Читать интересную книгу Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 83 84 85 86 87 88 89 90 91 ... 187
а, церан йалхойх а цхьа a стaг. Цкъа а хIара тайпа къамел ца динчу Васалх хьацаран кIур хиллера.

– Нохчаша оьрсийн бахархой бойъур бу бохуш, эладита хеза гIалахь. Бакъ дац иза! Нохчаша тIеман заманахь а ца дина шун цхьана а станицина тIелатар. Цара, вайн инaрлaша санна, зударшца, берашца, къеначаьрца ца бо тIом. Нагахь шу герз карахь шайх лата дагIахь, летар бу уьш, ткъа машаречу оьрсичунна, даим а санна, кхерам бац цаьргара. Амма цара къинхетам бийр бац вайн цIий муьйлучу БелликгIарах, ЧермоевгIарах, ЭристовгIарах, хIинцца кхузахь харц эладитанаш даржош лелачу cтaммийчу совдегapex. ГIевттинчу нохчаша нийсо лоьху. Іедало шайгара дIа а баьккхина, инарлашна, эпсаршна, кхечу хьадалчашна белла шайн мохк шайна схьабеза царна. Шаьш адамаш ларар лоьху цара. Изза дацара ткъа бIeшeрийн йохаллехь вайн дайша, муьжгаша, лехнарг? Иза лаха бакъо йац ткъа нохчийн?

– Бакъ бу уьш!

– Дала аьтто болда церан!

Амма Васална хаьа ладегIархойн ойланаш а цхьатера йоцийла. Шаьш Iедало таIийнехь а, цунна мел резадацахь а, кхузахь Iедалан а, туземцийн а йукъаметтигаш галйевлча, дуккханийн а ойланаш Iедалехьа хаьрца. Иза мел къиза делахь а, шайн къоман Iедал хета. ХIокху махкахь оцу Iедало уьш ларбо туземцех. Базарахь, некъахь, миччахьа а царна йукъа дов деача, хIокху «шенчаьргахьа» ма хуьлу. ТIе, хIокху Васала хIуъу дийцахь а, и нохчий толахь, шаьш кхузара дIалахкарна кхоьру. ТIаккха мича гIур бу уьш? Россе йухий? Цигахь латта а, цIа-цIе а ма дац церан. Йа хир ала меттиг а ма бац. Йуха а хьалхалерра помещикан дукъ коча эца деза.

ХIара Россин йистош дIалецар халкъан дуьхьа ду, ма боху правительствос. Оьрсийн мохк шорбан, пачхьалкх чIагIйан, хьал дебо, халкъ аттачу даккха. Оцу йистошка хьалха – мозгIарш, тIаккха – эскарш, тIаьххье – колонисташ а боьлху. Хьалхарниш – туземцаш бакъдине берзо, шолгIаниш – мохк дIалаца, кхозлагIниш – церан махка тIехь баха ховша, йа, вуьшта аьлча, цигахь Iедалан бIогIамаш хила.

Бакъду, и дIалоьцу мехкаш халкъан аьттонна бу бахахь а, амма кхузахь Iедал а, хьал а инарлийн, помещикийн, чиновникийн карахь дуьсу. БIе эзарнаш салташа-муьжгаша синош дIало, ткъа паччахьан а, цуьнан гIеранийн а кисанаш дешех дузу. Иза а хаьа колонисташна. И хьал а, Iедал а шайца нийсса доькъур доцийла а хаьа. Амма Россин губернешкара кхуза кхалхийначу колонисташна а кхочу жим-тIама хIума. Россехь латта а, сискал а йоцуш, къелла къикъвоьлла Iийначу муьжгичунна кхузахь латта ло. Иза Iедална муьтIахь хирг, кхузахь туземцашна тIехь Iедал латто цо гIо дийриг. Россехь йукъараллин массо чкъурана бухахь ведвина лаьттина муьжги хIокху колонехь, туземцашна тIе а хаавой, цхьа тIегIа лакхавоккху. Килсехь а, зорбанехь а, исправнико а, полицейскийс а – массара а хIор а денна, йух-йуха а олуш, цунна карладоху: кхузарчу муьлххачу а туземцел хьо лакхара хилар ма дицделахь, кхузахь хьо Iедалан орам бу, кхузахь вайн Iедал дожахь, хьайн бахамах а, йукъараллин хьолах а вуху хьо, варийлахь, даймахкана, килсана, паччахьан Iедална муьтIахь а, тешаме а хилалахь.

И зурма хьех а, тIамарх а йоьлларш а бу оцу тобанна йуккъехь. Уьш тийна ладоьгIуш Iа. Цара маьхьарий хьекхац.

