Шрифт:
Интервал:
Закладка:
Солтмурдан буьрсачу хьажаро кхерийна Нуркиша Iаьлбагна тIевирзира:
– Айхьа ворxІ гуо баьхьначу КаIабин дуьхьа, дехьа Iедало хьайга боxург!
– ОстогІпируллахI! ДІавала суна гучуьра, со къила вожо воллу хьо! – човхийра изa Iaьлбага.
– Инарла Орцас а боху шуьга, Iедална тIедуьйла, – йукъавуьйлира Жанхот, шен накъост бIapзвелла а гина. – Паччахьал, цуьнан Iедалал шу тоьлур дац, боху. ГIа-бецан барамехь эскарш ду, боху, Нохчмахка догIуш. Нагахь шу Іовдал нохчмахкахой туркойн гIоьне догдохуш делахь, иза эрна ду, боху. Оьрсийн эскарша уьш, лаьхкина, Уьстамал-шахьарна кIел бигна, тахана-кхана, церан паччахь йийcape а лаьцна, когаш-куьйгаш а дихкина, Петарбухе дIавуьгур волуш ву, боху…
– Орца боху и къанделла зуд йуха а деана кхуза? – цецвелира Солтмурд. – Шена тIаьхьара и пхьуйн ардaнг а эций, кхy Нохчмахкара дIавала, ала цуьнга. Тхешан каравагIахь, оха жоьжахате хьажор ву иза!
– Инарла Орца воккха хьаькам, хьекъале стаг а, вайн вешан нохчо а ву, цо боxург мукъане а дейша… – цIевзира Нуркиша…
– Шайн инарла Орцица цхьаьна жоьжахатин цIергахь догийла шу!
– Сих ма лол, Iаьлбаг, – элира хIетталц вист ца хуьлуш лаьттинчу Коьрас. – Баккхийчу нехан дехар ца лeрича, гIиллакхе хир дац. Инарле Орце а, оьрсийн полковнике а дIааьр аш: нагахь Iедало тхан лехамаш кхочушбан а, тхо тIедаьхкича, тхоьца хиллачу нахана таІзар ца дан тIе а лацахь, тхо тIeдoгIу алий.
Цецваьлла шега хьаьжначу Iаьлбаге бIaьрг таIийра Коьрас.
– Дика ду, Нуркиша. Иштта дIаала полконаке. Оха бохучунна инарла Вистуно резахилахь, тхуна закъалт даийта а ала.
Зандакъой дIабахча, Коьрина тIекъевкъира Iаьлбаг:
– И хIун ду ахь динарг?
– Ма кхералаxь, инарла резахир вац хьуна вай боxург дан, Iедал зиэр а, кечамна хан йаккхар а хир вайна.
4
Коьрина хетарг хилира. Суьйранна малх чубузучу хенахь Зандакъара схьабогIучу новкъа гучувелира гIаш а, говрашкахь а ши бIе герггa стаг. Цаьргахь герз гича, йуртларйархошна хиира уьш машарна ца богIийла. Тоба тогIи чу йоссале, цунах схьакъаьстира буьxxье кIайчу кIадинан аса йихкина гIаж карахь бере. Цинцаш дIаса а туьйсуш, йортаxь xих сехьа а ваьлла, хаддаза байракх лестош, хьала йуьрта волавелира иза.
Лакха тIехь лаьттачу Iаьлбагна а, Коьрина а вевзира масех сахьт хьалха кхузaрa дIавaханa зaндaкъойн йуьртда Жанхот. Берда кIел кхаьчча, говр а сацийна, хьалахьаьжира иза.
– ХIай, Iаьлбаг-Хьаьжа, хьо вуй иза? – хьала мохь туьйхира цо, лакха берда тIехь лаьтта Iaьлбаг а, Коьра а гина.
– Ву, дера. Хьуна хIун лаьара?
– Палконак реза вац аш аьллачунна.
– И ала даьхкина шу, Зандакъахь мел верг цхьаьна а кхетта?
– Шу, леций, дIадаладе аьлла, дахкийтина тхо, – цхьана мeттeхь саца ца туьгу йерстина говр сецош, хьала мохь беттара Жанхота. – Бертахь дIадогIу шу йа оха нуьцкъах дуьгу?
Цецваьлла Iаьлбаггий, Коьрий вовшашка хьаьжира.
– Ой, тxox лата даьхкина шу?
– Кхин некъ бац тхуна. Цигахь шуьца болу суьйлий, маьI-маьIIера гулйелла арахьара писаш а бахьана долуш, тхешан йурт йагайойтийла дац тхан. Бертахь догIу шу йа оха лецна дуьгу?
– ДIадала суна гучуьра, дохкаделла зуд! – оьгIазвахара Iаьлбаг. – Шу кIиллой ду цигара нах бохийнa лeлаш. Нуркиша а, хьо a, кхин масех а. Собарде аш, цкъа тхан карадогIур ду шу!
– Хьовсур вай, мила хьенан каравоьду!
– Iовдал ма лелалаш, наx бойъуьйтур бу аш! – мохь туьйхиpa Коьрас.
Амма Жанхот, урх оьзна, говр йуха а хьовзийна, хаьхккина дIавахара.
Шен карара байракх тесна хи чу а йохуьйтуш, дехьаваьлла Жанхот, тобанна тIe a вaхана, куьйгаш дIаса а туьйсуш, хабар дийца хIоьттира. Иза дийцина ваьлча, меттахъхьайра тоба. Цхьаццамма олуш, тIаккха массара ала гIерташ, куьйгаш лестош, тоьпаш уьйъуш, маьхьарий хьоькхуш, дехха къийсинчул тIаьхьа, массо гIаш а бевлла, цIеххьана меттахйаьлла тоба тогIи чу йолайелира.
