делкъехь а, дIасауьдура чухула, итт — итт го боккхуш, денна а пхиппа минотехь гергга шена хуу гимнастика а йора. «Ленина а йеш хилла и, бах, ша лаьцначохь», — дагадеъна, муьста велакъежира Керим. Нагахь, талламчо барт хатта ша дIавигчахь, цо шега хотту долчуьнан хьалххехь дуьхье кхиа гIерташ бес-бесара ойланаш а йора цо: «Цкъа-делахь, цара суна дуьхьалтоха тарлучех доккхаха дерг ас станцехь дежурничунна тохар ду. Амма лоьрана ма гира цо сан дестийна лерг а. Ша хIетахь и дIа ца йаздинехь а, лоьро, шега хаьттичахь, хIинца даредан ма мега иза… Важа сан бехк — бакъо а йоцуш гIала вар… Иза а даккхийчех ма дац: со суо, коменданто хIоттийна, староста а ма ву тхешан кIоштахь»… — бохура Керима ша-шега. Амма Керимна талламхоша кечдинарг цунна данне а дагахь доццург дара.
«Цара суна кхин цкъа а йеттахь, хIун дийр ду-те ас?» — хоьттура цо ша — шега. «Со къарван гIерташ… харц тоьшаллина со тIеверзо дагахь, пхьола ду цара суна тIехь динарг… Амма суо вехь а, харц тоьшалла тIе а лоцур дац ас, сайн доьзалан дуьхьа аьлла а, цхьа а цара сайга кховдийнчу осалдолчу хIуманна тIе а товр вац со… Суо вехь а!.. Сан доьзална а ца оьшу кIилло!.. Валар тоьлу, кIилло а хилла бухавуьсачул», — тIаьххьара и сацам шен даг чохь чIагIбелла баьлча, сапаргIат делира Кериман. Цунна хIинца дIатевжинчохь наб а кхийтира, кху кIирнах а ца кхетча кепара кIорге. Кхин цхьа кIира а даьлча, шина гIароло Керим, цкъа хьалха дегIах а хьаьвсина, талламчин кабинет чу вигира барт хатта.
* * *
ШолгIачу этаж тIехь йолу талламчин кабинет сирла а, лекха а йара. Чу ма-велли, дуьхьаларчу пенах кхозура — аьрру aгIop «Правда» доьшучу Ленинан сурт; аьтту aгIop — генералиссимусан хормехь волчу Сталинан портрет. Йуккъехь, сийна исхар тIе а тесна, йеакIов йоккха стол йара. Стоьла тIехь — папканаш, авторучканаш… Стоьла тIехьа, вуса а велла хиъна Iapa, горга цIен йуьхь йолу НКВД — н майор. НеIарехь гIароле дIахIоьттира xIapa схьавалийна ши салти.
Тохара, кхунна йеттале цкъа карцера чу а хьаьжна, Керимна вела а къежна, дIавахана лейтенант а вара, майорна уллохь ирахь лаьтташ. Стаммийрачу пенийн лакхенгахь дохкучу шина корехула майоран стоьла тIе маьлхан зIаьнарийн цIов буьйжира, ангалин зоки чуьра хи къагош, мaйopaн мерабуьхьиг тIехула разбедда цIен пха а билгалбоккхуш.
— Хьо эццига охьахаа… Шу паргIатхила! — элира майора шина гIароле. И шиъ аравелира. Царна тIаьххье вахна лейтенант, неI дика тIе а чIаьгIна, вухавеара шен метте.
— Муха ду гIуллакхаш? — хаьттира майора Кериме.
— Муьлхарш? — йухахаьттира Керима.
— И хIун чаппагIнаш йу ахь йекораш? — стоьла тIе буй туьйхира майора. Уллохь лаьттачу лейтенанта дегI нисдира.
— Сан доллу гIуллакхаш а шун карахь ду. Шуна и диках хаа деза аьлла, хета-кх суна сайначул а.
— Хьан гIуллакхаш хIинца тхохчул а чIогIа хьох хьайх доьзна ду. Хьо хаьттинчунна нийса жоп а луш, догцIена хуьлий тхоьца, уьш диканехьа доьрзур ду. Ца хуьлий — тIаккха бехк хьайн ларалахь! — тIечевхира майор.
— Нийсадерг бен ца ала ас дош ло-кх хьуна, — элира Керима.
Майор, тидаме ши бIаьрг Керимна тIе а боьгIна, соцунгIа хилира, ойла йеш: иза кхийтира цо и муьлхачу aгIop боху.
— Делахь и дика ду… Жоп лол сан хьалхарчу хаттарна: Кхокха, лаца ца лоцуш, дIа хIунда йахийтира ахьа хьайна йуххера?
— Мила Кхокха? — ца кхийтира Керим.
