Читать интересную книгу Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 128 129 130 131 132 133 134 135 136 ... 187
олуьйтуш меттигаш a хилла. Амма ламанхойн цкъа а ойла хилла йац туркойн Iедална кIелбаха. И хуучу туркоша хабарел а, питанел а тIехбевлла цкъа а гIо ца дина царна. Доцца аьлча, ма-дийццара, хIара ламанхой кIорггера бусалбанаш а хилча, туркошкахьа шайн безам а хилча, оьрсашкахьа цабезам а хилча, вайн эскаршка а хIиттина, хIорш туркойх лата тIаме гIур бацара. Ткъа, шуна ма-хаъара, туркошца xуьлчу вайн массо а тIеман кампанехь жигара дакъалоцу ламанхоша. Тахана а туркойх майра а, доггах а лиэташ нохчийн цхьаъ а, дегIастанхойн шиъ а полкаш а, дисинчу ламанхойн къаьмнийн бIaьхаллин дакъош а ду. Оцу масалша гойту, хIорш вайн Iедална мел шаьш реза бацахь а, Россина муьтIахь хилар…

Ас тIаьххьара а хаттар дира инарле:

– Хьан локхалла, ахь дуьйцург а, тахана кхузара вайн гIуллакхаш а цхьаьна ца догIуш хета суна. Доцца аьлча, ахь дийцарехь, нохчийн гIаттамаш вайн администрацин политикин а, гIалатийн а жамI хуьлу. Хьан къамеле ладоьгIча, хаало нохчех мелла а хьан доглозуш хилар. ХIетте а, суна хаарeхь, хьалхалерчу тIeман а, граждански а администрацин гIалаташ а нисдина, Нохчийчохь машар а, синтем а хIотторна керлачара а ца дина хIумма а. Мелхо а, тахана оцу гIалаташна йа, нийсса аьлча, оцу харцонашна дуьхьалойийраш къинхетамза хьоьшу…

Сан хаттар ца тайначу инарлин хьаьжа йуккъе шад xIоьттира. Схьахетарехь, ишттачу хаттарна хьалххе дуьйна кийчча хиллачу цо сихха жоп делира.

– Цкъа-делахь, господин Абросимов, хьалхалера гIалаташ нисдан йеxxa зaмa оьшу. ШолгIа-делахь, уьш нисдар а, кхузахь машаррий, синтеммий хIоттор а сан лаамехь гIуллакхаш дац. ТІaьххьара а, сан гуманни ойланал лакхахь лаьтта пачхьалкхан хьашт-дезарш а, Iалашонаш а. Пачхьалкхан чоьхьарчу хьелаша а, арахьарчу йукъаметтигаша а, къаьсттина а шена тIехьа вайн нуьцкъала мостагIий лаьттачу туркошца болчу хIокху тIамо а со тIeтоьтту, къинхетам боxург диц а дина, даге лa a цa доьгIуш, нохчийн гIаттамца дерг сихха а, гуттаренна а чекхдаккхарна.

Инарлин шийлачу бIaьргашка хьаьжча, кхидIа хеттарш эрна хиларх кхийтира со…

* * *

Ламанхой, къаьсттина нохчий, вайна дуьхьалбахарна бехке вайн эскаршкахь гIуллакхдеш хилла кхечу мехкийн эпсарш а хетало суна. Царах дукхахболчарна биэн а ма ца хета Россин а, цунна чуьрчу халкъийн а кхоллам. Уьш шайна чинаш, титулш, хьал а лаха ма богIу вайн махка. Ас буьйцурш дуьххьара Нохчийчу йаьхкинчу вайн отрядийн командираш Кох, Фрауендендорф, де Медеми, Кек, Рик, Пьери а, кхиболу а кхечу мехкийн авантюристаш бу. Цара йоккхачу къизаллица xьийшира шайна тIехь олалла латточу луларчу феодалашна дуьхьал болу нохчийн гIовттамаш. ХIаъа ткъа, и шайн къизалла вайн правительствон цIарах ма лелайора оцу эпсарша. Нийсса аьлча, церан къизачу гIуллакхашка бIaьргаш хьаббой хьоьжура правительство а. Церан болх хета суна Шайх Мансур коьртехь Нохчийчоь гIаттар. ХIеттахьехь вайн правительство кхетаме йеана хиллехьара! Цо и хьере эпсарш а, инарлаш а йухаоьзнехьара, хIокху тIаьххьарчу иттaннaш шерашкахь оццул цIий Iенна хир дацара. Амма и ца дира вайн мундираша. Оьрсийн пачхьалкхан, оьрсийн герзан сий лардан дезаш хийтира! Цкъа цхьанаметта къиза тохар дина нохчий къарбарца, кхузарчу дисинчу къаьмнийн ишттаниг лелорах догдаккха деза аьлла хийтира. Амма нохчашна дага а ца догIура къизаллина кIел совца. Вайн правительствон цхьана къизалло кхин кхуллуш, деха кочар хилира цунах. Шо-шаре мел долу, кIарглора вайн инaрлaший, чиновникаший ламанхошна а, оьрсийн халкъана а йуккъехь охку ор. Шина къомана йукъахь машар кхайкхоран меттана, оцу шинна йукъа питанаш туьйсуш, йуккъexь мостагIалла марсадохура. Генна хьалха хьуьйсучу хьекъалечарна гора оцу гIалатечу, къизачу политикин хинйолу тIаьхье. ТIаьхьа делахь а, кхузахь дIакхоьхьу политика хийца йезар хьийхира цара. ХIетахь, йуьхьанца, поэтан Грибоедовн а, тIаьхьа инарла Раевскийн а, хIинца тIеман министр волчу Милютинан а хьекъалечу хьехамашка вайн правительствос ладоьгIна хиллехьара! Цхьамзанаш йуьстах а тийсий, хIокху къоман Iер-дахаран, гIиллакхийн, амалийн хьелаш тидaмeхь а латтош, ларлуш, сих ца луш, кIез-кIезиг вешан йукъараллин дIахIоттам хIокхаьрга тIеэцийта вай, хIорш мах лело, бахам кхио Iамабе вай, кхузахь школаш, больницаш йохкуш, xIокхарна йукъа лаккхара культура, серло йаржайе вай, бехира цара. Амма вайн правительствос ла ца дуьйгӀира цаьрга. Мелхо а, тIеттIа алсамйохура къизаллаш.

