Читать интересную книгу Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 110 111 112 113 114 115 116 117 118 ... 187
ШоллагІчу дийнахь дакъа далийра цуьнан. ДІай йохош, цигахь вийнера иза а.

ШоллагІчу дийнахь, кхо дакъа дIа а доьллина, йаьгначу керта йирзира Марха. Нах а, зударий а кадам бан оьхура. Нахана кхин а баккхий бохамаш хилла бохуш, дог тeдaн а гIертара уьш. Амма Мархин дог ца туьйра цара дуьйцучух. Цуьнан коьрто цхьа хьере ойла йора. Сацам лоьхура. Цо иза тIеийцира кхоалгIачу дийнахь. Шен майрачух дисина герз а эцна, Іуммина тIаьхьайахара Марха.

Хьехахь бехачу нахана кхача а кечбора цо, церан бедарш а летайора. Цхьаьнцце къамеле а ца йолура. Шега хаттар дича, доцца жоп а лой, дIатуьйра. Кхин дан гIуллакх ца хилча, божарша санна, шен топ цIанйора, наггахь, йуьстахйолий, нийсалла топ а кхуссий, йухайоьрзура. Цкъа ларамаза цунна тIеIоттавеллачу Дадина, топ мара а къевлина, тийна йоьлхуш карийра иза…

Дада хьехан бeртeхь тIулга тIе хиъна Iара. Вехха хьийжира иза чубузучу малхе. XIинца седарчий а гучудевлира стиглахь. Лаха чохь, хьаннашкахь, цхьана экханан бага йаханчу пхьагалан орцане мохь беара цуьнан лере. Зуькаран сингаттаме мукъам болабелира хьехахь. Оцу йукъахь Дадина къаьстара ден гIоргIа аз. МаьркIажан бода къовлалуш, лахара хьалабогIучу гIашлойн новкъахь гучувелира ши стаг. Хьалха вогIу Амин Хьусайн вевзира цунна бIаьрг ма-кхийтти, шоллагIниг цхьаннах тарвелира цунна, и шиъ тIекхаьчча. Хьусайна делла салам схьаэца синкхетам а боцуш, къаьрззина оцу шоллагІчуьнга хьоьжура Дада.

– Овхьад? – цецваьлла хьалаиккхира иза.

Овхьада, тIе а веана, куьг делира Дадега.

– Ахь хIун до кхузахь? – хаьттира цецваларх хIинца а меттавазачу Дадас.

– ХьошалгIа веана хьо волчу, – забар йира Овхьада. – Iумма-Хьаьжа мичахь ву?

– Чохь ву иза-м, – тIехьа корта тесира Дадас. – ДІадуьло чу.

Хьусайн хьалха а волуш, хӀорш чубевлча, гIийла ден зуькар сацийра наха. Даим санна, кетар тIехь ах-тевжина Iуьллу Iумма, хьаша гича, хьалагIеттира. Куьг луш маршалла а хаьттина, Хьусайнна тIевирзира Іумма.

– ХIара мила ву? – xaьттира цо, буьрса цІоцкъамаш а дусийна.

– Іaьлбаган геланча ву ша, бoxy, xІокхо, – жоп делира Хьусайна.

Iуммас коьртера охьа когашка кхаччалц бIаьрг туьйхира Овхьаде.

– Iаьлбаган геланча ву хьо? – хаьттира цо.

– By.

– Ишар?

– Яьсси кхойкху Органе.

– Тешамна хIун йаийтина?

Овхьада, шен кисанара даьхна, суьлхьанаш дIакховдийра.

– Маса ду хIорш? – хаьттира Іуммас.

– Делан хIор а цIарах цхьацца.

– Охьахаа, – цIарна уллохь лаьттачу гуьйриг тIе корта а тесна, шен метте охьахиира Iумма. – Марха, йуург лохьа тхуна.

Мархас чохь шийла сискал а, нехча а йолуш, текх хIоттийра хьалха. Iуьйрре хIума кхалларх волу Овхьад, шега дехарш ца дойтуш, тIе а хилла, сихха йаа вуьйлира. Byьзча, тIе хи а мелла, Овхьад йухахилча, гIуллакхах дерг xaьттира Iуммас. БІaьрган хьажарца цо арабехира нах.

– Iаьлбага хIун боху?

– Кхана Iийча, лама, Іуьйранна Веданна тIелатар дoлaдo цо. Вайн коьрта ницкъ цига дIаузу. Амма мостагІчун ницкъ вайчул иттаза алсам бу. Хьайн нахаца лама Iуьйранна Басса вала, боху хьоьга. Накашидзен ах эскар мукъане а хьайна тIедерзо деза ахь. Хьуна маса стаг гуллур ву хаа лаьа Iаьлбагна.

– Виъ-пхиъ бIe.

– Залмин Дадиниш а багарбой ахь?

– ХIан-хIа.

– Иза шен нахаца кхузахь вита, бохура. Кхузара эскарш букъа тIехьахула хьуна тIе ца латийта. ДегIастанара гIо хир дуй?

– Цигара бу-кх сан нийсса ах нах. Шун ойла хийцалахь, суна муха хуур ду?

– Хийцaлoйлa дац. Дерриг лерина, оьзна, нисдина. Амма, хIуъу хилахь а, хьайн стаг латтаве Пешхойн-Ломахь. Чов муха йу?

– Йирзина. Кхин хIумма а дуй?

