гойтура цо, бахьана а доцуш, цунна ша йуххе воьдуш а, йа цуьнгахьа хьоьжуш а: делахь а оцунна оьшу бахьана муьлххачу кегарехь а ша-шаха карадора, йа наггахь, цхьа а бахьана доцуш а, бехказлонна цкъа йуххерчу цхьана кхечуьнга дIа а хьовсий, Увайсан бIаьргаш, тIаккха Селитехьа а доьрзий, цунна тIехь дехо совцура.
Цунна а дагатосура: «Ма тайна йу и… Гуттар ойлане хIунда йу?.. ХIун ду те цо сагатдийриг?»
Амма Селитин а дацара сагатдан кхин бахьана: и ший а ойлане дийриг, церан хIинцца голатухучу кхаьчна, къайленех дуьзначу дахарх лаьцна керл-керла хеттарш самадоху къона хан йара. И шиъ вовшашна сингаттаме хоьтуьйтург а, цара шайна а ца хууш, хIинцале шайн дегнийн кIоргенехь къайллаха вовшашна гатден са дара.
Селита йуха а Увайсехьа хьаьжира.
ЙоьIан кIедо хьуьйсу бIаьргаш, церан кIоргехь богу чиркх цхьаммо-м даима чуоьзна латтош санна, цхьана эшшара эсала догура. Цу сохьта Увайса, хIокхуьнгахьа хьажош, сехьа кхоьссина буьрка, Селитин коьртара йовлакх а дожош, дIайахара. Мохо некъехьа дIададийра йовлакх. Цунна тIаьхьа йедда Селитий, Ткъа бехкалвахана, цочул хьалха схьа а лаьцна и йоьIе дIадала дагахь ведда вогIу Увайссий гира школина хьалхахула схьайогIучу шина зудчунна. Когийн кIажошка кхоччуш йеха коч а йуьйхина, ал тапта коьртахьчу, йоккхахйолчо муьшка йира шеца йогIучунна:
— Хьажахь! Тавсолтин йоI а иштта лелча, кхечара хIун дан деза?
— Хир дац, хьуна, и Тавсолтина хууш-м!
— Тамаш ма бу, ишколана уллохь ша Iашшехь, цунна и цахаар!
— Дера, деза хIинца вайша, дIа ма-кхеччи, хаийта-м! Бехк буьллур ма бу вайна и гиннашехь цахаийтарна, — аьлла, и шиъ школина аьрру агIорхьа дIайахара.
Селител хьалха ваьллачу Увайса, схьа а эцна, йовлакх дIакховдийра йоIе, цуьначух шен куьг ца хьакхадалийта, шина пIелга а лаьцна:
— Бехк ма биллалахь, Селита, ларамза хилира, хьуна, и! — Увайсан аз шатайпа къорра дийкира.
— Иза-м хIума дацара, — Увайсе леррина хьаьжира Селита: цкъа а иштта qeххера гина вацара иза. Нисса йоьIан бIаьргашна тIе нисбелира Увайсан ши бIаьрг а: цу секундехь вовшийн бIаьргаш чуьра схьатоьхна церан синойн зIаьнарш, хьалха дуьйна а церан кийрахь вовшашна IаьIаш схьайеъна йолу, хIинца, цхьа мерза цIе дегIах латош, церан дегнаш чу дIакхечира.
Селита, шена хIинца хиллачух ца кхеташ, амма иза доккха хиларх шекьйолуш, цуьнан ойла йеш, меллашчу боларца тIейахара шечарна. Увайс а ойлане дIахIоьттира шен метте. Уьш йуха а ловза буьйлабелира, ткъа хIинца цу шиннан хьажар баккъала а мелла а сингаттаме хеталора: шимма а, хIинцца шайн дегнаш чохь кхолладеллачух кхета гIерташ, цхьатайпа ойланаш йора.
Амма гонахара бIаьстенан Iалам, хьалха санна, самукъане хьоьжура цаьрга: цунна дика хаьара кхаьрца хIинцца хилларг шен омрица дуйла а, цу тIехь и кеста дIадоьрзур доцийла а.
Кху секундехь дехьара схьакхоьссина буьрка, Нурседин кара а кхеташ, охьайуьйжира. И схьаэца йоьлла йоI цунна тIе а кхетта, буьрка йассайелира…
— Йалол, Нурседа, йадий, вайн чуьра нара кIелхьара велосипедан насос схьайал! — элира Дауда.
— XIapa-м ас иштта а йусур йара, — аьлла, Нурседа буьркан чу xlyп баха йуьйлира.
— Ма йу-кх хьо! — вашас аьлларг сихха кхочушдархьама Селита ша йахара шайн чоьхьа: и ловзар духийла ца лаарал совнаха, цунна, ша а йаьлла, шен даг чохь хIинца гIаьттинчу цу алун ойла йан а лаьара. Ша дIайоьдуш «иза» шена тIаьхьа хьоьжийла хааро, Iодан пха санна, ша-тайпана дуьйлинера Селитин болар. И йухайале, Нурседас буьрка а йуьйсина, ловзар дIадоладеллера. Насос а йоцуш йухаеъна Селита, ловзучарех дIа ца кхеташ, ша а йаьлла, дIахIоьттира, цу кертахь цхьаъ бен доцчу, шуьйрра даьржинчу доккхачу бIара кIел, цуьнан гIодах а тевжина. Йедда тIееара Нурседа, хьаьрса чIаба а лестош, шена хьалха лаьттах йетташ, куьйга эккхийна, буьрка а йалош.