Иттаннаш шерашкахь тIом биначул тIаьхьа, 1859-чу шараxь, шайца машаре бартбар дийхира нохчаша. И барт цаьрца бира фельдмаршало Барятинскийс. Амма, кхузахь шен ког хIоьттича, масех шо хьалха цаьрца бина и машаран барт а бохийра вайн правительствос.

Вайн зорбaнeхь а, килсашкахь а кхайкхадо, нохчий оьрсашна дуьхьал гIевттина бохуш. Амма иза бакъ дац. ХІокху гIаттаман тхьамданаш хIумма а сонта бац. Царна дика хаьа зуламан а, шайн къомерчу къоьллин а, бохамийн а хьоста мичахь ду. Царна хаьа и зулам, бохамаш правительствос кхуллийла. Цунна дуьхьал айъина цара шайн герз. Цунах дика кхета правительствос йузийна нохчийн къоман лакхенаш а. Хаьа, гIаттам толахь, уггар хьалха шайн баккъаш кеглур дуйла. Цундела цара шайн ницкъ ма-кхоччу правительствона гIо до хIара гIаттам хьаша.

Сийсара, са а гатделла, жимма хан йайъа Евгений Иванович волчу вахара со. Сан цецваларан доза дацара хIинца цуьнан хIусамехь къена, цамгаре нохчо карийча.

– Вовзал вовшийн, – дуьхь-дуьхьал хIоттийра тхойша хIусамдас. – Сан университетски доттагI Яков Степанович. Ткъа хIара, Яков Степанович, сан нохчийн доттагIех уггар гергарниг – Берса Рохьмадович. Оьрсийн эскарехь гIуллакхдарца капитанан чин делла хIокхунна, шен халкъан маршонехьа къийсарна – итт шо каторга а, цу тIе, чахотка а.

Нохчочун професси а, могашалла а цхьаммо а йийца а ца оьшура. Цуьнан мокха йуьхь хебарша аьхнера, сирбелла корта тиллера кIеззиг чоьш бен ца дуьсуш. ДIа мел доIучу сица хьаз-хьиз хезара. ХIетте а, дегIе бIаьрг тоьхча, багах долучу даше ладоьгIча, шера хаалора иза кадрови эпсар хилар.

Евгений Ивановича стоьла тIе къаьркъанан шиша а, бепиг а, Iежаш а, самовар а хIоттийра. Берсас ца молийла хуучу хIусамдас цунна чай, тхойшинна къаьркъа доьттира.

– Вай цхьаьнакхетарна, сан хьомсарчу доттагIчун Берса Рохьмадовичан могашаллина тIера!

Хабарна тIерачу Евгений Ивановича суна дийцира хIокху Берсас Петербургехь кадетский корпусехь дешар а, венгрийн революци хьошуш дакъалацар а, оьрсийн революционер Алексей Гусев цуьнан герггара доттагI хилла хилар а, нохчийн маршонехьарчу къийсамехь тахана хIокхуьнан меттигах лаьцна а.

Цхьацца дуьйцуш, тахана банкетехь Свистуновс дийцинарг йукъаделира тхан. Нохчийн туркошца барт бу бохург хьахаделча, хаъал оьгIазвахара Берса.

– Нохчийн ойла туркошкахьа йу хIунда моьтту массарна а? – хаьттира цо. ТIаккха, тхойша вист ца хилча, шен хаттарна ша жоп делира. – Цаьрца цхьана а тайпа йукъара хIумма а дац тхан халкъан. Деккъа цхьа дин доцург. Тхан лулахой а уьш бац, цхьана цIийх а тхо дац, мотт а вовшашна аьттехьа а бац. Тхан дайша Шайх Мансуран заманахь гIо дехна туркошка-м хьовха, англичанашка а. Амма цара а йа вукхара а цкъа а цхьа топ йуза молха делла а, йа политикехула а, йа дипломатица а тхан халкъана дина гIо дац.

1 ... 128 129 130 131 132 133 134 135 136 ... 187
На этом сайте Вы можете читать книги онлайн бесплатно русская версия Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров.
Книги, аналогичгные Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Оставить комментарий