– Дац. Йухавоьду со.

– Буьйса йоккхуш цa Ia xьо?

– ХIан-xIa. ДІакхача деза. Марша Iойла!

Ша хьехара араваьлча, шега хьоьжуш лаьтташ Дада карийра Овхьадна. Лахо валлалц иза новкъа ваккха, цуьнца охьаволавелира Дада.

– ЛадогIахьа, Овхьад, хьо муха нисвелла Iaьлбагца?

Овхьад велавелира.

– Муха нисвелла? Ваха а вахана, цунна тIаьхьахIоьттина-кх!

– Дукха хан йуй?

– Иза имам кхайкхочу буса дуьйна.

Дадас корта хьовзийра, ца кхеташ.

– Хьан да Iедало лоруш, таро йолуш стаг ма ву. ТIe, шу вежарий а ма дара Iедалца гIуллакх дика дIанисделла.

– Iумма а, цуьнан кIентий а бацара ткъа Iедало лоруш?

– Тхайниг ша ма ду, Овхьад. Тхан да ша дуьнен чу ваьлчхьана ву Iедална дуьхьал. Ткъа шун доьзал даим муьтIахь бу паччахьна.

– Доьзал алий, массо йукъа ма лацал ахь, Дада. Куьйган пхи пІeлг а бац цхьатера, олуш ца хезна хьуна? Тхох хӀораннан шен-шен хьекъал ма ду.

ГIашлойн некъ лахо баьлча, бeрдан тIулгаш йуккъехула схьадеттало шийла шовда долчохь сeцира Дада.

– ХIара тIаьхьакхуьу хьуна, Хьусайн. ДIаволалохьа. Иштта-м дара иза, Овхьад. Хьайн лаамехь хьо Iаьлбагна тIаьхьахIоттарх цецваьлла-кх со.

– Хьо а ма ву кхузахь?

– Сой? Со цаваьллачу денна ву кхузахь. Инарла Свистуновс ваийтина. Хьайн да шена тIевалаве, ца валавахь, хьайн коьртан гIайгIа бе аьлла. Цо ца ваийтинeхь а, хир вара со кхузахь. Сайн дений, вешиний дуьхьал ца лиэта. Амма доггах хир вацара. Вайша Iовдалчех вац, Овхьад. Нохчашлахь дешна ву боxучу нахах ву. Кхин ца хаахь а, паччахьан ницкъ а, вешан къоман гIорасизалла а хаьа. Вайл бIозза даккхий къаьмнаш а ма ду хIокху паччахьан Iедална кIел. Вай хIун йу? ТIом боцчу хенахь а тоьпа кIел миллион салти хуьлу паччахьан. Ткъа вай, зударий а, бераш а цхьаьнатоьхча а, дац ши бIe эзар а. Шен маршонeхьа гIеттинчу къоман йаккхий зIенаш хила ма йеза арахьа. Цуьнан вeкaлш хила ма беза кхечу мехкашкахь орца доьхуш. Цуьнан заводаш, фабрикаш йа, доцца аьлча, ондда экономикин бух хила беза. Цуьнан зорба хила деза адам цхьаьнатоха, маршонан идейш кхайкхо, йаржо. Уьш цхьа а ма дац вайн, Овхьад. Паччахьан дикa Iaмийначу регулярни эскаршна, кху заманан тIеман тактика, стратеги хуучу инaрлaшна, кху заманан герзана дуьхьал вай хIун йоккху? XIумма а. Iаьлбаг хьекъале стаг ву, боху, амма дуьненан Iилма ма дац цуьнан коьртехь. Цo атталла прапорщикийн школа а ма ца йаьккхина.

– Вашингтона а ца йаьккхинера эпсарийн школа.

– Вашингтон a, Iaьлбаг а цхьаъ вац. ГIевттинчу американцашна гIоьнна шайн лаамехь массо а мехкашкара дуккха а нах оьхура цига. Уьш дуьхьалбевллачу Англера а цхьаьна. Мила ву вайна орцахваьлла? Цхьа а вац-кх. Тахана кхузахь хуьлуш дерг атталла Россехь а ца хаьа. Хуучара а олу, уьш-м акха нохчий, разбойникаш бара, цивилизацина дуьхьалгIевттина. Къинхетамза таІзар даро бен совцор боцуш. Оцу пропагандо хьалха вайга къахетарца хьийсинчу оьрсийн муьжгийн ойла а хийцина. Вай толахь, кхузара шаьш дIадовла деза моьтту царна. Моттийтина-кх…

– Iaьлбаган и Iалашо йац, Дада. Цo нийсо лоьху. Кху махкахь дехачу къаьмнашна цхьатерра бакъонаш, цхьатерра латта.

Дадас куьг ластийра.

– Утопи! Цкъа а цахилларг йа хир а доцург! Кху махкахь дехачу къаьмнийн бала бу ткъа паччахьан правительствон? Шуна дIадиэкъа делла цо кхузахь хьолахошна эзарнаш десятинаш латтанаш? Латта а, нийсо а, маршо а лоьхуш гIуьттучарна динарг а, дийриг а ца хаьа хьуна? Европехь а, Россехь а, дуьненан массо маьIIexь а. Дуьненахь цхьаьнгге а ца

1 ... 110 111 112 113 114 115 116 117 118 ... 187
На этом сайте Вы можете читать книги онлайн бесплатно русская версия Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров.
Книги, аналогичгные Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Оставить комментарий