Читать интересную книгу Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 ... 122
хIинцале нахана хьалха ша йуьхьIаьржа хIоьттинарг лерина, шен йоIана оьгIазвахана, хIинцца кIадделла бIаьргаш йуха а, гуттар санна, деккъа лепадеш, болар цIехьа сихдира Тавсолтас…

* * *

НеI йиллина, Тавсолта цIеххьашха чувелира: школера цIа даьхкина бераш чохь дара, йуург кечйеш пеша уллохь Нурбика а хьийзара.

Чохь, башха хьал дацахь а, гуттар санна, цIена а, самукъане а хетара. Чу ма-велли, дуьхьаларчу пенах, шина кора йуккъехь, кхозура, кепка а тиллина, пиджака тIехь цIен бант а лепаш, сирла велакъежинчу Ленинан портрет. Аьрру агIорчу пена тIера схьахьоьжура, салтин чоа а дуьйхина, чета куьг диллина, сапаргIат лаьтта Сталин. Дехьа чохь, йиллинчу неIарехула гора соне оьллина имаман Шемалан сурт. Стоьла йуххехь книжкина тIехьоьжуш Iен Дауд, сихха кIужал хьулйеш, лаба дIа а тиллина, дегI нисдеш хьалагIаьттина, дена тIе вахара, цуьнгара схьаэцна белхан гIирсаш чохь болу тIоьрмиг а, Iасанан метта лело гIаж а дIаоьллира неIарна тIехьа боллучу дечиган хьостамах. Чу нуй хьоькхучу Селитас, коьртара белшаш тIе деъна йовлакх сихха дIанисдира. Нурседа этажерки тIерачу куьзгана хьоьжуш лаьттара шен кочара цIен галстук нисйеш, коьртахь йовлакх а доцуш. И гина Тавсолта, гомо Нурбике а хьаьжна, вист ца хуьлуш, дехьа чу вахара. Цо гуттар а зуда йора бехке, берашкара даьллачунна а, тIе, берашца эвхьазаваларх ларлуш, царна догIу дов а цо зудчуьнгахула дора. Цу сохьта кхетта Нурбика тIечевхира йоIана чIоггIа, дехьарчу хIусамдена а хозуьйтуш:

— Делан дуй гIо хьох! ШайтIан ког! Латта а лаьттий кхин эхь ца хеташ! Мосазза аьлла хьоь… ДIатилла и йовлакх, йилбаз!..

Нурседас косынка дIатиллинчул тIаьхьа а, майрчунна хьалха бехказа йала гIертачу Нурбикас кхин тIе а барт беттара йоIана, кхано шена цIийндегара хинйолу йаппарш йаййан лууш:

— Лачкъаза дисина шайтIа!.. Хьо адам делхьара, и бIаьргаш сел сийна хир бацарий хьан-м!..

Нурседина, ша оьгIаз мосазза йаха а, изза олура Нурбикас. Амма, цуьрриг а дегабааме йоцу Нурседа, хIинца а, гуттар санна, шен хьаьрса чIаба ластош, сиха дIа а йирзина, йелакъежира: Нурбикин бIаьргаш а ма дара сийна! Массарна а гуш: сирла хьаьрса Нурседа цIена шен нана йара! Бакъду, амал дениг кхаьчнера цунна. Ткъа тIехула дех тера, бIаьрг-цIоцкъам а Iаьржа долу, цу шиннах хазах йолу Селита дог кIеда хиларехь ненах тера кхиънера. Маццах и жима йолуш, кертарчу кхура тIе хиъна къоркхокха Тавсолтас, шалго-топ тоьхна, чубаийтича, йоьлхуш чуйеанера Селита и йишига дийца.

— Ткъа йелха хIунда йоьлху хьо! Цо котамна урс хьаькхча а ца йоьлхий хьо?.. И хIун тоьлу котамал? — ца йешира жимахйерг.

— Котам… иштта эсала йац… — аьллера Селитас, къурдаш а деш. Селита аьнгалхех а кхоьрура. Нурседас-м коган кIажица хьоший йоьра и, ма-гиннехь. Селитин тайнагех самукъадолура, ткъа Нурседина бинжолаг безара. Шайн дов даьлча, хIетахь дуьйна жимахйолчо тIехтухура Селитина: «Эсала котам», — олий. Жима йолуш дуьйна а, аьрга хьач санна, муьста дош оьккхуьйтура Нурседас. Амма дас ца могуьйтура цхьаъ вукхунна лер, къаьсттина — жимахниг воккхахчунна: «Чуьра дуьйна доладо стеган сий», — олура цо. Цо аьлларг кхочушхила а дезара: и доьзалан да вара. Амма кертал чоьхьа долу цIийнан дукъ дерриг Нурбикин йаьIни тIехь Iуьллура: сатоссуш гIоттий, xIyсамдена хьалха тас, гIумгIий а хIоттадой, араэккхий, хи дохьура; котамашна борц тосура, узий, йетт дIалоллура. Йуха чуйогIий, майра балха вахале йуург лой, бедар кечйой, цуьнан гIуллакхийн кхачо йора. Цул тIаьхьа, дузадой, бераш школе дIа а хьовсадой, чуьра гIуллакхаш дан йолалора. ТIаккха уьйтIа девзиг хьокхура, массо а хIума шен метте дIанисйеш. Кертара гIуллакхаш дина йаьлча, Нурбика, кIел миндар а буьллий, тIаргla къажбан уча охьахуура. Цо ша йора шайна Iаьнан йовха пазаташ, каранаш, Тавсолтин окхеш а. ЦIахь а, колхозехь а сарралц хьийзара Нурбика и, шен дехий пхьуьйшаш долу, хьорканашна тIе хIутту йеха коч а йухий, лаг хьулдеш тIеуззий, шен тиша кортали а туьллий.

