чекхъйуьйлу цIе.
Чим хуьлуш и йаьгна йарташ
Йуха а дагайаьхки-те?
ЦIе йайъа гIepтaш хьайн цIийца
ТIеман новкъа хийла ихи…
Цу йартийн кIур бу-те хIинца
Хьан бIаьргех Iуьйдуриг хи?…
XIaн-xIa! Вац иштта и хеташ!
Кху сохьта хаац, салти, со:
Ца воьлху йа хьайх къахеташ,
Йа хьайнаш дагалаьцна хьо!
Дуьненах долчух къахетта
Хьан баьргех Iийдало хи:
Берахь и хьайна ма-хеттар
Цахилар кху сохьта гин!
Ца лууш къастабан цхьаннах
Йа безнарш, йа бевзарш хьайн,
Хьо воьлху, гIийла бо санна,
Дерриг а дуьненах вайн!
Схьагарехь, ахь ма ца лайна
XIapa дуьне телхина гap,
ТIамехь а тоьллачу хьайгахь
И тадан ницкъ цахилар.
Толам а, тIом а цаэшар –
Баккхийнаш шаьш хиллехь деш,
Берашна шаьш хьоьххург бешахь,
Машарна уьш кхиадеш!
Воьлху хьо, хаахь а хьайна
ТIом вайна тIета а бар,
Ткъа тIамо толам а вайна
ТIаккха ша тIебожабар.
Ма велха: вац хьуна, салти,
Дуьххьара и хиънарг хьо.
ГIайгIанаш хьайн да а лахкий,
Хьалхахьа дIаволало!
Сацаде хьайн бIаьрхин тача!..
Делахь а воьлху токх:
ГIoргa бу салтичун маша,
КIеда ду салтичун дог!..
ГIайгIанаш йазйелча чIогIа –
БIарлагIаш схьахIуьттуш йу:
Го цунна — хьуьллахь схьавогIу
Дай, ваший — уьш дийна бу!
Ткъа дIогахь го цунна, йоьлуш,
Айина зезагийн курс,
Шен йиший, наний а йогIуш,
Йалайеш шайн хьоме нус!
Балаза, уьш дийна хилла –
Хезнарг а харц ма хили…
Школа а го дIогахь сирла,
Бекабеш чохь горгали.
Го цунна: эзарнаш богIу,
Лепадеш байракхийн нур.
Массара цхьабосса боху:
«ГIоттур бац кхин тIеман кIур».
Хаза ду вайн сирла гIенаш:
Гур ма ду уьш бакъхуьлуш.
Эрна дац и церан къежарш:
Вайн дегнех духдуьйлу уьш!
Хууш ду, вайн гIенийн орам
Вайн дегнех схьаболуш бу,
Ткъа лиънарг вайн дагна чIоггIа
Кхочушдан вай хууш ду!..
Ца оьшу кхин велха, салти,
Лаьтта тIехь хьо цхьалха вац.
Тохало, йуха а гIаттий:
Бертахь вай эшор ду харц.
Мехкан да — ма вац и хьаша! –
Дуьненах ойлайеш а.
Мокха бу салтичун маша,
Сирла ду салтичун са!..
БIаьргара хиш дIа а дохуш,
И салти го гIаьттина,
Автомат шен буйнахь къовлуш,
Йуьхь буьрсса шен кхоьлина.
Сулаев Мохьмадан доIанийн поэзех
Сулаев Мохьмад йазйан хьалххе волавелла, шен 14–15 шо долуш. Дуьххьарлера шен говзар «Малх тулур бу» цо йазйо 1943-чу шарахь, Итон-Кхаьллахь ша лор болх беш волуш. Оцу поэмин чулацам патриотически бу. Кхечу кепара хуьлийла а дацара. СССР-на тӀелетта луьра мостагӀ. И мостагӀ Ӏаьржачу боданан суьртехь ву. И бода, маьлхан серлоно иэша а бина, дуьне паргӀатдоккхур ду. Цу кепара метафорически аллегорех пайдаоьцу къоначу поэта.
Схьахетарехь, бусалба Ӏилманах а, нохчийн халкъан поэзех а кӀорггера кхиъна хилла Мохьмад. И билгалдолу, 1942-чу шарахь цо Итон-Кхаьллахь ша лор болх беш волуш йаздина доӀанаш дешча.
