Читать интересную книгу Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 53 54 55 56 57 58 59 60 61 ... 122
дерг хIинца а!.. ТIаккха дагатесира: «ХIун дина вер вара-те кху балех?». Ша Iуьллучохь Кульджане, схьа а кхайкхина, кехат делира цо:

— XIapa книжканаш йал библиотекера…

Ойла йира: «Хааро а наггахь гIo дора-кх балех вала»… ТIетаьIIина, боккхачу тидамца йийшира цо: Стендалан «Безамах трактат»; Тургеневн «Безамах повесташ»; Купринан «Олеся», «Гранатовый браслет»; Горькийн «Безамах дийцарш»; Стефан Цвейган «Цаевзачуьнга кехаташ»; Джек Лондонан «Зудчун хьуьнар», «Мартин Иден», кхиерш а.

ХIинца Ахатна ша хаарча хийтира цу гIуллакхан — «практикехь а, теорехь а» — , шех гIийла велакъежира и. Оцо баккъал гIo а дира кийрахь йогучу алух кхиа, и йовза, амма и йайа хIумма a гIo ца хилира оцу «хаарех»: «рак цамгарх лечу лоьранчул башха», — йуха а шех муьста велакъежира и.

И холчухIоьттира: «Ахь Iалам неIарехула дIаэккхадахь — и корехула йуха чуэккха, ахь кор тIечIагIахь — цо оьккхуьйту хьан доллу цIа», — дагадеара цунна цхьанхьара-м дешна и къиза шира кица. Эццигахь тIаьххьара сацам бира: ша хьала ма-гIаьтти, доллучул хьалха Селите дагардийца, шен йукъаметтиг тIаьххьар а къастош. «Со ма Iовдал ву! Цунна хIун хаьа? Ас аьллий цуьнга цкъа а — хьо йеза! Дийциний ас цуьнга ма-дарра?.. Цуьнца шецца дийцича, къаьстар ду дерриге а»…

Кхин а кIиранах Iиллина, хьалагIаьттира Ахат. Ша дуьххьара араволучу дийнахь, корехула, балхара чуйогIу Селита а гина, маж а йаьшна, цIена тIедуьйхина, цуьнан неIаре хIоьттира иза. Йай неI туьйхира. Уча йелира Селита, белшаш тIехула охьахецца чIабанаш а лестош. Цунна тIехь, цуьнгахь сов товш хета, боьмашчу штапелан, гIодайуккъехь кIеззиг хабийна, кIайн мохарчий оьху, коч йара. Коьртахь дай тасаделлера, и хьалатилла ца кхиъна, сийна тIедарчий долу дарин йовлакх. Йекхначу йуьхьаца, кIархаш туда а кхиаза, коггашIуьйра дуьхьала йеара Селита:

— Марша вогIийла, Ахат! Ма дика ду хьо хьалагIаьттина!

— Де дика хуьлда хьан, Селита!

— Кхин цомгуш ма хуьлда!.. Йижаршка-м хоттура ас… цайарна бехк ма билла!

— И-м хIума дацара… йеанехь, хазахетар дара.

ЙоIе хьаьжжинчохь соцунгIа хилира Ахат: хьалхачул а хазахийтира Селита. Къона ницкъий, могашаллий цхьаьна ийна, цуьнан кIайн чкъор кийрарчу алунах догура. Бен йоцу и коч а, йоьIан оьзда гIодайукъ билгалйоккхуш, башха товра… ЙоI шийло схьахьаьжира. Ахатна дагатесира: «Ма йоккха башхалла йу тхойшинна йуккъехь: кхузахь, синтеме а хеталуш, лаьттачу суна цуьнан когана барт баккхар а доккха ирс хетар дара, ткъа цуьнан дагахь аьттехь а дац и санна дерг…»

Селитас бIаьргашца кхунна хIун оьшу хоьттура… Цуьнан хазалло хIинца а вагийна, ша лаьттачохь кIеззиг вухахилира Ахат. ХIинца цунна байра йоьIан ховхачу лога тIехь, динбухка уллохь, цIенчу чкъуран кIайлла кхин а серлайоккхуш, богу жима Iаьржа тIеда: иза а, йоьIан массо хIума санна, тамаше хетара. ЦIеххьана дагатесира: «Ма дика ду со тIамера цIа кхаьчна, дуьнен чохь хьо йуйла хиъна! Хьо суна гина! Дукха хан йоццуш со веллехь а, кхин гур йацара-кх.

Ма инзаре ду-кх и исбаьхьалла мацца а цкъа лаьттах гIyp йу бохург!»

Амма кху сохьта, мел чIогIа тидам барх а, гуш йацара цу хиндолчун цхьа а билгало. Даго тIе а ца лоцура, кхиберш а санна, иза а лийр йу, йа къанлур йу бохург: Iаламо, иза кхуллушехь а, шатайпа, цкъа а хийцалур а йоцуш кхоьллича санна, хетара Ахатна.

Хецца йоьIан бIаьра хьаьжира Ахат. Тохара тIамехь атаке вахарал а хала хетара хIинца йоIе дог даста. ХIетте а, цкъа ша сацийнарг кхочушдан Iемина вара и, тIаьхьа хIуъу хир делахь а.