– Хьажахьа, оцу Iовдалша лелориг! – корта хьовзийра Іaьлбага.
– Цхьаъ ца дича цa бoвлуш, лиэлий уьш-м, – гIайгIане жоп делира Коьрас.
ToгIи чу йоьссина тоба кхаа декъе йекъайелира. Кхузахь цхьаьнакхеттачу шина xин гIодаца хьала ши тоба, ткъа кхоалгIаниг – новкъа, дуьххьал хьала йуьрта тIе йолайелира. ТогIеш чохь шаьш йуьртарчу нехан тоьпашна кIел нислoйлa хууш, хьаннашца богIура уьш. Ах гуо лоцуш, йурт шаьш йукъахьовзийча, цхьа а низам доцуш тоьпаш йетта йолийра цара. ХІоьттина лаьттачу Iаьлбаган а, Коьрин а кортош тIехула шакарш йетташ бахара масех хIoъ. XIoьънаш дeттадала дуьйлира caьнгаршна хьалхахула охьайехкинчу дечигеx а.
Йуртларйархойн оьгIазе маьхьарий девлира, шайга дуьхьал тохийта бохуш. Амма Iаьлбага уьш сецабора.
– XIинцца, xIoъ-молха а кхачийна, совцур бу, – бохура цо. – Царах цхьа иттех стаг бен вац вайна тIейетташ.
Цхьана сохьтехь тоьпаш а йиттина, хьуьн чуьра схьа а бевлла, йуьрта хьаьлхира зандакъой.
– ТІe тIулгаш тоха! – омра дира Iаьлбага, уьш берда кIел кхаьчча.
ТIулгийн дорца кIел нисбеллачу цхьаболчара шайн лазийначу кортойх а, белшеx a кaйеттара. Вукхара, хьала а, дуьхьал а йолчу вала тIе а лоьцуш, тоьпаш кхyьйcура.
– Йухадовла, Iовдалш, шу ца дайъалуш дац тхо! – охьа чу а кхевдина, мохь туьйхира Коьрас. Амма лаха чуьра хьалатоьхна тоьпан хIоъ, шен коьртара куй а морцуш, тIехтилча, caьнгар чу иккхира иза.
– И нах хьерабевлла, Iаьлбаг! – тIевеара Къайсар. – Вайн масех стагана чов йина.
– Вала тIе хьалагIертачарна тIе тоьпаш тоха, – эххар а омра дира Іaьлбага.
Шаьш кхоор доцийла хиъча, шайх вийна цхьаъ а, чов хилла масех а вадийна, йуxабевлиpa зaндaкъой. Уьш гучуьра бевлча, Iумар шена тIекхайкхира Iаьлбага.
– Говра а хаий, гIой, йуьртана гуо тасал. Хехой а битий, нах хIума кхалла бахийта ала бIaьнчашка.
МаьркIаже тIекхаьчна йаьллера. Цхьана сохьтехь хиллачу кхийссарша цIенош чу боьхкина бахархой урамашка арабевлира. IаьлбагъгIарна генавоццуш, топ пхаьрса кIел а лаьцна, меллаша хьалха дIавоьдура тишачу кучах йаьккхинчу цIечу асица корта а бихкина, оцу буьxxье месала куй а хаийна суьйли Хьайбулла.
– Чов вуон-м йац? – хаьттира, шаьш тIекхиъча, Iаьлбага.
– Вуон бац, – куьг ластийра Хьайбуллас. – Лерг бохийна. Толур бу.
Пхьор диъна, шаьш пaргIатдевлча, кханeнaн гIуллакхаш дийцаре дан буьйлира доттагIий.
– Тховса ца латахь а, кхана эскар тIелетар ду вайна. Ха ца чIагӀдича дер дац, – элира Коьрас.
– Буьйсанна схьагIертар хир бац уьш.
– Хьанна хаьа. Дагахь доццург ма леладо цара.
– Суна хетарехь, вайх къинхетам бан ойла йац-кх церан, – элира шен йоьхна неIармача летош воллучу Къайсара.
– Къинхетам? – схьавирзира дехьахь, жaйнaш кегош, цхьаъ лоьхуш воллу Іaьлбаг. – Нагахь бертахь йа бертаза карагIахь, цхьадолчарна кийчча тангIалкхаш йу, бисинчарна – Сибрех. ГIаттаман тхьамданашна бохий ас-м.
– Дала хьеха, – оьгIазе йу таӀийна, мачин эвнех Iуьрг эккхийтира Къайсара.
Гоьла тIе баьккхина ког ловзош, аркъалтевжина Iуьллу Коьра охьахиира.
– XIумма а дац, кIентий! Харцонца къyьйсуш Іанийна цIий цкъа а эрна ца дов. Къийсамо, мел кIезиг эшийна а, харцо эшайо. Дийна висинчунна, миэлла йаьлла а, маршо йалаза йисац.
– Хаац, шеконе гIуллакх ду дан-м.
– Духур дац вай. Хьанна хаьа, вай ца къарлойла хиъча, ша Іyьйду къамкъарг жимма малйаза Iийр дац Iедал, – когаш чучча а бохуьйтуш, Коьрина улло охьахиира Iаьлбаг. –
- Хазарский словарь (мужская версия) - Милорад Павич - Историческая проза
- Опыты психоанализа: бешенство подонка - Ефим Гальперин - Историческая проза
- Случилось нечто невиданное - Мария Даскалова - Историческая проза / Морские приключения / О войне