ДоӀанаш нохчийн фольклоран уггаре а ширачех жанр йу. Цуьнан чулацам АллахӀ-Деле беш болу кхайкхам бу, дехар ду. Ткъа нохчийн исбаьхьаллин литературехь, доӀанийн поэзин лироэпически жанр кхуллуш, дуьххьара къахьега волавелларг Сулаев Мухьаммад хилла. Шеко йоцуш ду къоначу поэта нохчийн фольклоран поэзех, къаьсттина нохчийн халкъан доӀанех, пайдаэцна хилар. И гӀуллакх вай лахахь, Ӏилманан талламца масалш а далош, тидаме оьцур ду. Ткъа кхузахь вай билгалдоккхур ду поэтан доӀанийн уггаре а коьрта маьӀна — Сулаев Мохьмад АллахӀ-Делах тешар, цо бусалба дин, ийман кӀорггерчу кхетамца тӀеэцна хилар. Цундела вирзина и доӀанашка. Амма и чӀогӀа къайлах хилла, нагахь ца хиллехь, иза дийна а вуьсур вацара цу заманахь. И хан Сулаев Мохьмада, ша-шеца ойланаш йеш, АллахI-Деле кхойкхуш, цуьнга дехарш деш, исбаьхьаллин лаккхара чулацам болуш, философски маьӀна долуш доӀанаш кхуллу хан йу. ДоӀанашца йу цуьнан бакъйолу поэзи, даг тӀера йолу ойланаш. Царах цхьадерш вайга схьакхаьчна — 1996-чу шарахь, уьш «Орга» журнала тӀе «Сан доӀанаш» аьлла, Шайхиев Ӏалвадигахула зорба тохийтина М.Сулаевс. Оцу доӀанашна тӀаьхьа Шайхиев Ӏалвадис Мохьмадера эцна интервью а йу, «Делан диканца!» цӀе а йолуш (2). И ший а хӀинца воцуш ву. АллахӀ-Дала декъалбойла уьш!
Дешархошна Сулаевн доӀанаш довза аьтто хилийта хӀокху гулар тӀехь уьш йуха а зорбане дохур ду вай ТӀетохаран декъехь. Дешархойн аьттонна, доӀанаш тIера масалш далош, доӀанийн а, стихийн а могӀанийн рогӀалла терахьашца билгал а йоккхур йу — хьалхарчу терахьо доӀанийн рогӀалла къастайо, ткъа шолгӀачу терахьо доӀанийн поэзин рогӀера могӀа билгалбоккху. Сулаев Мохьмада ша доӀа кхоьллина хан а, меттиг а леррина билгалйоккху. Цундела поэтан кхолларалла толлуш волчун аьтто бу хӀора доӀанан нохчийн халкхан цу хенахь хилла йолу истори а, социальни хьашташца йолу уьйраш а къасто, поэтехь болу сингаттам а, кхетам а гайта.
Хьалхара ши доӀа Итон-Кхаьллахь 1942-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 5-чуй, 25-чуй деношкахь кхоьллина ду. КхоалгӀа доӀа 1948-чу шеран мангалан (июль) беттан 2-чу дийнахь, нохчийн халкъ дохийна долуш, Казахстанехь йаздина ду. Цул тӀаьхьадогӀу диъ доӀа нохчийн халкъ ДегӀастана цӀа дирзинчул тӀаьхьа, 1965-чу шарахь кхоьллина ду. 8-гӀий, 9-гӀий доӀанаш цӀахь 1967-чу шарахь йаздина ду. Ткъа уьтталгӀаниг, шен цӀе «Къайлахара аз» йолу, драматизированни исбаьхьаллин произведени йу. Иза доӀанан жанрана йукъайогӀуш йац. Цу тӀехь бац, доӀанехь санна, Кхоьллинчуьнга беш кхайкхамаш йа дехарш. Амма Цуьнгара буй-техьа аьлла, хаалуш хьехамаш бу хӀокху поэмин лирически турпалхочунна, буьйсанна кхо сахьт даьлча, 1969-чу шеран бекарг (март) беттан 9-чу дийнахь гӀенах дуьхьалтесна. ХӀара говзар поэма йу ала бахьана ду, кхуьнан лирикин а, драмин а, эпосан а билгалонаш хиларна. Уьш вай тӀаьхьо къастор йу. Ткъа доӀанаша чулоцу хан 27 шо зама йу: 1942-чу шарера 1969-чу шаре кхаччалц. Ша поэт, доӀанаш йаздан волалуш, ткъе шиъ шо долуш, кхиъна вогӀуш, лаккхара дешна лоьран говзалла йолуш Итон-Кхаьллахь болх беш къона стаг ву. И хан Советийн пачхьалкхо Германица уггаре а хала а, луьра а тӀом бен хан йу. Ала деза, советан Ӏедало 1920–1940-чуй шерашкахь нохчийн халкъ ша большевикаша лиэдинийла а, шена тешнабехк бинийла а хиларх ма-дарра кхиъна хилла. Дешна Ӏеламнах къиза хӀаллакбина хилла, йарташкахь къахьоьгуш баха гӀерташ болу нах, шай долаллех а баьхна, хенаш тоьхна, чубоьхкина, йа Соьлжа-ГӀалахь НКВД-хь байъина. Большевикийн Ӏедало лелош йолу харцо ла а ца йелла, цӀера арабевлла, шайн синош довдийна, лаьмнашкахула лелачу ткъех обаргах бахьана а дина, масийтта бӀе къайлах болу НКВД-н белхахой арабаьхна хилла Советан Ӏедало, «обаргаш» бу аьлла, цӀе а тиллина. Цхьана агӀор оцу «обаргаша» хьийзош, Советан Ӏедало вукху агӀор хьийзош хилла нохчийн йарташкара бахархой. Цул сов, Советан Ӏедало, колхозашкахь мах ца луш, трудоденош йаздо бохуш, нах лебеш, мехаза болх бойтуш, Ӏазапехь латтош хилла нохчийн халкъ, кхидолу халкъаш санна. Иштта цӀахь чолхе дахар доллушехь, Даймахкана (СССР-на) луьра мостагӀ