Читать интересную книгу Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 54 55 56 57 58 59 60 61 62 ... 187
ницкъашца цхьа чаккхарма сехьахь ceцира Iаьлбаг.

ХІeтта цунна тIе хаамаш кхачийнера сийсара Шелахь хиллачу хийцамех. Амма Iaьлбаг тешна вара, баккхий нах йухабовлахь а, йуьртарчу кегийрхоша ша тIеоьцург хиларх.

Уллохь лаьттачу Овхьаде вист ца хуьлуш, иза карзахе хьоьжура йуьрта. ХІокху цхьана сохьтехь къаста безара цо долийначу гIуллакхан кхоллам.

Кхузахь бара нохчийн цIeйаxxана совдегарш, молланаш, хьаьжой. ХІокху йуьртара бевлла Iедална гIуллакх ден дукхахболу эпсарш, хьаькамаш. Цул сов, деган пхенаш санна, кхузара дIа Нохчмахка a, ЧIeбaрлa a, Coьлжа-ГIала а дIасадоьлху даккхий некъаш.

Кхузарчу нахаца гергарлонаш долуш а, хIокхунах агIо тоьхна а Іyьллу хIокхул тIаьхьа йоккха, маршонан гIуллакхашца даим цIе йоккхуш хилла Гермчиг а.

Хьалха чалбанашца баккхий нах а болуш йуьртах арайаьлла дошлойн тоба, дохнан дежийлашна тIехь йаьржина сeцира. Кегийрачу тобанашца йуьртах арабуьйлучу гIашлоша дIалоьцура царна тIехьара аре. Нурхьаьжин бIo шена тIeкхаьчча, бухара дошлойн тоба дIаса-м муххале а ца йекъайелира, мелхо а, кочара схьайаьхна тоьпаш хьалха а лецна, дуьхьалйирзира.

– ХIун ойла йу-те церан? – элира турмалца цаьрга хьоьжучу Iаьлбага.

– Тамаша бу, дуьхьало йан ца бахкахь.

– Жоьжахата гIойла уьш! Къена нах хьалха ма-гиннехь, хиира суна хIара гIуллакх меттера доций.

Оцу минoтeхь схьакхаьчначу Къайсара хаам беара, шелахоша, шаьш йуьрта дитац, боху, аьлла.

– Нурхьаьжига тхо тIекхаччалц собарде ала. Къосам, дошлойн бIо тIаьхьабалабе!

Эвлан йисте бевлла шелахой йукъалоцуш ах гуо беш дIахIоьттинчу шен эскарна йуккъехула а ваьлла, дин боларе a бaьккхина, шина а агIорчарна йукъахь йаьсса йитина бIe гIулч аса а хадош, вахана, хьалхарчу могІapexь лаьттачу шелахойн тхьамданашна хьалха сeцира Iаьлбаг. Шайн отрядашна хьалхара схьабевлла Нурхьаьжа а, Къосам a, Toзуркъа а хIиттира цунна улло.

Къоначу имамна хьалха дойш тIехь бара сира а, хьаьрса а, йexий а, шуьйрий а мажош йолу холхазан куйнашна гонаха кIайн чалбанаш хьерчийна баккхий нах. Царна йукъахь Іaьлбагна ца гира цхьа а гIийла, беркъа стаг. Массо а, вустийча санна, дилхе, токхе. ТІедуьйхина оьрсийн тоьллачу машин чоэш, атласан гIовталш. ХІораннан а каралаьцна топ, хаьнтIехь кхозуш тур, йукъахйихкина шаьлта, доьхкарх йоьллина тапча, Шеларий, Гермчигарий, Мескар-Эвларий, Курчалой-Эвларий, БердакIеларий совдегарш, мехкадай.

– Мила ву шун тхьамда? Схьавала йукъара, – элира Іaьлбага, воpтa сeттош, цхьана метта ца сацалуш, ловзайаьллачу говрана воpтанах дайн куьг тоьхна, и дIа а тейеш.

Нахах ши-кхо гIулч къаьстина, хьалха лаьтта Боьршиг, курра корта а саттийна, кIоршаме схьахьаьжира цуьнга.

– Со ву шелахойн тхьамда.

– Хьан цIе?

– Ханболатан Боьршиг. Ткъа хьо мила ву?

– Симсaрaрчу Олдаман Iаьлбаг.

Вуьйцу дукха хезнехь а, Боьршигна ца моьттура хIара нохчмахкахойн имам йуьхьана а, къамелна а оццул эсала хир ву. Цунна хьалха лаьттара, тIехь эттIа чoa a, коьртарчу лохачу, месалчу куйнна кIел цIен бос богуш, горга, къинхетаме йуьхь а йолуш къона стаг.

ТІеттIатаIийна балдаш вовшах ца къастош, кIоршаме велавелира Боьршиг.

– Iаьлбаг-Хьаьжа, тов! Хьо ву Нохчийчохь хIара гIурт бина Іaьлбаг-Хьаьжа? – пхьидачух тера боккха ши бIаьрг Іaьлбагна тIебуьйгIиpa цо. – Хаьий хьуна, Ioвдал нохчмахкахо, айхьа халкъана деш долу зулам? ХIун оьшу хьуна тхоьгара? Стенна веана хьо тхан йуьртана тIе?

– Суна хьоьгарий, хьуна тIехьа лаьттачу оцу хьолахошкарий хIумма а ца оьшу, Ханболатан Боьршиг, – парггIат жоп делира Iаьлбага. – Кху йуьртарчу нахана тIе веана со. Цара пурба лахь, йуьрта чуван а, нагахь ас айъина гIуллакх цара къoбaлдахь, уьш сайна тIаьхьахIитто а.

