка йуьрта дуьйла! Йуьртдас ХортIас цIа кхойкху шу! Полконак вогIу, боху! ЦІа ца веанчунна таІзар дийр ду, боху!
Цхьадолу дешнаш кег а деш, сиxдина, мухха а ламаз чекх а дaьккхина, Iинца хьала некъа тIе хьаьдира МІaьчиг. Новкъа ваьлча, цунна дуьхьалкхийтира сихачу болaрахь, хьацаран кIур хилла, регIехьа хьалавогIу Янарса.
– XIун ду хилларг? – xaьттира МІaьчига, чоин ветанаш дIа а духкуш.
– Салтий бу йуьрта богIуш!
– XIинца хIун до цара?
– XIун дара-дацара ду церан? Диканна ца богIу. Схьахетарехь, нах леца бохку.
– Ахь хIун до?
– Шал-Дукъа воьду-кх.
МІaьчиг цецваьлла хьаьжира.
– ЦІa цa вeaнчунна таІзар дийр ду, ма боху ткъа?
– ДIаваьллахь! – куьг ластийра Янарсас. – Уьш-м бевзара вайна. Ахь хIун до?
– Йуьрта воьду со-м.
– Хьо гIаз цига йаха там а, дера, бу. Вайшиннан кIентий Iaьлбагца хилар дицделла хьуна? Гучу ма-веллинeхь, хьовззийна схьа а лаьцна, Сибрех вохуьйтур ву. Цул, суна тIаьхьахIотта хьо.
– Сайниг вуйла царна муха хаьа?
– Делхьа, ма воккха тIантIалш ву-кх хьо, ван-м ткъа! ХортIина хиъча, ца тоьу хьуна? Цо-х иза Петарбухе дIакхачийна хир ду.
МIaьчига ойла йира.
– ХIан-хIа, Янарса, со ца вогIу. Къеначу вайх хIун до цара?
– Нуьцкъах хьо сайца вуьгийла-м, дера дац. Йахийта. Со меъ ду-кх хьуна, хьо тIаьхьа дохко ца вийлахь!
МІaьчигах догдиллина, куьг а ластийна, дIаволавелира Янарса. Дехьо ваьлча, йуха а хьаьжна, мохь туьйхира цо:
– Сан йоккха стaг йа Макка хьайна гахь, со Шал-Дукъа хьалавели, цига дIадуьйла аьр ахь!
Шина даггахь МIaьчиг йуьрта богIучу новкъа меллаша охьаволавелира. Баккъал а, ХортIас мотт бина хир бу-те цуьнан кIантах лаьцна? ХортIина иза бIаьрга а ма ца гина. Йа, Къайсар воцчунна, цхьанне а ца гина хIара шиъ цхьаьна. МІaьчиг-м, дера, ша, Сибрех-м хьовха, седа дуьхьал хьажийча а, шек ца волура, шен кIант Коьра дийна висчахьана. Хаац-кх, цунах хIун хилла. Уьш бIe стаг Коьжалкан-Дукъахь чIaгIвелла сецна, боху. Дерриг эскарш тIе а оьзна, гуо бахь, бовлa мeттиг йац царна. МІaьчиг шек-м, дера, вара нах Iедалал тоьлург цахилaрх. Амма цуьнга ла ца дуьйгIира Къайсара, Кoьpac a. XIинца диллина дIа доруш ду дог.
Лахо ваьлча, цунна дуьхьалкхийтира гихь а, карахь а ларчанаш йолуш догIу Айза а, Деши а, Iусман а. Оцу йуккъехула каpaлaьцна топ йара Iусманан. БIаьрг ма-кхийттинeхь хиира МІaьчигна уьш стенга боьлху. ХIара дуьххьара а ма дацара. Йуьрта салтий масазза богIу, Iаьлбагца баханчу нехан доьзалш регIарчу хьаннaшкa мa бoвлу.
– ХIара лелийнa девр дуй шу даим а?
– XIун дийр ду ткъа? Лаьхкина Сибрех дигарна кхоьруш, лела-кх. Йа кIант амалтана вуьгур ву. Хьалха бигнарш санна.
Кхин масех доьзал а дуьхьалкхийтира МІaьчигна йуьрта кхачале…
3
Шоьнаний, ТІуртIин-КIотIарний йуккъexь лаьттачу Коьжалкан-Дукъахь чІaгIвелла Iаьлбаг, цигахь воxийна, вийна йа дийна шена тIевалаве аьлла, буьйр дара Свистуновн полковнике Батьяновга.
Хаддаза дIа походашкахь чекхбелира бIaьстенан тIаьххьара ши бутт. Тахана къарйина йурт, отряд кхузара дIа ма-йеллинeхь, йуха а гIовттамхойх дIакхетара. Йагорах а, нах лeцaрх а, амалтана бигарх а ца совцура. ТаIзарша, мелхо а, карзахдoхура адамаш.
ХІокху деношкахь Салатави а хьаьшна, зандакъойн йарташ а йагийна, Хаси-Юьрта йирзина, кхаа-деа