— Селита! Лайх йинах йаций хьо? Малхах лечкъина, кху «Дада-бIар» кIел ма-хIоьтти хьо?
И цIе тиллинера бераша оцу диттана. Селитин Iаьржа бIаьргаш, воккхачун санна, хIинца Баккъала а ойлане а, гIайгIане а хьуьйсура. Нурседас буьрка, ког тоьхна ловзучаьргахьа дIа а карчийна, шен забар меттахь ца хетта, эсала хаьттира:
— Селита, хIун хилла?
— ХIумма ца хилла… Иштта лаьтта-кх… йало… ловза!
— Дийцахьа… — хьастайелира жимахниг.
Аьрхочу Нурседера гIалатениг а, диканиг а цхьабосса атта долийла хуучу Селитас: «Дийца-те, йа ма дийца-те», — бохуш, уьйзура ойланехь.
— Дийцахьа, Селита, со йиша йац хьан? — хьаьрчира цунах Нурседа.
— Дадас вайша, кхана дуьйна, кхин школе йохуьйтур йац боху-кх…
— И мичара хези хьуна?
— ХIинцца чуйаханчохь… Со сени чу кхаьчча, делкъанна чувеана дада чохь нене луьйш хезара: «Кхиъна ши йоI… школехь коьртаIуьйра, кIозарш а оьхьуш, божаберашца уьдуш, хьийзар ас ловр дац», — бохура… Нене кхин а бага йиттира цо… Со, чу а ца йоьдуш, схьайеара…
Кагделла га санна, цхьаьний, оллайелла, гIийла лаьттара ши йоI.
Массо а, мел цамоьттурш а гучудохуш, тамаше хIуманаш довзуьйтура школехь: латта, чIапа доцуш, горга хилар а, сецна ца лаьтташ, цо малхана гобахар а, стигалан бух бацар а, зезагийн хьекъале дебар а, дуьненарчу адамийн массеран а орам цхьаъ хилар а — дерриг а школехь хиънера. Кхузахь йевзинера доттагIаллин марзо а. Дуьнене хьалхачул а цеце, амма хаъал хIинца кхеташ хьуьйсура. «Баккъалла а, йита деза-те хьо?», — дагатесна, хьалха лаьттачу, даккхий кораш долчу, шайн школин гIoпe бIаьрг туьйхира йижарша.
Цу хенахь, лаьтта бIаьра а хьоьжуш, дай астагIчу боларехь, школина хьалхахула, Iаьржа месала куй а коьртахь, тIейуьйхина, массо а вета дIатесна, сийна тиша гIовтал, когахь маьхьсеш а йолуш, балха вухавоьдучу Тавсолтех бIаьрг кхийтира хьалха Селитин. Иза гойтуш, Нурседина йайн муьшка йира цо.
— ХIуммаъ дац… Ас Анна Львовне а… Дауде а эр ду! Нехачарна а мегий! аьлла, Нурседа, цкъа шена гергахьа волчу Даудехьа а хьаьжна, тIаккха кабинета чуьра уча йаьллачу Анна Львовнехьа дIахьаьдира. Иза церан классан куьйгалхо а, школин парторг а йара.
Ша и Нурседига дийцарх дохкойаьллачу Селитас:
— Ма хатталахь!.. Собар делахь! — тIаьхьа мохь туьйхира, иза кхоьрура, и гIуллакх дийца даьккхича, кхин а харцахьа даларна.
Нурседа, и ца хезачуха, йуха ца хьожуш, хецца Анна Львовнина тIе йахара. Селитина гира: Нурседига жимма ладоьгIуш а лаьттина, цу сохьтта, йуьхь хийцайелла, Анна Львовна, Нурседа а эцна, кабинета чу йахара. Селитин даг чу ов туьйхира: «ХIун хила доллу-те хIинца?»…
Коьртара йовлакх схьа а даьккхина, бIаьргаш хьалха даьхьира цо, тIаккха, доллучунна а бехке и долуш санна, шен жимачу буйнахь Iаьвдира иза. Йуха, коьртаIуьйра ша цхьанна гале, сихха дIатиллира.
Йоккха перерыв чекхйолуш, дешархой классаш чу боьхуш, горгали бийкира…
* * *
Вукху урокехь Анна Львовнас хьоьхучу, шена дукхайезачу оьрсийн литературан темица, Селитас «шиъ» даьккхира — дуьххьара. Оцуьнан бахьанах кхета Анна Львовна шен кабинета чохь ойла йеш Iapa: и ши йоI дешарна йукъах ца йаккхийта дезара, ткъа иза, церан деца йолу йукъаметтиг ца талхош а, ма-хуьллу, Iедале ца доккхуш, шегахула дIадерзо а