Цкъа а ца гора и когахь пазаташ йоцуш а: йерзина настарш эхьар маьттаза лорура Тавсолтас. Садайча, массо гIуллакхаш дIадерзадой, Тавсолта волчу а хIуттий, ша кхин цунна ца оьшийла хиъчий бен метта ца йолура иза. Цундела, Нурбика даима йекъна йара, амма Тавсолтас: «ХIумма а дац, жIаьлин даьIахк санна, чIогIа йу!» — олий, хастайора и.

Бакъдолуш, йуьртахь а ша саннарш дукха хир боцуш, беркате хIусамнана йара иза. И Тавсолтина а хаьара. ХIетте а, йиллина ладоьгIуш, йулайелла хила дезара цуьнан: данза диснарг сиха гора Тавсолтина. Цкъа а ца хаьара и муьлхачу агIорхьара тIекIирлур ву.

Тавсолтас ша дан дагалаьцна дов цу сохьта ца дора: массо а хIуманна шен меттиг хоржура цо. ХIинца а пхьор диъна довллалц тIаьхьатеттира цо шен къамел. Нара тIехь дIанисвеллачу хIусамдена шенна хьалха кхача а хIоттийна, Нурбикас берашна стоьл тIе йуург охьайуьллушехь, цхьаммо-м неI туьйхира.

— Мегар дуй? — схьахезира оьрсийн зудчун аз. НеI ма-туьйххи а, и мила йу хиъначу Нурседас, хьаьдда йахана, неI схьа а йиллина, Анна Львовна чуйелира:

— Суьйре дика хуьлда шун!

Массара, хьала а гIевттина, хазахетарца тIеийцира хьаша. Нурседас, тIекхетта схьа а эцна, соне хьалаоьллира цуьнан плащ.

— Марша йогIийла, Ана! Хьо ма дика йеа!.. Охьахаа, хIума йаа тхоьца! — элира Тавсолтас, сирла вела а къежна, оьрсийн а, нохчийн а дешнаш эдеш: Анна Львовна, стоьла йуххе берашца а ца хууш, нара тIе, Тавсолтица хиира, ша деанчу гIуллакхна мелла а оцуьнца а бух кечбеш.

Йуучух йукъах а девлла, бераш цу сохьтта, хьешана пapгlaто йуьтуш, арадовла гIоьртира, амма Анна Львовнас, дега дехна, чохь совцабайтира уьш. Нурседа, гирз даьлча санна, шен гIанта тIехь дIасахьера: иза кхоьрура, хIинца, ша а йолчохь, Анна Львовнас и гIуллакх дийца долийча, шен айкхйалар а гучудаларна.

Школера ма-йаллара, йуучух кхета ца кхиош, схьайеанчу Анна Львовнас дезаш дуура, тIера Iаь гIуьтту, чомехь кечдина жижиг-галнаш, нохчаша санна, уьш саьрамсекхан берамала а Iуттуш, йукъ-кара чадица тIе чорпа а молуш. И къаьсттина хазлора Нурбикина. Хьешана йела а къежна, товхана йуххехь лаьттара иза, йуург тIе а йуьллуш. Амма ша охьа ца хуура. Анна Львовнас дийхира:

— Охьахаа тхоьца, хIума йаа!

Цунах кхеттачу Тавсолтас а элира:

— Охьахаа…

Йела а къежна, корта ластийра Нурбикас.

— Муха Iа шу? ЙоI йуй могуш? — хаьттира Тавсолтас, кхуо деанарг хаа шена луъушехь.

— Дика Iа тхо-м… Ниночка а йу детсадехь йеддий, хьаьддий хьийзаш. Шу дахкалой… дуй могуш? — Анна Львовнас а эдора оьрсийн а, нохчийн а дешнаш… Цакхетарг Дауда гочдора.

— Дика Iа… Иван хIун деш ву?.. — цуьнан майра хаьттира Тавсолтас. Он мой хороший изнаком! — тIетуьйхира.

— Иза а ву-кх шен тракторшца воллуш…

— Савва Ильич как? — цуьнан марда а хаьттира Тавсолтас.

— Иза а могуш ву, — жоп делира Анна Львовнас.

Тавсолтина оьрсийниг хуъучул Анна Львовнина нохчийн мотт а хаьара. Бераш, хIума йиъна а девлла, арадовлуш, массарел хьалха араиккхира шех йогу Нурседа; цунна тIаьххье арайелира

1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 ... 122
На этом сайте Вы можете читать книги онлайн бесплатно русская версия Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев.
Книги, аналогичгные Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Оставить комментарий