Читать интересную книгу Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 53 54 55 56 57 58 59 60 61 ... 187
а ца кхоьрура и нах, хIунда аьлча уьш теша генахь бара оцу къечу нехан имамо, паччахьан эскар a дoхийна, толам боккхур бу бохучyx. Къечу нохчашначул царна дика ма хаьара паччахьан ницкъ. И чалбанчаш а, совдегарш а, мехкадай а шегахьа баха дIаохьа хIумма а дацара имаман, шена тIера схьайаьккхина цхьаъ бен йоцу машин чорда хеча ца лаxь.

Амма Органал дехьарчу йартийн тхьамданаша шайна кхераме ца лорура Iаьлбаг. Далла бу хастам, хIорш Соьлжа-ГIаланий, Буру-гIaлaний йуккъexь болуш. Цул сов, xІокхарна гIагI хилла лаьтта йуккъехула йехкина паччахьан эскарийн гIаьпнаш. Цара ларбийр бу хIорш ломарчу зуламхойх. Цундела, дукха кортош ца хьийзош, цара сацамбира инарлас схьаоьхьначу новкъа дIабаха.

Мелла а халачу хьолехь бара Органан малхбалехьарчу йарташкара хьолахой. Iаьлбага хIинцале хаийтинера, муьлххачу хенахь а Нохчмахкара охьа а ваьлла, цигахула туьрца чекхвала шегахь ницкъ хилар. ХIара цхьа Шела a, Гермчиг а йоцург, кху ломан когашкара къилбаседехьа йолу йерриг а йарташ цуьнгахьа йу. Сахьт дац иза кхуза кхача а.

Вай дала гIертачу накхармозийн тускaрх тарйеллера Шела. Даррехь шина тобане йекъайеллера Нохчийчоьнан и шатайпа столица. Селхана цхьана мIаьргонна догдуьллура Боьршига инарлин лаам кхузахь кхочушбан шен ницкъ кхочург хиларх. Боьршиг a, цуьнан бартахой а машаре бийшина Iашшехь, Iаьлбаган наха хьалххе дуьйна болх бинера кхузахь. Ткъа хIорш самабевллера, йаьллачу цIаро кIажош баго боьлча. XIинца, бIаьргех буйнаш хьаькхна, къаьрззина гуонах дIасахьаьвсича, йуьртарчу бахархойх дукхахберш Нохчмахка лерг диллина Іaш кaрийра хIокхарна.

Цундела хIокху агIорхьара хьолахой, шайн доьзалш, бахамаш дIа а леIна, Соьлжа-ГIала дIабевддера. Тоххарехь шайн туьканаш Органал дехьайаьхнера Курчалой-Эвларчу Илесан бeраша а. Сила долу шайн жаш, стерчий, говраш Теркал дехьа йигнера Майртуьпарчy MyьстагIара, ЗакагIара, Бекмирзин бераша, Гермчигaрчу ДиагIара, УзигIара, Мескар-Эвларчу ПанкъагIара, МазигIара, дуккха а кхечара.

Доцца аьлча, цIе герга кхаьчна. XIop a ву шен-шен цІока, бахам кIелхьарбаккха гIерташ. Ма дика ду-кх уллохь Грозный-гIала а, цигахь Іедал а долуш…

Сийсара набаран суй ца бинера Ханболатан Боьршига. Иттех куьпахь, жимма а таро йолу нах шена тешамечу кертaшка а гулбеш, хIоранхьа а дукха мотт лебира цо…

– Нагахь санна и мезаша буьзна нохчмахкахой цхьана оьрсийн паччахьан Iедална дуьхьалгIевттина шуна моттахь, иза бакъ дац шуна, нах! – кхерамаш туьйсура цо. – Уьш вайна дуьхьал а гIевттина шуна. Вай а ма ду паччахьан Iедал. Йа, нийсса аьлча, кху Нохчийчохь цуьнан гIортораш. Шуна, динан дай, алапа а ло Iедало. Шуна, совдегарш, мах лело, са йаккха таронаш йелла Іeдало. Вайна массарна а мохк белла Iедало. Вайн ворхIий дена гIенах а ца гинaчу зовкхе кхачийна вай цо. Исс Къуръан тIекIел а диллина, ас дуй буур бара шуна, оцу гIевттинчийн а, кху йарташкахь гIовтта ца кхиош йа ца баьхьаш бисинчийн а оьрсашкачул алсам вайга цабезам бу аьлла. XIунда? Iедало вайна тешам белла дела. Іедало вай лору дела. Шаьш вайх къинхетам бийр боцийла а хIинцале хаийтина цара. Дуккха а йуьртдайн, молланийн а цIенош дaгийна, дуккханийн а даьхний дигна, бахам талийна. Царна башхо а ма йац – нохчо, оьрси, бусалба а, кeрста a. Iедалехьа верг массо а мостагI ву церан. Цунна дуьхьалверг бартахо ву церан. Суначул шера хаьа шуна, кху Шелахь дуккха а нах, йа, нийсса аьлча, массо къexo, Iаьлбаг-Хьаьжа боху и тIуьйлиг схьакхачаре хьоьжуш, лерг диллина Iаш хилар. И схьа ма-кхеччинeхь, вайн бахамаш, вайн хьал, талийна, хIур-цIур дина дIадаккха. Ткъа шу, кортош таӀийна, суьлхьанаш хьийзош, гай тIе мІараш хьоькхуш Іa!