— Селита! Хьоьца цхьа къамел долуш веана со… мегар делахь? — хаьттира цо тийначу, амма ца дегочу озаца.

— Дера мегар ду-кх! — йогIайелира йоI.

Цамгарх хIинца а дика меттавазачу Ахатна, сов вулаваларна, шен детталу дог хезара, голашкахь а шатайпа шело хаалора. ГIанта охьалахвелира и меллаша:

— Мегар дуй?.. Охьахаахьа хьо а.

Шен кучан йух хаза нис а йеш, дуьхьаларчу гIанта охьахиира йоI.

— Селита, хьоьгара цхьа хIума хаа лаьара суна… Хьоьга хаийта а дара… мегар делахь? — къоро луьйра и.

— Дера, мегар ду. Сайна хуург эр а ма ду ас хьоьга, Ахат…

— Селита, хьоьга и хаийтаза ву со хIинццалц… хьуна хьайна и хиъна дацахь… амма кхин дIа хьежа сан йиш йац. Суна йеза хьо… ХIумма а хьайга сатийса бакъо лой ахь суна? Соьга йан хьо резаелахь, ахь дош лахь, оьшшу собар дан а, ахь аьлларг кхочушдан а кийча ву со. Амма цхьа дехар ду сан хьоь… со тIемало ву… мел къаьхьа хиларх, бакъдерг, хьийза ца деш, ма-дарра схьаалар… Бехк ма биллалахь… — Ахатан йуьхь жимма кIайелира.

— Дика ду, Ахат. Ахь дехарна, ас нисса дIаэр ду хьоьга. Хьуна ала хIума дац сан, амма суна кхин веза хьалххе дуьйна. Ас дош делла. Со кхечуьнга хьоьжуш ю.

Ахатан цIоцкъамаш кIеззиг хьаладахара:

— Баркалла хьуна!.. ХIинца со тIехваьлларг ма ларахьара ахь… Хьо кхузахь йолу ши шо а сов ду… хьуна тIехьийзаш кхин цхьа а ца го, йа оьхуш кехаташ а ца хаало… Бехказлонна-м ца боху ахь… Мила ву иза?

— Увайс.

Ахатан бIаьргаш тIе марха лецира:

— Иштта чIогIа веза хьуна иза?

— Веза.

— Иза вайна-х масех шо ду… Мел хьоьжур йу хьо цуьнга?

— И цIа валлалц.

— Ца вагIахь?

— Boгlyp ву!

Ахатан бIаьрганегIарш ойлане охьадахара. Йуьхь а, тIулгах йича санна, чIогIачу сибатехь лацайелира цуьнан. Масех секундехь, меттах ца хьовш, иштта Iийра и, гIорийча санна. ТIаккха меллаша хьалагIаьттира.

— Iодика йойла хьан, Селита… Дала цIа верзавойла и! — дIавахара Ахат.

Шена ца луучу aгIop чекхдаьллехь а, и къамел хилла дохко ца ваьллера Ахат: «ХIинца гIуллакх къаьстина ду! Иштта тоьлу! ХIун ду а ца хууш, сагатдечул!» — ойла йора цо, чохь гIанта а хиъна. «Бакъду, Iожаллел чIогIа бу, олу, безам… амма безамал чIогIа ду дахар!.. Ваха веза! Болх бан деза!.. ТеIа мегар дац, Ахат!» — ша-шен дог уьйура цо. «Массо а тайпа ирс цхьаьнге ца кхочу кху дуьнен чохь… Тоьар ду суна толам гар… И боккхучохь хилар… ТIамера сийлахь цIакхачар… ЦIеранаш дийна карор… Институт чекхйаккха кхиар… Ткъа хIинца… Iилма! Иза а ма ду сан карахь. Цуьнан а кхочу дахаран марзо йовзийта ницкъ. Дерриг сайн дисина са хIинца ас цунна дIалур ду», — ойла йора цо…

И дIаваханчул тIаьхьа кестта чукхечира Тавсолта. Селита диван тIехь йоьлхуш Iapa.

— ХIун хилла хIинца? — хаьттира дас.

ДегI нисдеш хьалагIаьттина, йовлакхан тIомаца бIаьргаш а дакъийна, дIайирзира Селита, букъа тIехула йеза кIажарш а карчош.

— Сагатло-кх, — дара йоьIан доцца жоп.

НУРСЕДА

Суьйре таьIано йеънера. ДIабузу малх, шен йерриг зIаьнарш цхьамма цIена дIайаьшча санна, берзинабаьлла, йоьза чара санна горга, анайистехьа охьаоьхура меллаша. Лалийна даш санна, йеза, сира лепара дIо генахь Iоман экъа, цунах дIасаоьху хин тачанаш, кхузара дIахьаьжча, севцина лаьтташ санна а хеташ. Йист йоцу аре йерриге дIатийнера.

1 ... 53 54 55 56 57 58 59 60 61 ... 122
На этом сайте Вы можете читать книги онлайн бесплатно русская версия Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев.
Книги, аналогичгные Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Оставить комментарий