– Вежарий! Аш кхузара дIалоьхкучу господаша маьхьарий хьоькхура: нохчий хIокху махкара дIабаха беза бохуш. Цаьрга-м алийтийша, царна-м хIуъу дийцича а эхь дацара. Амма изза дешнаш хезна суна вайн вежаршкара а. Иза ду новкъа. ХIара мохк нохчийн буйла ца хаьа шуна? Ткъа шаьш кхуза даьхкина йа далийна, уьш дIа а теттина, уьш къийбина, церан мехкан дега йуккъе охьахевшина хилар хIунда дицдо аш? Нийсса элира оцу дIогахь лаьттачу муьжгичо: шаьш нохчашца цхьана лулахь ваха резавоцург ша схьавеъначу дIагIо! Вежарий! Ла ма догIа харц эладитанашка! Шайн маршонехьа, нийсонехьа гIевттинчу нохчашна гIоьнна гIовтта! Йетта вайн массеран а цIий Iуьйдучу хьаькамашна…

Васалан и кхайкхам йукъахбаьккхира гIалин Iедалан омрица урамехула хецна говраш хаьхкина кхузахьа богIучу гIалгIазкхаша. XIинццалц салташций, гIалгIазкхашций галморзахаллаш ца хилла нах шекбоцуш лаьттара, цаьрга а хьуьйсуш. Цул сов, xIoкху баттахь гIалин урамашкахь гIалгIазкхий дуьххьара ца гора царна. Амма дошлой, дIаса ца хьаьвзаш, кху тобанна йукъалилхирa, aьтту, аьрру агIор шодмаш лестош.

Цхьа масех минот йалале йассайелира майда. Васал, баролал дехьа а иккхина, нeхaн кepтaшкaxyлa вeдда къайлавелира.

2

PeгIaн бaсax летта Iуьллу МIaьчиган ирзо доттура малхо. Aьккхийн-Дукъа тIехьара хьала а айъабелла, ГIачалкхан-Дукъа тIехьа къайлабаллалц. Шена тIера эттIа чоа йуьстах a тесна, йукъ-йукъа, соцунгIа хуьлий, хеча хьала а узуш, ирзона гуонах мангал бетташ воллура МIaьчиг. Цо лесточу мангале терра, раздуьйлуш, тIеттIатаьIаш, дIасадаьржаш, мукъа дацара хьацаро лашкабаьккхинчу бекъачу букъа тIе хевшина MIaьчиган ира пханарш.

Хьацар къиэгара хIетта баьшначу коьрта тIехь а. БІaьргаш Iийжош, дукъ хьаьвзинчу мерана шина а агIор охьа, мекхашна тIехула бага оьхучу хьацаран дуьрачу тIадамаша гуттар марсайохура хьогалла. Кес чекхдаккха гIерташ, дикка садиттира МIaьчига. Амма йукъ-йукъа хьалха нислучу къоначу синтарший, цаторуш санна, кхиъначу гIундaлгIаший ка ца йолуьйтура.

Цкъацкъа ойла хуьлура МIаьчиган, мангал варша а тесна, цIехьа шарша. Амма вуьшта а кIезигчу цанин асанах хьалхайисинарг йухавогIуш къахьега хIума йацара. Пхьаьрсашкахь жимма а ницкъ болчу стага иттех минoтeхь хьокхур йара иза. Ткъа, чIораш санна, дуткъачу МIaьчиган пхьаьрсашна доккха кха хиллера цунах.

Хье кхехкош, тIехьоьжучу малхе хьалахьаьжира иза. Делкъан ламазан хан хуьлуш йоллура. Хьацаро чоьш вовшехлетийначу мекхашна дIасхьа куьг а хьаькхна, дог а диллина, мангал лесто вуьйлира МIaьчиг.

Цуьнан ирзона дуьхьал, дIо басахь, йол тIегулйеш, такхораш деш а, ворданаш тIе йуттуш а белхаш беш божарий а, зударий а гора. Iуьйранна МIaьчиг кхуза веъчхьана, минотана а садаIа ца севццера уьш. И адамаш ХортIина белхех даьхкинера. Нийсса аьлча, цо нуьцкъах далийнера-кх. Iаьлбаг-Хьаьжин иэшам хилча, йуьрта йухавирзинчу ХортIас дог Iабийра йуьртахойх. Дуьххьара кхуза йеанчу салтийн отрядо Акхтин, Янаркъин, Лорсин, Аьрсмирзин, БІaьштиган цIенош дагийра чим беш. Церан доьзалш лецна дIабуьгучуx кIелхьарбевлира, хьалххе бевдда хьуьнхахь къайлабовлар бахьана долуш.

Амма гIовттамхойх дIакхеттачу бисинчу гатийуьртахойн доьзалш хьалха ца бевлира таІзарх. Царах уггар къармазе хетачех итт жима стаг амалтана дIавигира. ХортIас сацамбира йуьртахошка хIоьттинчу хIокху киртигах пайдаэца. ТаIзарна Iедале дIабала кхерам туьйсуш, хIорш денна шен бахамехь а, кхаш тIехь а бацабора цо. Тахана хӀокху кIуркIамечу дийнахь ХортIин докъар чудерзораш а бара и пекъарш…

МІaьчиган ойланаш хьаьвззина Коьрина тIе йирзира. Шийтта шарахь сатийсира цо кIанте. Дийна ву-вац а ца хууш. Амма дог ца дуьллура. КIантах догдиллича, валий бен са дацара цуьнан. Иза вара къена МIaьчиг дахарх тийсаволуьйтург. Коьра а ца гуш, валарна кхералора, корта лезна а, шена сиркхо кхетча. Сатуьйсура изa дaймахка йухаверзаре. Цунна зуда а йалийнa, вoIaрий хьеста. ТIаккха, велча а, шек ца волура.

Эххар а тIекхечира сатийсина де. Ши бутт хьалха цхьана буьйсанна Къайсарца цхьаьна MIaьчиган мискачу хIусаман неIарх чоьхьавелира

1 ... 83 84 85 86 87 88 89 90 91 ... 187
На этом сайте Вы можете читать книги онлайн бесплатно русская версия Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров.
Книги, аналогичгные Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Оставить комментарий