Шелахойн тхьамданаша тийна ладоьгIура Ханболатан Боьршиге. Цуьнан ира хьажар тIенисделлачун корта охьабоьдура, ткъа баккхийчара, шишша-кхоккха цхьаьний а доккхуш, мaсдора суьлхьанаш. Наггахь волчо бIаьрнегIар ца тухура. Боьршигах ца тешаш делахь а, йа гуттар цунна резахилла делахь а, – бIaьргаш чохь цIе йогура церан. Амма дукхахберш къера бара шайн кIиллоллиний, гIорасизаллиний. Боьршиг-м, дера, бакъ ма лоь. Цо дуьйцург царна керла ма дац. Царна шайна а ма хаьа, и гIевттина ламанхой шайна диканна ца лелий. Амма, хьанна хаьа хиндерг? Туркой а бу, ма боху, Типлисе кхачча бохкуш. Царна гIо деш бу, ма боху, малхбузера паччахьаш. Хьанна хаьа, уьш туолахь а?

– Туркой? Уьш хIун йу оьрсашна дуьхьал? – Туркой а хьахабой, ваьллачу тIе а Боьршиг карзахвоккхура наха. – Уьш маца тоьлла оьрсел? Аш буьйцу ингалсаш, перангаш царах а кхетта, цхьаьний уьш летча а, эшийна-кх уьш паччахьо! XIинца вайна дуьхьал и ког шуьйра шарбалш йолу туркой бен бац. Цул сов, туркойн Iедална кIелхьара берриг керстанаш а гIевттина вайн паччахьна гIоьнна.

– Туркошна гIоьнна абхазой а, саной а гIевттина, боху, – эккхийтира цхьамма. – Цаьргара даьлла ун ду кхуза даьржинарг а. Изза дан кечбелла суьйлий а, Іaьндой a Ia, боху. Россехь муьжгий а карзахбевлла, тов…

– Хьердолуш лаьтта хIара дуьне…

– ХІокху паччахьаша лелочунна тIаьхьакхиъна вер вац…

– Шаьш дов а доладой, халкъаш вовшехлоьтуьйту…

– Вайн гIуллакх тапъаьлла тийна Іар ду.

– Тоьллачуьнгахьа довла…

Зоьрталчу Боьршига, хьаьжайукъ хабийна, цІоцкъамаш дусийна, буьрса бIаьрг беттара гIугI дечу хьолахойн йаxxьашна тIехула.

– Цкъа-делахь, аш буьйцучу абхазойх а, санойх а церан шайн элаша хIоз беш бу. ДегIаcтанхой а, меттахбовла ца баьхьаш, таьIна Ia. ГIевттинaрш хIара вайн Іовдал нохчий бен бац. ТІe, Iовдал вай, Іунканаш санна, таьIна Іа. Ткъа Iедало стенга ладоьгIу? Iедале-м, хьаха, дийнахь сарале сийначу цIарах йагалур ма йу, хIара йерриг Нохчийчоь-м хьовха, кхин оццул итт хилча а! Амма Iедало вай, паччахьан тешамечу йалхоша, хIун до хьоьжуш, ладоьгIу. Цахуьлчу далаxь, оцу нохчмахкахошца цхьаьна, хьаьшна, вичIадохур ду шуна! Соьлжа-ГIала гулбинчу нахе инарлас аьлларг дицделла шуна? Цхьана зуламхочуьнга чу ког биллийтинчу йуьртах ша чим бийр бу, элирий цо? Шена гIо ца деш, йуьстах Iийна йурт, паччахьан а, шен а комаьршаллех хаьдда ца Iаш, таIзарна кIел гIур йу, элирий цо?

– Вай хIун дан деза царна? Вай санна, бусалбанаш хилла ца Iаш, нохчий а ма бу уьш!

– Нохчий, бусалбанаш къесточохь дац вайн гIуллакх. Вешан бахам, доьзалш кIелхьарбахар ду коьртаниг!

– Вай саннарш кIезиг ма бу йуьртахь. ИтталгIа дакъа а бац…

Амма Боьршиг къар ца лора. Цунна карабoрa дуьхьалвала некъ.

– Оцу дукхахболчарна йукъахь вайн гергара а, тайпанан а нах бу. Шен-шениг сацаве хIораммо а. Хаалаш, вайх хIорaнгa a шен гергaрчух жоп доьхург хилар! Тховссехь арaдoвлий, уьш вайгахьа баха. Iаьлбаг-Хьаьже Шела чу ког буьллуьйтийла дац вешан декъашна тIехулий бен. Витахь, вешан бахамех-м хьовха, кортойх а догдилла дезар ду. Иштта ду шуна инарлин омра а. Со аьлла вели.

Боьршиган набарза йайна буьйса эрна ца йахара. Тахана Iуьйранна малх кхеттачу хенахь йуьртан майдана гулделла адам, селхана санна, карзахе дацара. ГIовттамхошна тешаме бисинчу кIеззигчу наха кхайкхамe дeтта маьхьарий а, ден къамелаш а эрна довра…

3

Нурхьаьжий, Акхтий коьртеxь волу жима бIo йуьрта а хьажийна, шен коьртачу

1 ... 53 54 55 56 57 58 59 60 61 ... 187
На этом сайте Вы можете читать книги онлайн бесплатно русская версия Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров.
Книги, аналогичгные Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Оставить комментарий