— И хIун моттаргIанаш йу ахь лелораш? «Мила Кхокха?» Шу махках дохучу буса райцентрехь майданахь, хьуна йуххехь лаьттина йолу, цу буса тоьпаш тоьхна вийначу бандитан нана?.. ДагайогIий хьуна хIинца?.. и охьайуьйжира хьуна йуххе, тIаккха хьала а гIаьттина, дIайахара… Iедална дуьхьал йаппарш а йеш, хьан гIоьнца! — тIетуьйхира майора.
Керимна хIинца дагайеара иза:
— Суна и дIайоьдуш-м ца хиира! И ларйар суна цхьамма а тIедиллина а дацара. Суна цунах хууш хIума дац.
— «Хууш хIума дац»… И хIинца цигашхула… лаьмнашкахула, шен ардангаца цIечу эскархошна тIехьахула тешнабехкца тIейетташ, лела… Ткъа ахьа: «Суна хууш хIума дац». Хьуна ца хаьара, иза шен бандит волчу кIентан гIоьнча йуй? ДIа хIунда йахийтара ахь и? — йуха а хоьттура майора.
— И сацае бохург соьга цхьамма а аьлла а дацара… TIe суна и дIайоьдуш а ца хиира!..
— Ткъа хьан коммунистан декхар? Хьох цу буса Iедало гIоьнна араваьккхина вара? Массо хIума а ала дезаш дара хьоьга?
— Цунах лаьцна сан хьоьга ала кхин хIума дац! — чIагIвелира Керим.
— Хьай-й, йовсар йаI! И хир ду хьан «нийсадерг бен» айхьа кхин эр дац бохург! Ас вастор ву хьуна хьо-м, йамартхо!.. «Со айкх вац… Со… фронтовик ву»… — шена хьалхара папка хьала а айина, йуха стоьла тIе туьйхира майора, боьху «дений-нанний» а хьажош.
Керим кхийтира папкин йуккъехь шех лаьцна досье хиларх:
— Хьан бакъо йац оцу тайпана суна боьха тIечеха! Айхьа хаттахь, низамехь хатта ма-беззара, барт хатта!
— Ахь Iамо висна хир ву со, йовсар! Йамартхо! Цул а схьадийцал ма — дарра: мила вара Эскинойхь немцой десантхошна гIодийриг? Церан кеманна бухара хьала билгалонаш йинарг?.. Цунна а «ца хаьа» ала воллий хьо?
— И-м хаъане а ца хаьа. Хезна а дац!
— Сацийт! Йамартхо!
— Со йамартхо вац! Со, хьо санна, майор а, тIе, фронтовик а ву, тIамехь чевнаш а хилла, тIамехь орденаш а йаьхна! Хьан бакъо а йац со оцу тайпана сийсазван!
— «Со айкх вац… Суна хорма ло»… чекистийн хорма а йезара хьуна, бандитийн гIоьнча!
Майоран некхан хьалха йохкура орденийн планкаш а, фронтехь чов хиларан билгалонан цуьрг а.
Керим ойлане дIахьаьжира цуьнга: «И стаг, моттаргIа а йоцуш, баккъал а со йамартхо лоруш, цабезаме хьоьжу-кх соьга!.. Мичахь ду-те оцуьнан бахьана? Тхойшиъ-х, гарехь, цхьана тIамехь хилла ву!» — ца кхетара и, мел ойла йарх. Пенаца хьалахьаьжира: «Правда» доьшуш Iен Ленин а шек вацара, паччахьан хормица лаьтта Сталин а сапаргIата схьахьоьжура.
«ХIун ду-те оцу шинна йуккъехь а таханенгахь цхьатера, цхьаьнадогIуш диснарг?» — хаа лаьара, кхета гIертара и, амма кхетаман гIopa ца кхочура. ТIаккха Сталинна шенна тIехь бIаьрг сецира Кериман: «Ткъа оцунна а хIун хетар дара-те, шен дуьхьа, мурдаша устазан санна, шен цIе а йохуш, даймахкехьа атаке ихна со, хIинца кху чохь, сел бехк а боцуш, шен вукху мурдо кху тайпана хьийзош вайча?» — оцу хаттарна а дацара жоп.
— Ваьллий хьо ойла йина? Дуьйций ахь хIинца бакъдерг? — хаьттира майора.
— Сан хьоьга дийца кхин хIума дац… — хадийра Керима.
Майора стоьлан йистера кнопка а таIийна, ши гIарол чувеара:
— ДIавига! Спецкарцере!.. — элира майора оьгIазе.
«Иштаниг а йу-те кхеран? — дагатесира Керимна. — И муха йу а гур ду-кх хIинца»…
Ши гIарол, дехьий-сехьий йуххе а ваьлла, тIе, хьалхаваьлла, хIинццалц майорна уллохь вист а ца хуьлуш лаьттина лейтенант