Боьршига аьрру куьг диллира шен кочахь кхозучу туьран детица кхелинчу макъарна тIе.

– Йуьрто со векал вина шен лаам хьоьга дIахаийта, – шa эриг массарна хазийта, аз айдира Боьршига. – Шелахой реза бац хьо тIелаца. Хьайн ардaнг эций, лома йухаверза.

ГІо лоьхуш, Іaьлбага бIаьрг кхарстийра баккхийчу нехан йаххьашна тIехула. Амма царах цхьаннен а бIаьргаш чохь цунна ца гира доглазаман суй а. Ткъа даррехь цабезам, цабашар, къизалла гора.

– Дика ду, Ханболатан Боьршиг. Ас халкъe хоттур ду цуьнан дагахь дерг.

Говр дIа а хьовзийна, йуьстахлаьттачу йуьртан лаxенийн тобанна хьалха хIоьттира Iaьлбаг.

– Шелахой! – мохь туьйхира цо, шед буйнахь куьг хьала а лаьцна. – XIинца соьца хиллачу доццачу къамелехь шун йуьртахочо Ханболатан Боьршига, ша аш хаьржина векал а ву, тхо Шела чу дита шу дуьхьал а ду аьлла, шун цIарах дош делла. Нагахь Ханболатан Боьршиг аш шайн йуьртан тхьамда а хаьржинехь, цо соьга аьлларг шун барта а делахь, тхан бакъо йац шуна тIeгIерта. Суна хетарехь, Ханболатан Боьршиг аш хаьржина вац. Иза вайн халкъан мостагIийн мотт-ишарца цунна гонах лаьттачу цуьнан бартахоша хаьржина. Цо аьлларг шун барта хиларх шек ву со…

Йукъ-йукъа девллачу маьхьарша хадийра Іaьлбаган къамел.

– Оха хаьржина иза!

– Тхан лаам бу цо кхайкхийнарг!

– Хьайн гIеранца цIехьа йахийта!

– Тхо хIаллакдан воллу хьо!

Мохь бол-болучу дIа а хьожуш, эриг ала вуьтуш, цхьана йукъана сeцира Iаьлбаг. И маьхьарий дeттарш Боьршиган бартахой хилар шера гора.

– Дика ду, шелахой, – резахилла корта таIийра Іaьлбага. – Нагахь оцу Боьршига аьлларг шуьгара делахь, шун йуьрта гIертар дац тхо. Амма, хаалаш, Ханболатан Боьршиг а, цунна уллохь лаьтта хьаьжой а, совдегарш а, массо а уьш шу, шелахой, даларх, шу сийначу цIарах дагарх, шек дIа бовлуш цахилар. Хьовсал шайга а, цаьрга а! Церан а, шайн а беснашка а, духаре а! Церан туьканаш, шортта мохк, хьал, бахам бу, ткъа шун хIун ду? Аш мацалла хьоьгу, къоьлла къикъдоьлла, ткъа уьш хьоло хьерабаьхна. Шу, Iедало дацийна, гIорлaдoлийна, денна тIейеттачу налогаша чIанадаьхна. Куьйган бакъонаш а йайъина, лоллехь латтадо. Маса ву шуна йукъахь сахь хьаьжкIаш йен лаьттан коржам йоцуш! Маса ву шуьлахь тахана берашна чорпа йан кана ахьар доцуш! Маса ву шуна йукъахь шайн доьзал хене баккха гIалгIазкхийн йарташка, гIумкийн элийн мехкашка йолах балха ваха везаш! Маса ву шуна йукъахь оцу дIогахь лаьттачу, аш «тхьамданаш» аьлла цIе тоьхначу шун йуьртахошна йалхой хилла чухIоьттина! Хьалдолчу шун вежарех цхьа а веаний шун мецачу, дерзинчу берашна сискалан йуьхк, тIейуха коч йохьуш?

Коьрина гора нахана йукъарчу дукхахболчийн кортош охьаоьхуш. Йукъ-йукъара кегийрхойн маьхьарий девлира:

– Бакълоь имам!

– Byьзнарг цкъа а вац мецачун ваша!

– Уьш Iедало, тIе хьакхар хьоькхуш, кхобу!

– Хьайн чIинкъ сацайе, къутIа, цIа догIур дац хьо?!

– Нах! Оцу писо дуьйцучуx Iеxa мa лолаш!

– Пис хьо йу-кх, Боьршиган йалхо!

Урх оьзна, говр меттах а йаьккхина, адамийн тобанна хьалхахула дIасаволавелира Iаьлбаг.

– Ма мотталаш, тхо, дуьзна, хьерадевлла лела! Шу санна, пекъарш бу шуна герз караxь ломара охьабевлла хIара суна тIаьхьарниш. Вайн халкъана маршо йаккха, Iедало цуьнгaрa дIадaьккхина латта йухадерзо, Iедало а, меттигерчу цуьнан хьадалчаша а вайна тIехь латто харцо ца лайелла, гIевттина. Тхан йерриг дегайовхо шуна тIехь йу, шелахой, гермчигаxой! XIунда лаьтта шу шина дагахь? Вац шуна йукъахь кху йарташкара бевллачу нохчийн маршонан кIентийн, цIарна а цIе йаханчу къонахийн Iабдул-Къедаран, ХІовкин, Оьздамаран, СаьIад-моллин, Домбин, ТIeлхаган тIаьхьенах цхьа а? Йа тIаьхье йоцуш байна-те и къонахий? Ма Iexaдaйтa

1 ... 54 55 56 57 58 59 60 61 62 ... 187
На этом сайте Вы можете читать книги онлайн бесплатно русская версия Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров.
Книги, аналогичгные Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Оставить комментарий